Сомалин пачхьенехь Могадишохь террористаша машен эккхийтар бахьана долуш 5 стаг кхелхина, иттех стагана чевнаш хилла. Бакъонаш ларъяран органийн белхахоша дIахьош ду зулам динарш а, иза кечдинарш а лахаран гIуллакхаш.
***
Пакистанехь некъан-транспортан бохам хилла. Пассижирех йоьттина хиллачу «фургон» олучу машенах цIеххьана цIе яьлла. Цу тIехь хиллачу пассажирех 13 кхелхина, лазийнарш а, багийнарш а бу. Цкъачунна хууш дац цIе яларан бахьана. Цу декъехь дIахьош талламаш бу.
***
Наркотикаш лелочарна, уьш юхкучарна дуьхьал рейд дIахьочу хенахь герз тоьхна дийна Филиппинерчу гIалин мэр а, цуьнан хIусамнана а. И шиъ дер муха нисделла ца дуьйцу оцу мехкан Iедалан органаша а, шуьйрачу хаамийн гIирсаша а.
***
Мароккон паччахьа Мухьаммад ЯлхолгIачо, къинхетам а бина, набахтера араваьккхина 1200 стаг. Цара дакъалаьцнера мехкан къилбаседехь Iедална дуьхьал дIадаьхьначу гIуллакхашкахь. Паччахьа динарг боккха кхаъ хиларца тIеэцна Маррокон халкъо.
***
Германерчу цхьана буьйсанан клубехь зуламхочо герз детташ 1 стаг вийна, 3 стагана чевнаш йина. Полицин белхахошца хиллачу тасадаларехь зуламхочунна еза чов хилира. Оцу чевнах зуламхо больницехь кхелхина.
***
Францин а, Португалин а хьаннашкахь евллачу цIераша иттаннаш цIенош дагийна. Оцу цIерашкахь Португалера 60 гергга стаг велла. Францехь хьаннашкахь цIерш тасарна бехкевеш ву 2 жима стаг. Цу шинна 15 шаре кхаччалц набахтехь яккха хан тоха тарло.
***
Великобританин Iедало хIокхо деношкахь Ингалсан гражданствех ваьккхина 150 стаг. Уьш экстремисташ хила герга ду аьлла долчу бахьаница. Кхул тIаьхьа а цу тайппана белхаш дIабахьа дагахь ду Iедал.
***
2016-чу шарахь дуьйна таханлера де тIекхаччалц Россин Федерацин МЧС-о а, Оборонин министерствос а 1,6 эзар тонна кхачанан сурсаташ дIасадекъна Шемарчу бахархошна. ХIокхул тIаьхьа а дIахьур ду и къинхетаме гIуллакхаш. Бакъду, Малхбузе а, ООН а яц шемахошна цхьана а хIуманна тIехь гIо деш.
***
Испанерчу дукха гIаьтнаш долчу цIа чохь газ иккхина. И бахьана долуш 1 стаг кхелхина, 8 стаг лазийна. Цуьнца доьзна уголовни гIуллакх долийна. ДIахьош ду газ эккхарна бехке мила ву хьажар. Иза теракт ца лору бакъонаш ларъяран органийн векалша.
***
Россин Президента В.Путина дакъа а лецира, къамел а дира ТIеман-хIордан флотан денна лерина Санкт-Петербургехь дIадаьхьначу коьртачу даздаршкахь а, парадехь а. Оцу денна лерина парадаш дIаяьхьира Москвахь а, Владивостокехь а, Севастополехь а, Аштаркханехь а, кхечанхьа а.
***
Москвахь дIадуьйладелла дуьненаюкъара III-гIа эскарийн ловзарш. Цигахь дакъалоцуш бу Желтойчуьра, Чинера, Азербайджанера, Казахстанера, кхин а 12 пачхьалкхера эскархой а, тIеман техника а. Ловзарш Россехь санна Чинехь а, Азербайджанехь а, кхечанхьа а дIадахьа лерина ду.
***
ХIокху шеран товбецан (сентябрь) бутт тIекхачале Россехь болчу США-н дипломатийн барам 755 стагана лахбийр бу. Церан барам 450 дипломатал алсам хилийта йиш яц. Иштта лехам бина Россис Iамаркан куьйгалле.
***
Краснодаран крайхь дуьхь-дуьхьал кхетта жима ши машен. Оцу некъан-транспортан бохамехь 5 стаг кхелхина. Россин Талламан Комитето цуьнца доьзна уголовни гIуллакх дIадолийна. ДIахьош бу таллам баран белхаш.
№59, шинара, хьаьттан (август) беттан 1-ра де, 2017 шо