Дахар иллица доьзнарг

(Нохчийн Республикин халкъан артистан Абдукаримов Илесан 65 шо кхачарна лерина)

Хьалхара дош

Кочара и туьтеш сийна,
Дийца йоI, хьан делла хьуна?
Сийсара седарчий стиглахь
Ца тоьаш хийтира суна…

ХХ-чу бIешеран 70-чу шерийн юьххьехь Нохчийчохь дика вевзачу поэтан Рашидов Шаидан дешнаш тIехь даьккхина и башха илли. ЦIеначу нохчийн маттахь, мукъаме дерзийна дIаолучу хIора дашца, иллиалархочун синан дакъа хаалуш дека илли мас- сарна а дезаделира. Иза кест-кеста хезара радиоэфирехь, телевиденехь. «Сийна туьтеш» иллина мукъам баьккхинарг а, тамехь и дIаолушверг а Абдукаримов Илес вара. Хьалха иза цхьанна а вевзаш ца хиллехь а, керла илли юкъадаларо дукхах болчу вайн махкахошна вовзийтира къона артист, цуьнан цIе гIараелира.

Аьрхачу бераллин денош

Шен дукхах болу нийсархой санна, Сталинан хьадалчаша вайнах махках баьхначу муьрехь, ГIиргIизойн махкарчу Ошан областан Узгенски кIоштарчу Ильичевка юьртахь 1952-чу шеран хьаьттан (август) беттан 26-чу дийнахь дуьнен чу ваьлла Абдукаримов Илес. Ден Идрисан доьзалехь дуьххьарлера бер дара иза. ТIаьхьуо цуьнан кхин а ворхI ваша а, ши йиша а хир ду.

1959-чу шарахь шен боккха доьзал балош, ворхIе да ваьхначу Нажи-Юьртан кIоштарчу Мескита цIавоьрзу Идрис. 1960-чу шарахь Мескитахь воьду Илес юккъерчу школин хьалхарчу классе деша. Школехь доьшуш волуш хаало цуьнгахь илли ала похIма хилар. Советийн заманахь боккха тидам тIебохуьйтура кхетош кхиоран балхана, ткъа ламанхой культурин хьаьрме ийзор къаьсттина хIайттараллица дIахьош дара.

Бакъду, Нажи-Юьртан кIоштан бахархой цхьамма цхьанхьа ца ийзича а, шаьш бара, хIора а бохург санна, илли ала, хелхавала корматалла йолуш. Тамашийна хетар дара и беркате «хIуо» хьакхаделла Абдукаримов Илес ца хиллехь. Мескитарчу юккъерчу школин лакхарчу классашкахь доьшуш волуш дуьйна, илли олуш вара иза. Цунна чIогIа хазахетара Мамакаев Мохьмадан дешнаш тIехь Дагаев Валида дIаолуш хилла «Даймехкан косташ» илли а, иштта, Дикаев Мохьмадан дешнаш тIехь Эдисултанов ШитIас мукъам баьккхина «Кавказан Iуьйре» илли а.

Нажи-Юьрт ан кIошт ахь а, Нохч-ГIалгIайн Республикехь а хIора шарахь дIахьочу дешархойн хьовсаршкахь, конкурсашкахь, фестивалашкахь Абдукаримов Илеса кхиамца олуш дара и ши илли. Дукха дика цо уьш дIааларна, даима а бохург санна, толаман меттиг кхочура хIара доьшуш волчу школина. КIентан дахарехь уггаре а ирсе хан яра иза. Дуьне цецдаккхал хаза Iалам, кура сетташ, яйн тулгIе етташ охьадоьду Яьсси, са цIена нийсархой, могаш-маьрша да-нана, аьхна йиша-ваша, кхин хIун оьшу жимачу стагана ирсе хила? Дависа, дукха сиха чекхйолу-кх и мерза зама! Иштта сиха чекхъелира Илесан бералла а.

1970-чу шарахь чекхъяьккхина юккъера школа. Гурахь эскарехь гIуллакх дан вахара. Эскарехь а иллиалар ца дитира цо. Гарнизонерчу Эпсарийн цIийнан исбаьхьаллин самодеятельностан тобанна юкъавахара иза. Цигахь даьккхинчу шина шарахь, масех илли дара къоначу артистан репертуарехь. Оьрсийн маттахь делахь а, уьш дерриге а Кавказах а, Нохчийчоьнах а дара. 1972-чу шеран гурахь эскарехь гIуллакх дина ваьлла цIавирзира Илес.

