ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан Соьлжа-ГIалахь гIишлошъяран майданашкахь хилира. Иштта, Узуевн, Ханкальски, Интернациональни урамашкахь меттахIитторан белхаш муха дIахьош бу а, яккхийчу гIишлойн «Грозный-Сити» комплексана уллехь зезагийн парк муха еш ю а хьаьжира иза.
Соьлжа-ГIали чу вогIучохь долу Узуевн, Ханкальски урамаш тодаран белхаш чаккхене бирзина карарчу хенахь. Р.Кадыровс билгалдаьккхира дукха петарш йолу цIенош тIехулара тодина а, тхевнаш хийцина а девллачул тIаьхьа, хIинца уьш а дерриге цхьатерра а долуш, гIалин архитектурица чIогIа догIуш хилар.
Зезагийн керлачу парках бIаьргтухуш волуш, Р.Кадыровга дийцира кхузахь 1500 синтар доьгIна а, берашна а, баккхийчарна а садаIа меттигаш кечйина а, тротуараш а, велосипедийн некъаш дехкина а хилар. Цул сов, коммунальни сеташ тойина, урамаш серладахарна хIиттийна бIогIамаш хийцина, кхин дуккха а белхаш бина.
«ХIара меттиг туьйранах тарлуш лаьтта. Ша саннарг кхин йоцу чухчари хир ю кхузахь, дехьа-сехьа нохчийн ши бIов а йолуш. Цунна уллехь беснаш долуш кхин цхьа чухчари а хир ю, садоIучеран самукъадоккхур ду цо. Къилбаседа Кавказехь хьовха ерриге Россехь а уггаре хаза меттиг хир ю хIара. Нохчийчоьнан бахархошна садаIа меттиг йина ца Iаш, вайн махка оьхучу туристашна а дика хьелаш кхуллур ду кхузахь. Парк хинйолу 5 гектар лаьтта тIехь иттанаш эзарнашкахь исбаьхьа зезагаш хир ду, кондарш, пальмаш хир ю», – элира Р.Кадыровс.
Чаккхене бирзина Интернациональни урамехь дIахьош болу белхаш а. Хуьйцуш ду урамаш серладахаран бIогIамаш, йохкуш ю тротуараш, дIадугIуш ду синтарш. Дийнахь а, буьйсанна а къахьоьгуш бу цигахь белхалой.
А.ХАТУЕВА
№59, шинара, хьаьттан (август) беттан 1-ра де, 2017 шо