Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос хаам беш ма-хиллара, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзана грантан программица вайн республикерчу кегийрхойн (выпускникийн) аьтто бу Липецкерчу пачхьалкхан хьехархойн университете деша баха.
Деша лаам болчарна: химин-биологин факультетехь 2 меттиг ю. Цига деша хIоттархьама ЕГЭ дIаяларехь: оьрсийн маттехула лаххара а 38 балл, обществознанехула – 43 балл, математикехула – 28 балл хила еза. Кхечу халкъийн меттанийн факультетехь а 2 меттиг ю. Цига деша ваха луучун: оьрсийн маттехула 38 балл, обществознанехула – 43 балл, ингалсан маттехула – 40 балл хила еза.
Филологин факультетан оьрсийн мотт, литература говзаллин отделенехь 1 меттиг ю. Оцу говзаллина деша луучара ЕГЭ дIаяларехь хIокху предметашкахула яьхна баллаш: оьрсийн маттехула – 38 балл, обществознанехула – 43 балла, оьрсийн литературехула – 34 балл хила еза.
Абитуриенташкара документаш схьаэцар мангалан (июль) бутт чекхбаллалц хир ду. Грант яьккхинчу программин дакъалацархошна хIора баттахь 12 000 сом лур ду уьш дешна бовллалц.
– Нохчийн Республикин Куьйгалхочун грант лаам болчу муьлххачуьнга а яккхалуш ю. Школа чекх муьлхачу шарахь яьккхин бохург коьрта дац. Школа чекхъяьккхаран хьокъехь тоьшалла а, ЕГЭ кхиамца дIаелла хилар а тоьаш ду деша ваха луучунна, – билгалдоккху дешаран а, Iилманан а министерствехь.
З.ХИЗИРОВА
№58, пIераска, мангалан (июль) беттан 28-гIа де, 2017 шо