Корматаллин лакхенашка

И Iа, дех, ненах марзо оьцуш, Мескитахь даьккхинехь а, 1973-чу шеран бIаьстенан юьххьехь Гуьмсан кIоштан Культурин цIийне балха хIоьттира иза. Концертмейстеран дарж тешийра цунах. Шена тIедехкинчу декхаршца ларош, масех шарахь цигахь болх бира. Цу муьрехь даьккхина, дIааьлла ду цо, лакхахь вай хьахийна хилла «Сийна туьтеш» илли. Илеса кхечу поэташа дешнаш яздина иллеш дIааьлла ца Iаш, ша дешнаш, мукъам боккхуш дIааьлла иллеш а кIезиг дац. Цо дуьххьара ша дешнаш яздина ладогIархойн кхиэле кховдийнарг «Нохчийн йоI» илли дара.

ЦIеначу озаца, похIмица, говза дIаолу иллеш дезаделира халкъана. Самодеятельностехь болх беш хиллехь а, нохчийн тоьллачу иллиалархойн могIарехь яккха йолийра Абдукаримов Илесан цIе.

1978-чу шарахь Нажи-Юьртан кIоштан Культурин цIийне методистан дарже дIавуьгу иза.

Бакъду, цхьана-шина шарахь бен цигахь болх бар ца хуьлу Илесан. 1980-чу шарахь керла тоба вовшахтухуш хиллачу Нохч-ГIалгIайн халкъан артиста Эдисултанов ШитIас шеца болх бан Соьлжа-ГIала охьавалаво жима стаг. Ужахов Мохьмад коьртехь волуш, исбаьхьаллин куьйгалхо Нохч-ГIалгIайн Республикин халкъан артист Эдисултанов ШитIа волуш, вовшахтоьхна яра «Илли» цIе йолу божарийн вокальни тоба. Нохч-ГIалгIайн Республикин массо а маьIIера схьагулбина похIме кегийрхой а бара тобанехь. Царна юкъахь вара: Янаркаев Пинта, Абдул-Азимов ШаIрани, Пашаев Султан, Дадаев Хьамзат, Ясаев Мохьмад, Чакараев Рамзан, Зубайраева Тумиша, Абдукаримова Малика, Чакараева Маьлх-Аьзни.

ТIаьхьуо, оцу ансамблана юкъабаьхкира Дидигов Билухьаьжа, Усманов Iимран, Магомадов Сайд-Ахьмад, йижарий АйдамировагIар: Аймани а, Малика а.

Цхьа башха иллеш олура цара, ладогIархойн ойла тIомайоккхуш, дегайовхо чIагIъеш, Даймахке безам кхуллуш, ша нохчи хиларх дозалла дойтуш. «Илли» тобанан солист вара Абдукаримов Илес. Цуьнца цхьаьна къамелан жанрехь болх бан а ларавора иза.

Дукха хьолахь, забаре дийцарш дуьйцура цо. Уьш дерриге а бакъдолчун тIера, ша схьа- ваьллачу халкъан дахарера схьаэцна дара. Цкъа а вайнехан гIиллакхийн гураш кегдина, къоман оьздангаллина бIостанехьа вирзина ца хаавелла артист. Цо цкъа а ца лехна атта некъ. Вайнахехь товш йоцу забар йина, хьовсархойн самукъадаккха ца гIиртина.

Олуш долу дош говза, ира, ладогIархойн синкIоргене дIакхачош хилла цуьнан даима а, «Илли» тобанца болх бан ша дIаволалуш иза кхийтира корматаллин хаарш шен кIезиг хиларх. Цундела 1981-чу шарахь Илес деша вахара Соьлжа-ГIаларчу музыкальни училище. Цигахь дешар очни кепехь дара. Оцу муьрехь шен доьзал кхоллабеллачу Илесан болх дIатосийла дацара. И дерриге а хьесапе эцна, кIорггера ойла йина, артист Соьлжа-ГIаларчу культпросветучилище дехьавелира, дешар юкъах ца дуьтуш.

