Даре дина шаьш бакъ цахилар

Нохчийн Республикерчу масех вахархочун документашка хьовсучу хенахь Воронежехь эккхийтинчу гIовгIанна бехке болчара даре дина шаьш бакъ цахилар. Цу хьокъехь хаам бина инстаграмерчу шен агIонехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

«Воронежехь хилларг бен-башха ца хеташ цхьа а ца висина. Бехкечара даре дина шаьш бакъ цахилар а, цу тайпана хIума хилийта йиш цахилар а. Далла бу Хастам. Цу тайпана белхахой Россин МВД-хь дукха бац. Ткъа хьакъ боллу эпсарш бIозза алсам бу. Россин регионашкарчу эзарнаш бахархоша емал дина къоначу нене а, цуьнан бере а, ткъа иштта церан гергарчаьрга а хIоттийна хилла хьал. Иштта хила а деза юкъараллина хетарг, эшам хилларг оьрси, нохчи, гIезало, чергази я жуьгти вара аьлла ца Iаш», – яздина Кадыров Рамзана.

Цо иштта дагадаийтира халачу хьолехь нисвеллачу стеган къоман билгалоне, иза муьлхачу къомах ву Нохчийн Республикин куьйгалла цкъа а хьожуш цахилар, даима а цунна оьшуш долу гIо деш хилар.

«Дагадаийта лаьа, Ливин йийсарера паргIатбаьхна хIордахой, Украинехь паргIатбаьхна журналисташ, шен дега юхаерзийна цуьнан йоI Уханова Лиза, кхиберш нохчий бацара. Сан бIаьхаллин накъосташа, шайн дахарна болу кхерам хьесапе ца оьцуш, и нах шайн доьзалшка юхаберзийра», – яздина республикин Куьйгалхочо.

Кадыров Рамзана хаийтина шен хIокху деношкахь Воронежан областан губернаторца Гордеев Алексейца телефонехула къамел хилла хилар, цуьнца шен дукха хенахь дуьйна доттагIаллин юкъаметтигаш хилар.

«Алексей Васильевича чIогIа халахетарца, новкъадаларца дуьйцура хиллачух лаьцна. Цо билгалдаьккхира халкъашна юкъахь барт а, машар а хилийтарехь а, иза чIагIбарехь а областан куьйгалло дерриге а деш хилар. Россин Федерацин юьртан бахаман министр волчу хенахь дуьйна Алексей Васильевич вайна гIо деш вара. Полицин белхахоша динарг чIогIа емал дира Воронежан областан Думин Председатела а, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думехь болчу оцу областерчу депутаташа а, гIалин юкъаралло а, РФ-н МВД-н Воронежан областан ГУ-н хьаькама дIадоладайтина полицин белхахоша диначун служебни таллам байтар. Областан Талламан Комитето дIадолийна таллам бар. ПаргIатваьккхина дIалаьцна хилла Абдулаев Руслан», – яздо Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

ГIовгIа эккхийтарехь дакъалаьцначара эшам хиллачаьрга доьху шайна гечдар.

«Суна ца хаьа Абдулаев Руслана а, цуьнан йоIа а, кхечара а хIун дийр ду. Амма и дерриге а дицдан тхуна массарна а атта-м хир дац», – аьлла Кадыров Рамзана.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо баркалла элира Россин Президент волчохь адамийн бакъонаш ларъяран Советан председательна Федотов Михаилна, Россин Пачхьалкхан Думин депутатана Делимханов Адамна, Нохчийн Республикин Парламентан Председательна Даудов Мохьмадна, кхечарна, хилларг къасторехь гIо дарна. Цуьнца цхьаьна цо билгалдаьккхира баккъал а Нохчийчоьнан бахархойн хьашташ лардан дезаш хьал хIоьттича бакъонаш ларъярхой хIумма а ца деш Iаш хилар.

«Иштта хьал хIоьттича сихха ша дан деза гIуллакхаш дира Россин Президент волчохь адамийн бакъонаш ларъяран Советан председатела Федотов Михаила. Цо диначунна чIогIа реза а ву со, баркалла бохуш а ву. Иштта баркалла ала лаьа суна сайн хьомсарчу вежаршна – Россин Пачхьалкхан Думин депутатана Делимханов Адамна, Нохчийн Республикин Парламентан Председательна Даудов Мохьмадна, Воронежан областехь волчу Нохчийчоьнан векална Носаев Iадланна. Цара дан ма-деззара кхочушдира ас шайна тIедиллинарг. Ткъа вайн сийлахь бакъонаш ларъярхой бага хи а эцна Iаш бара, йоI а, бер а гIо-накъосталла оьшуш долчу хенахь. И ю-кх церан бакъйолу юхь, и бу-кх цара нохчийн бакъонийн хьокъехь беш болу гIайгIа», – дерзадо Кадыров Рамзана.

Д.АНАДЕВ

№59, шинара, хьаьттан (август) беттан 1-ра де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: