Венгрин Дьер гIалахь чекхъяьлла Европин кегийрхойн олимпиадин XIV-гIа фестиваль.
Цуьнан гурашкахь дIадаьхьира 14 шарера 18 шо кхаччалц хенаш йолчу къоначу спортсменашна юкъахь хьалхеяккхаран спортан 10 кепехула долу (баскетбол, гандбол, гимнастика, волейбол, дзюдо, теннис, иштта кхин а) къийсадаларш.
Фестивалехь дакъалецира 50 пачхьалкхерчу 3600 спортсмена. Яьхначу мидалийн барамца фестивалан толамхо хилла Россин вовшахтоьхна команда. Ерриге а 45 мидал ю цуьнан чоьтехь: 22 дашо, 13 дато, 10 йоьзан.
Дашо мидалш яьхначу Россин спортсменашна юкъахь ву Кадыров Турпал-Iелин цIарахчу «Эдельвейс» клубан векал, къона дзюдоист Лорсанов Мансур – йозаллин барам 81 кг. йолчу категорехь хьалхара меттиг яьккхина цо.
Билгалдаккха догIу, Россин дзюдоисташлахь дашо мидал яьккхинарг М.Лорсанов цхьаъ ву. Оцу боккхачу кхиамца къона спортсмен декъалвира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Европин олимпиадин фестивалехь толам баккхар ерриге республикина а юьхькIам бу.
Дала тIаьхье беркате йойла!
Хь.АБАЕВ
№59, шинара, хьаьттан (август) беттан 1-ра де, 2017 шо