1985-чу шарахь кхиамца иза чекхъяьккхина, диплом схьаийцира цо. Иза толаман кхин цхьа терхе яра корматаллин лакхенашка боьдучу новкъахь. Цунах юьхькIоме чекхвала собар, доьналла, хьуьнар хилира цуьнгахь. Цундела дукхавезна артист махкахошна, хаддаза сий-ларам хилла цуьнга. Доггах къахьоьгург а, корматаллина муьтIахь верг а гуш хуьлу халкъана. Iедало тидамехь латтош хиллера Илесан хьанал къинхьегам. Девзаш хиллера цуьнан хьуьнар а, корматаллин таронаш а.

1987-чу шарахь «Илли» тобанан куьйгалле хIоттаво иза. Корматаллин лакхенашка боьду некъ атта боцийла хууш, доккхачу жоьпаллица шена тIедехкина декхарш кхочушдеш, шина шарахь гергга тобанна куьйгалла до цо.

Зуламийн дорцехь

Тамашийна, кегабелла беана мур бара Нохчийчохь ХХ-чу бIешеран чаккхе а, ХХI-чу бIешеран юьхь а. Нохчийчохь хилла а ца Iара иза. Кегарийн юьхь Москвахь дIайолаелира. Цигахь кIежтуьйсуш дIабуьйлабеллачу хийцамийн тулгIенаш Нохчийчу а кхечира. Герз эвхьазадаьккхира.

БIешерийн кIоргенера мокхазан берд хилла схьадогIу нохчийн халкъ тобанашка декъаделира. Хийцамийн «хорша» «Илли» ансамблах а хьаьрчира. Амма политикина мелла а гена волчу Илесана товш дацара халкъан гIиллакхашна, искусствона гена долу и шовкъе къамелаш. Шен бакъо тIеяккха гIерташ эрна къамелаш ца деш, иза керла вокальни тоба кхоьллина юьстахвелира.

«Дарта» яра цо кхоьллинчу тобанан цIе. Халкъана дика бевзаш болу артисташ бара цунна юкъабогIуш: Аздамиров Сар-Iела, Абдулкеримов Хьусайн, Тепсуркаев Iелампаша, Щербина Светлана, Мазиева Раиса, Тарамова Марха. Юкъ-кара керла цIерш хаалора царна юкъахь: Ахмадова Сейда, Идрисов Ризван, Мамаев ИсмаьIал, иштта кхиерш а.

Йоккха, чулацаме репертуар яра «Дартин». Нохчийн гIарабевллачу поэтийн Арсанукаев Шайхин, Рашидов Шаидан, Юсупов Iазиман, иштта дуккха а кхиболчу поэтийн дешнаш тIехь даьхна иллеш дара уьш. Нохчийн Республикин ерриге а кIошташкахула чекхъелира «Дарта» концерташ луш. Вайн мехкан массо маьIIехь а чIогIа езаш тIе а лоцура иза. Сий-ларам бара ансамблехь болх бечу артисташка а, тобанна куьйгаллехь волчу Абдукаримов Илесе а.

Кхайкхаза беанчу тIеман цIе Нохчийчоьнах хьаьрчинчу хенахь, шен долахь йолчу хIусамах иза хьаьрчича санна, холчохь хилла, амма махкара дIаваьлла, цхьанхьа а дIаваха ца гIоьртина иллиалархо. Бохамаша гIелдинчу шен халкъаца хилла Илес даима а. ТIеман кхийсарш лахъелча кIоштахь, юьртахь концерташ яла хьуьнар, доьналла хилла ансамблан артистийн. Хьалхаваьлла куьйгалхо уггаре а хьалха шен халкъ, мохк, тIаккха шен болх безаш хилча нисло массарна юьхькIам болу агIо. Ткъа Абдукаримов Илесан сица, цIийца и безаман алу даима а хилла, йолуш а ю. Цундела чекхвийлина иза иттех шарахь вайн махкахь кхирстинчу зуламийн дорцех, яхь дIа ца луш, цкъа мацах юьхьарлаьцначу къилбанах ца туьлуш.

Юха а «Илли» ансамблехь

Хьалхара тIом дIаберзарх дегайовхо кхуллуш деанчу 1996-чу шарахь Илес юха а «Илли» ансамблан куьйгалле хIоттаво. Амма масех бутт балале, вайн махкара Iедал кхин цкъа а хийцало. Куьйгалхой хуьйцуш, шайна муьтIахьберш дIахIиттош, каде хьаьвзира Ичкерин хьаькамаш. Шен ансамбль йитина, Гуьмсе дIаваха дийзира Илесан. Кхоллараллин белхан алссам зеделларг долуш волу артист болх боцуш ца висира. Делахь а, ша хала вовшахтоьхна тоба юхуш новкъахетара цунна. Делахь а, вайнехан цхьа кица ду: «Са тоьхначу салтичух эпсар хилла», олуш.

1999-чу шарахь юха а «Илли» ансамблан куьйгалле хIоттийра артист. Iаламат хала дара буьрсачу тIеман хьелашкахь, берриге а нохчийн мохк санна, йоьхна, яьржина, тоба вовшахтоха. Амма Илесана ца лаьара, цкъа мацах хазахетарца белхан хьалхара гIулчаш ша яьхна, къоман дозалла хилла ваьхначу Эдисултанов ШитIин дIадолорца вовшахтоьхна, халкъана, махкана дукхаезаш хилла «Илли» тоба доь доцуш ян.

Юьхьанца дукха халонаш лайра. Ансамблан реквизит а, артистийн духар а, дерриге а хIаллакьхиллера, музыкин гIирсаш бацара, чубаха тхов кIело яцара, ур-атталла репетицеш дIаяхьа меттиг яцара, цу юккъехула яла езаш концерташ яра. Бакъду, болх бан лаам чIогIа-м бара. Даима а шена тIедиллина декхар кхочушдан Iемина Илес массарал доггах хьийзаш вара. Долчо цIера дохьуш, доцучо вевза-везачуьнгара дехна дохьуш артистийн духар а вовшахкхийтира, цхьамма вота еара, вукхо пондар беара, йолчо микрофон елира.

Иштта дIаболийра 2000-чу шарахь «Илли» вокальни божарийн тобано шен болх. Замано гайтира цуьнан куьйгалхо нийсачу новкъахь хилар. 2000-чу шеран асаран (июнь) беттан 12-чу дийнахь Россин Президентан В.Путинан Указаца Нохчийн Республикин куьйгалле Кадыров Ахьмад-Хьаьжа хIоьттира. Цо уггаре а хьалха тидам тIебахийтинчарах яра вайн махкара спорт а, культура а. Оцу комаьршаллин беркат «Илли» тобанна а кхечира. Цунна дукха хан ялале, духарца, музыкин гIирсашца, кхидолчуьнца кхачойира. 11 шарахь сов болх бира Нохчийн Республикин халкъан артиста Абдукаримов Илеса ансамблан куьйгаллехь.

Репертуар карлаяьккхира, похIме артисташ схьагулбира, вайн махкахь кест-кеста хуьлучу мероприятешкахь жигара дакъалоцуш, башхачу иллешца республикин бахархойн самукъадаьккхира. Илеса куьйгалла дечу шерашкахь республикин дозанал генна арахьа евзаш, лоруш тоба хилла дIахIоьттира «Илли». Халкъана чIогIа дезаш а, вайн махкарчу ладогIархойн дегнаша тIелоцуш а дара цо олуш долу иллеш.

ТIаьхьарчу шерашкахь

Нохчийн Республикин культурин хьаьттахь болх тобаран Iалашонца цхьацца хийцамаш бан болийра 2011 чу шарахь. Керла тобанаш кхоьллира, цхьаерш дIаехира, куьйгалхой хийцира. Шена дукхаезаш хилла «Илли» ансамбль кхин цкъа а йита дийзира Абдукаримов Илесан. Иза юха а, ша Iаш волчу Гуьмсе дIавахара.

Делахь а, кхоллараллин балхана юьстах ца велира иллеш, мукъамаш дохуш вара. Цо яздинчу дешнаш тIехь мукъамаш баьхнера Димаев Iелас, Усманов Iимрана, Мусхабов ИсмаьIала, Дадашева Тамарас, Дидигов Билухьаьжас, Мазаев Iаьлвис, иштта кхечу композиторша.

Вайн махкахь наггахь а артист вац цуьнан дешнаш тIехь даьккхина илли репертуарехь доцуш. ПохIме стаг иза массо агIор а похIме хуьлу. Цунна улле а гIерта похIме адамаш. Дийца даьккхинчуьра аьлча, Илесан хIусамнана Малика а яра эшарш локхуш, «Илли», «Дарта» ансамблашкахь белхаш бина. Илесан а, Маликин а пхиъ доьзалхо ву, иллешца, а музыкин гIирсашца а уьйр-марзо йолуш. Делахь а, цара кхин говзаллаш караерзийна. Илес мацах цкъа безаш ша юьхьарлаьцначу балхана тешаме волуш, чекхволуш ву дерриге а дахарехула. Иза цкъа а къар ца вина кхолламан шогалло. Гуьмсан кIоштан Культурин цIийнехь «Нохчийн аз» цIе йолуш керла ансамбль кхоьллира синтем боцчу артиста.

Хаза аьзнаш а алссам кхоллараллин балха тIехь зеделларг а долуш, адамаш дара И.Абдукаримов тобанехь вовшахтоьхнарш. Израпов Шемал, Мишидаев Ахьмад, Шарипов Супьян, Мадашев Адам, Умаров Iела, иштта кхиберш. Корматаллица нохчийн къоман илли дIаала говзалла яра царах хIорангахь. Шо шаре далале гIараяла юьйлира «Нохчийн аз» ансамбль. Иза кест-кеста гойтура телевиденехь, цо жигара дакъалоцура вайн махкахь хуьлучу хьовсаршкахь, конкурсашкахь, музыкин фестивалашкахь.

Дукха хьолахь, ансамбло хьалхара меттиг йоккхуш дIадоьрзура и тайпа кхоллараллин цхьанакхетарш. Нохчийн Республикера кхоллараллин цхьаьнакхетарш хIунда дуьйцура, Ярославль гIалахь 2012-чу шарахь дIаяьхьначу Ерригроссин музыкин фестивалехь хьалхара меттиг яьккхина, лауреатан диплом а дохьуш цIайирзира ансамбль.

Нохчийн Республикин Шелковски кIоштан куьйгалхойн дехарца, 2012-чу шарахь цигахь а вовшахтуху Илеса «Теркан аре» цIе йолу вокальни тоба. Иза а иштта бIаьрлачу кхиамашца болх беш хуьлу. Буру-ГIалахь, Нальчикехь хиллачу Кавказан къаьмнийн музыкин фестивалашкахь дакъалоцу «Теркан арено». Илесан похIмин беркат хьакхаделла массо а тоба санна, кхиамийн зазашлахь зовкх хьега дIайолало иза. КхидIа а хила там бара и кхиамаш, зама дукха сиха болар эцна, хьаьдда йоьдуш яцахьара…

40 шарахь сов Нохчийн Республикин сцени тIехь хьанал къахьоьгучу Абдукаримов Илесан хIокху деношкахь 65 шо кхочуш ду. 2012-чу шарахь иза тидаме эцна, 2014-чу шарахь балхара цIахь саца дезна Нохчийн Республикин халкъан артистан. Дика болх барна Iедало елла Сийлаллин грамоташ, Баркаллин кехаташ ду цуьнан. 2010-чу шарахь «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал елира цунна вайн мехкан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана. Муьххачу а совгIатана хьакъ ву аьлла хета, дуккха шерашкахь халкъана, махкана юьхькIам беш, хьанал къахьегна стаг. Ерригесоюзан халкъийн кхоллараллийн фестивалийн шозза толамхо хилла ву вайн турпалхо ХХ-чу бIешеран 80-чу шерашкахь.

Союзан фестивалан дипломант хила мел хала дара оцу заманахь ваьхначунний бен хуур дац. Илеса хьаналчу къинхьегамца яьхна кхоллараллин ирхенаш ю уьш. Цундела мехала хета Илес а, цуьнан кхиамийн ирхенаш тIекхуьучу чкъурана йовзийтар а, церан сий-ларам байтар а. Иза данне а дац вайн турпалхо къанвелла бохург.

65 шо кхаьчнехь а, бакъволу артист даима а хуьлу кхоллараллин ницкъах вуьззина. Ткъа Илес шен сица, цIийца бакъволу артист ву. Замане аттачу балхах къарлур волуш вац. Цуьнан дерриге а дахар дара сценица, иллица доьзна. Иза тахана а ву керла иллеш дохуш, муьлххачу хенахь а сцени тIевала кийча. Ма дика ду иштта похIме а, хьуьнаре а адамаш вайн махкахь долуш. Церан амало а, синъондалло а серлайохуш, хазлуш схьайогIу Нана-Нохчийчоь.

ГАЗИЕВА Аза

№59, шинара, хьаьттан (август) беттан 1-ра де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: