Журналистийн цхьабартхиларан дуьненаюкъарчу денна лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира Соьлжа-ГIалахь Журналистийн скверехь. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Жамалдаев Шаида, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а хаамийн-аналитически урхаллин куьйгалхочо Керимов Iальвис, Нохчийчоьнан муфтин заместитела Хирахматов Хьамзата, Нохчийн Республикин журналистийн Союзан председатела Хатуев Ислама, журнилистикин къаночо Магомаев Салавдис, иштта республикин шуьйрачу хаамийн гIирсашкарчу а, луларчу регионашкарчу а журналисташа.
Цхьаьнакхетар дIадолош, шайн корматаллин некъахь кхелхинчу журналисташна хIоттийначу хIолламна хьалха зезагаш дехкира. Цул т1аьхьа журналисташ декъалбеш вистхилира Жамалдаев Шаид. «Вайн хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас ма-аллара, тIамна а, харцонна а дуьхьал коьрта герз бакъдерг ду. Шун декхар ду адамашка бакъдерг дIакхачор», — элира министра.
Накъостий корматаллин денца декъалбеш, дIакхелхинчарех дош олуш, вистхиллачу С.Магомаевс боцца кхайкхам бира къоначу журналисташка: «Журналистан говзалла сийлахь а ю, оццу хенахь кхераме а ю. Кегийрхошка ала лаьа, шаьш хаьржина корматалла ларъе, цуьнан сий де, оцу корматаллина муьтIахь а хила».
Тайп-тайпанчу хаамийн гIирсашкара берхIийтта журналист Россин журналистийн Союзе т1еэцаран тоьшаллаш дIа делира къамелаш дар дерзийча. Иштта, Дагестанехь нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь арахоьцучу «Нийсо» газетан белхахошна Нохчийн Республикин журналистийн Союзан дипломашца совгIат дира.
Дагадоуьйту, Журналистийн цхьабартхиларан дуьненаюкъара де юкъадаьккхина 1958-чу шарахь Бухарестехь дIаяьхьначу Журналистийн дуьненаюкъарчу организацин 4-чу конгрессехь. 8-чу сентябрехь и де билгалдаккхар ларамаза дац. 1943-чу шеран 8-чу сентябрехь фашисташа вийна (цул хьалхарчу шарахь дIалаьцна, набахти чохь валлийна волу) чехословацки журналист, публицист, литературин критик Юлиус Фучик. Ша набахти чохь волуш язйина «Репортаж с петлей на шее» аьлла книга бахьанехь дерриге а дуьненахь вевзина иза. Иза вийначул тIаьхьа цуьнан книга 70 матте гочйина.
А.МУСАЕВА
Авторан сурт