М.Минцаевн концерт

Дагахь доцу хазахетар хилира Нохчийн Республикин бахархошна 2017-чу шеран мангалан (июль) беттан 14 дийнахь РФ-н хьакъволчу артистан Минцаев Мовсаран йоккха концерт хилира «Колизейхь».

Дуккха хан яра хьовсархой артистан концерте сатесна Iаш болу. Ерриге а Россехь вевзаш волчу похIмечу вокалиста Минцаев Мовсара говзаллин лаккхарчу тIегIанехь йолчу шен корматаллех марзо эцийтира бакъйолчу искусствох хьаьгна болчу хьовсархошка.

Артист оперни иллиалархо ву. Дуккха а шерашкахь Москварчу Йоккхачу театрехь солистан болх бина цо, тоьллачу говзаршкахь тайп-тайпана васташ кхуллуш, шен башхачу озаца церан куц серладоккхуш, хьовсархойн дегнашка дIакхачош.

Иван Грозныйн, Борис Годуновн, Фигарон, Робертан, иштта кхечу, дуьненна бевзачу турпалхойн васташ кхоьллина, церан арш кхочуш йина Йоккхачу театран сцени тIехь Минцаев Мовсара.

1980-чу шарахь Рио-де-Жанейрохь хиллачу Дуьненаюкъарчу конкурсехь нохчийн халкъан поэта Рашидов Шаида яздинчу дешнаш тIехь Магомедов Султана мукъам баьккхина «Ломара зезаг» цIе йолу илли дара вайн махкахочо аьлларг. Оцу иллица цо хьалхара меттиг яьккхира конкурсехь. Вайна массарна цунах мерза кхаъ хилира, хIетахь дуьйна вайн махкахочух Минцаев Мовсарх дозалла дора вай иза миччахь болх беш хиларх а.

Иллиалархо цIавирзина масех шо ду. Иза Нохчийн Республикин хьехархойн университетехь болх беш ву вокалистийн къона тIаьхье кхиош. Мангалан беттан 14-чу дийнахь хилла концерт артист Москвара цIавирзичхьана дуьххьара елла яра Соьлжа-ГIалахь.

Минцаев Мовсаран озе ладогIа сатесна алссам хьовсархой баьхкинера. Церан самукъадаккха лууш тайп-тайпана иллеш элира цо.

Шен концерт классики тIера дIайолийра Мовсара. Кхочуш йира тайп-тайпана ариш,оьрсийн халкъан иллеш, романсаш. Концерт дIахьош ша Минцаев Мовсар вара. Цунах а там хиллера «Колизейхь» гулбеллачарна.

Цхьана а кепара куралла йоцуш, дуьненна вевза иллиалархо хьовсархошца къамеле валаро юккъера херо дIайоккхура, артист уллера, гергара хетара, цо мел аьлла дош а, сцени тIехь мел боккху ког а къобалбеш тIелоцура.

Къаьсттина самукъаделира хьовсархойн Минцаев Мовсара нохчийн маттахь иллеш олуш. Шуьйра яра артистан репертуар. Нохчийн поэтийн Мехтиев Хьасанан, Дикаев Мохьмадан, Хатуев Iабдул-Хьамидан, Рашидов Шаидан, иштта дуккха а кхечу авторийн дешнаш тIехь даьхна иллеш элира М.Минцаевс, самукъадаларца хьовсархоша уьш тIе а лецира.

Цундела, цхьана кепара шеко йоцуш, ала мегар ду Минцаев Мовсаран концерт боккхачу кхиамца чекхъелира аьлла.

А.ДАЧАЕВА

№58, пIераска, мангалан (июль) беттан 28-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: