Сиха йоьду зама, денош шерашка дерзош. Халкъан иэсехь даха хьакъ долу цхьацца терахьаш карладоху дагалецамаша. Царах цхьаъ ду вайн махкахочо, дуьненна вевзачу хелхарчас дуьххьара бIаьрла толам баьккхина де. Дукха хан ю Эсамбаев Махьмуда и лакхе яьккхина, амма и дицдан вайн бакъо-м яц.
60-гIа кхечи Москвахь Кегийрхойн дуьненаюкъара VI-гIа фестиваль хилла. 1957-чу шеран мангалан (июль) беттан 28-чу дийнахь дIайолаелла хьаьттан (август) беттан 11-чу дийне елира иза. 131 пачхьалкхера 34 000 сов стаг вара фестивалехь дакъалоцуш. Дерриге а дуьненарчу кегийрхошна юкъахь машар-доттагIалла дIакхайкхор коьрта Iалашо яра фестивалан.
Цул хьалха, иштта дукха адам вовшахтухуш форум хилла яцара Советийн Союзехь. Машаран символ лерина юкъадаьккхира Пикассо Паблос диллина «КIайн кхокха» сурт. Фестивалана тIекхочуш вайн пачхьалкхехь арахийцира керла «Волга газ 21» автомашен, иштта, юкъаяьхна яра «Рафик» цIе йолу керла микроавтобусаш. Хьеший дIасалело леррина Венгри пачхьалкхера дуьххьара «Икарус» автобусаш ийцира.
Хрущев Никитин лаамца вовшахтоьхна яра фестиваль. Советийн Союзехь мел дехачу къаьмнийн кегийрхойн векалша дакъалецира цигахь. Царна юкъахь Эсамбаев Махьмуд вара. Фестивалехь хелхарш «Москонцертан» цIарах дира вайн махкахочо. Делахь а, вайна хаьара шен дай баьхна Нохчийчоь цунна даима а дагахь юйла а, иза дагара яьлла цхьа мIаьрго а цунна еана йоцийла а. «Золотой бог» цIе йолу индихойн хелхар дара Эсамбаев Махьмуда фестивалехь динарг.
Фестивалан тоьлла хелхарча лерина, иза бахьанехь дашо мидал елира цунна. Дерриге а кхо хелхар дара Эсамбаев Махьмуда гайтинарг. Грикурова Элеонорас хIоттийна «Золотой бог», Зейферт Тамарас хIоттийна «Таджикский воинственный танец с ножами», Альберинго Маритин хьехарца хIоттийна испанхойн хелхар а. Хелхарчас дина кхоъэ а хелхар а чIогIа хазахетарца тIеийцира хьовсархоша. Хьалхарчу хелхарна дашо мидал еллехь, совгIат доцуш важа ши хелхар а ца дитира. Царна дато мидалш елира жюрис.
Дукха хелхарчаш бара конкурсехь цуьнца хьуьнар къовсуш. Конкурс Москварчу П.Чайковскийн залехь дIахьош яра, жюрехь масех пачхьалкхера говзачаш а болуш. Делахь а, цара массара а билгалдаьккхира Махьмуда кхоччуш говзаллин лаккхарчу тIегIанехь «Золотой бог» хелхар дина хилар а, дашо мидал цунна хьакъ хилар а.
Чолхечу некъашца
1924-чу шеран мангалан (июль) беттан 15-чу дийнахь Йоккхачу АтагIахь оьрсийн эскаран эпсар хиллачу Эсамбаев Iалсолтин доьзалехь дуьнен чу ваьлла Махьмуд атта кхаьчна вацара оцу кхиаман зовкхе. Хелхар дар-м цунна аганара гIаьттичхьана марзделла дара. Амма юьхьарлаьцначу Iалашоне иза дIа ца кхачийта дуьхьалдаьхна зIараш дукха дара.
КIант кхиавоьлча, дена ца тайра жухаргах тарвина иза массара хелхавохуш хилар. Дас дIахаийтира ша реза цахилар. Делахь а, вогIуш-воьдуш, школехь, урамновкъахь кIант хелхавуьйлуш каравора. Хелхар дита дагахь вацара иза. 14 шо кхаьчна вара Махьмуд Соьлжа-ГIалахь вайнехан хелхарийн ансамбль вовшахтохарх долу хабар лере деача. Школа йитина, ансамбле балха хIотта вахара. ХIара жима хиларна дIа ца ийцира.
Цул тIаьхьа 1938-чу шарахь театре балха хIоттар нисделира. Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабалале «Адин Сурхо», «Майра Кикила», иштта кхечу спектаклашкахь а масех роль ловзо кхиира иза. ТIом болабелча Нохч-ГIалгIайн республикехь вовшахтоьхначу концертан тобанца Къилбаседа Кавказан ерриге а гIаланашкахула чекхваьлла иза ЦIечу Эскаран бIаьхошна хьалха хелхарш деш. Хьовсархоша дезаш тIелоцучарах дара Махьмуда кхиамца деш хилла матросийн «Яблочко» хелхар.
1943-чу шеран чаккхенехь цуьнан хьуьнар, похIма девзинчу говзанчаша Пятигорскерчу оперин а, балетан а театре дIавуьгу иза. Амма 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан тIаьхьарчу деношкахь малхбалехьа йоьдучу шалонна тIе хьалавоккху халкъийн мостагI лорий.
Бакъду, мичча кхаьчча а Махьмуд мукъа Iийна вац. Цо болх бина. Юьхьанца Алма-Атахь Казахийн оперин а, балетан а театрехь, тIаьхьуо, Фрунзе (хIинца Пишпек) дIавоьдий, ГIиргIизойн оперин а, балетан а театрехь. Фрунзехь зуда а ялайо хелхарчас. Соьлжа-ГIалахь цкъа мацах вевзина хиллачу балетмейстерна Добровольскийна ларамза тIекхочу иза. Добровольскийс марздо цунна Москва дIавар. ДIавола ала атта дара, ткъа юучуьнца гIело ловш волчу Махьмудан новкъавала оцу муьрехь ахча цахилар кхин дара. Цуьнан лаам чIогIа хиларна, хIусамнанас децIера ша беана куз а, бедарш тоьгу чарх а юхкий, ахча вовшахтуху. И Москва ваха новкъаволу.
Даймехкан коьртачу шахьарахь билгалдолу, Москвахь цуьнга хьоьжуш цхьа а цахилар. Масех буьйса вокзалехь яккха дийзира. Амма халонаша къар ца вира иза. Цунна карийра Йоккха театр а, цIарна цIе яххана цуьнан говзанчаш а. Цкъа мацах дуьненна гIараяьлла евзаш хелхарча хилла, хIинца балетмейстеран болх беш йолчу Гликурова Элеонорина тIекхечира Махьмуд.
«Золотой бог» индихойн хелхарца боьзна шен сирла сатийсам Махьмуда бовзийтича, балетмейстер цецъелира. «Аганара гIаьттичхьана Iамош ду бер и хелхар схьадаьллачу Индехь. Хьо дуккха а тIаьхьависина. 32 шо кхаьчна стаг ас муха Iамор ву оцу хелхарна!?», – дIахадийра Э.Гликуровас. Иза индихойн ритуальни хелхар ду, шен чулацамехь кIорггера къоман философи йолуш. Гликуровас дари дира и хелхар Iамо лууш, Индехь ша масех шо даьккхина хилар а, цуьнан алссам чолхе кепаш хилар а. Делахь а, вайн хьехархо цкъа а дагахь ца хиллачу кепара цецъяьккхинера, кIира даьлча, юхавеанчу Махьмуда.
Э.Гликуровас шина-кхаа шарахь Iамийна хелхаран суьрташ вайн махкахочо кIиранах карадерзийнера. Кхин ян дуьхьало ца хилла, тIейирзира балетмейстер Махьмудан лаамна. Дийнахь а, буса а хаддаза къахьоьгуш, кхаа баттахь «Золотой бог» хелхар Iамийна велира вайн махкахо. Массо а тIегIанерчу жюрин тергонех чекхваьлла, лаккхарчу Iедалан векалша пурба делла юкъавахара Махьмуд 1957-чу шеран аьхка Москвахь хиллачу кегийрхойн дуьненаюкъарчу VI-чу фестивалехь болх бан вовшахтоьхначу артистийн тобанна.
Вайн махкахочо массарна а юьхькIам боллу кхоллараллин толам боккхуш, дIадирзира цуьнан фестивалехь дакъалацар. Цул тIаьхьа Махьмудана Москвахь хIусам елира, дуьненна гIараяьллачу «Звезды балета» тобанца болх бар а дийхира цуьнга. Ткъа Нохч-ГIалгIайн Республикин Лакхарчу Советан депутат а хаьржира похIме хелхарча.
А.ДАЧАЕВА
№59, шинара, хьаьттан (август) беттан 1-ра де, 2017 шо