Нохчийн халкъо бIаьрла толам баьккхина терроризмана тIехь

Нохчийн Республикин Парламентан Председатела, Россин Турпалхочо Даудов Мохьмада билгалдаьккхира нохчийн халкъан баьччас Кадыров Ахьмад-Хьаьжас ша вайн республикин муфти волчу хенахь террористашна кхайкхийна болу луьра тIом нохчийн халкъо бIаьрла толам боккхуш чекхбаьлла хилар.

Цу хьокъехь Нохчийн Республикин Парламентан спикера яздина инстаграмерчу шен агIонехь. Даудов Мохьмада дийцарехь, тахана дуьненан юкъаралла егош дIахIутту «террорист» дош олуш хезча а. Ткъа нохчийн халкъо а, цуьнан баьччас а дуьненаюкъарчу терроризман букъ кагбина Нохчийчохь, кхузара лаьхкина цуьнан гIеранаш. Вада ца кхиънарг хIаллаквина я, законо ма-лоьхху, кхиэл йина, набахтехь хан яккха дIахьажийна.

– Мел чIогIа халахеташ делахь а, хIора дийнахь дуьненан тайп-тайпанчу маьIIера вайга кхочу цхьана а хIуманна бехк-гуьнахь доцу бIеннаш, эзарнаш адамаш къизаллица хIаллакдина хиларан хьокъехь болу хаамаш. Шен акхараллица а, къизаллица а, деш долчу зуламийн барамашца а кхузаманан уггаре а йоккха проблема ю терроризм, – боху Даудов Мохьмада.

Цо чIагIдеш ма-хиллара, Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа коьртехь хилар бахьанехь, цуьнан хьекъал, хьикмат, доьналла, хьуьнар бахьанехь нохчийн халкъан ницкъ кхечира регионера терроризман проблема гуттаренна а дIаяккха.

– Вайна дика дагайогIу XX–XXI-чуй бIешерийн зилехь республикин куьйгаллехь бу бохучу наха вайн дайн хилла мохк дуьненаюкъарчу террористашна а, талорхошна а дIабелла хилла хан. Цара хIун дира? Вайн исбаьхьа гIаланаш, ярташ саьлнашка ерзийра, халкъ Iадийна дара. Махкахь зуламаш даьржира. Духкуш-оьцуш дара адамаш, герзаш, наркотикаш… Гуонаха дерг лан хала дара. Орца кхача меттиг яц аьлла хетара. Оцу кхерамечу, халачу, чолхечу хьолехь, Веза а, Сийлахь а волчу АллахIан къинхетамца, халкъана хьалха велира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Шена хьакъ волччу баьччина, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина тIаьхьа хIутту халкъ. Оцо таро ло халкъ кIелхьардаккхарехьа къийсам дIаболо, Ахьмад-Хьаьжас ша Нохчийчоьнан муфти волуш дуьненаюкъарчу террористашна кхайкхийна хилла тIом чекхболу нохчийн халкъо бIаьрла толам боккхуш, – чIагIдо М.Даудовс.

Вайн республикин Парламентан Председатела билгалдаьккхина ма-хиллара, тIаьхьарчу шерашкахь кхерамазаллин декъехь баьхначу баккхийчу кхиамашка хьаьжна ца Iаш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана, хьалха а санна, коьрта тидам тIебохуьйту терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал къийсам дIабахьарна, церан зенах-зуламах тIекхуьу къона тIаьхье ларъярна.

– Терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал дIахьочу къийсамехь, кхеторан балхахь дакъалоцу Iедалан берриге а векалша, юкъараллин цхьаьнакхетараллаша, Iеламнаха. Тахана нохчийн халкъ, Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан куьйгаллица республика цIинъеш къахьоьгуш ду. Вайн къоман баьччица цхьаьна культурехь, спортехь, политикехь, экономикехь керл-керла толамаш бохуш ду, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин весеташ кхочушдеш ду. Россин дуккха а къаьмнех лаьтташ долчу халкъана маьрша, бертахь дахар лойла Везачу АллахIа», – дерзадо Даудов Мохьмада инстаграмехь йолчу шен агIонехь дина къамел.

Вайна массарна а пайдехь хир ду иза дешар, цо дуьйцучун ойла яр.

С.ХАМЗАТОВ

№59, шинара, хьаьттан (август) беттан 1-ра де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: