ХIокху деношкахь йоккха кхеташо хилира Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллехь.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийчоьнан муфти Межиев Салахь-Хьаьжа, республикин Куьйгалхочун хьехамча Шахидов Адам-Хьаьжа, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директор Абазов Рустам, Нохчийчоьнан къанойн Советан председатель, Парламентан депутат Ахмадов Сайд-Iабдул, регионан суьдан коьрта пурстоп Алаудинов Iабдул, ткъа иштта республикехь берийн бакъонаш ларъяран Векалаллера говзанчаш, ЗАГС-ийн белхахой, кIоштийн къеданаш, маьждигийн имамаш, кхиберш.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедиллар кхочуш а деш, дIахьош хиллачу оцу кхеташонехь дийцаре дира доьзалшкахь барт-марзо чIагIъяран, дIасакъаьстина доьзалш вовшахтохаран, доьзалийн ламасталлин мехаллаш йовзийтаран, чIагIъяран хьокъехь долу гIуллакхаш.
Динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директора Р.Абазовс дийцира доьзалшкахь барт баран, вовшах къаьстина доьзалш цхьаьнатохаран, доьзалийн ламасташ довзийтаран, доьзалехь вовшашца лелон дезачу гIиллакхех лаьцна хьехамаш баран болх дIаболийна хиларх лаьцна.
ХIинца коьртаниг ду и болх дIахьош йолчу ведомствоша а, юкъараллин организацеша а вовшашца зIенаш латтор, вовшах дагадовлар.
– Департаменто кхеташонаш, дагадовларш дIахьо кIошташкахь а, ярташкахь а. Кхеташонашкахь дакъалаца кхойкху жоьпаллин даржашкахь болу нах. Карарчу хенахь республикин бахархошна юкъахь лаккхарчу жигараллица дIахьош болх бу. Оцу балхана юкъаозийна Iеламнах а. ДIасакъаьстинчу доьзалшца кхеторан болх бо. ДIасакъаьстина зудий, майрий кхеташоне кхойкху. Уьш дIасакъастаран бахьанин духе кхуьу. Уьш юха цхьаьнакхетийта, вуьшта аьлча, доьзал цхьаьнатоха некъ лоху.
ХIора кIирнах кIошташкара хаамаш бохкуьйту цигахь болх беш йолчу ведомствошна юкъарчу белхан тобанаша. Цара чIагIдарехь кIезиг яц доьзалехь барт бина, дIасакъаьстина хилла доьзалш юха вовшахтоьхна меттигаш. И болх кхул тIаьхьа а дIахьур бу. Коьрта тидам тIехь латтор бу къона доьзалш кхеторан, доьзалан ламасташ царна довзийтаран балхана, – бохура Р.Абасовс.
Нохчийчоьнан муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас гулбеллачеран тидам тIебахийтира дIасакъаьстина доьзалш цхьаьнатохар чIогIа мехала хиларна. Цо дийцарехь, кегийнаш дIасакъастаран бахьана хIун ду хьовса деза. ДIасакъаьстинчарна юкъахь барт бан, доьзал цхьаьнатоха некъ каро беза. Доьзалехь уггаре а коьртаниг вовшашка сий-ларам хилар ду, вовшашца гIиллакхе хилар ду, вовшех бехк лоьцуш хилар ду. Уьш ду доьзалан ламасташ, уьш ю доьзалан мехаллаш. Доьзалехь массо а собаре хила веза. Къона доьзал ларбан хьовсуш хила беза марзахой а, стунцахой а.
Къона доьзал экаме бу. Къонанаш сиха бу. Церан массо а хIуманан ойла ян, хьесап дан хьекъал ца кхочу. Цундела кIентан а, йоьIан а да-нана къона доьзал ларбан хьожуш хила деза, шайна оьшучунна, луучунна, къурд а бина.
– Вай къоначу доьзалан зIенаш, уьйраш чIагIъян хьовса деза. Нагахь санна доьзал ларбан гIертарх, доьзал юха цхьаьнатоха гIертарх гIуллакх ца хуьлучу даьлла хьал нисделла меттиг елахь беран, дений нанний юкъахь ларам хилийтаре мукъане а кхача хьовса деза, – бохура Межиев Салахь-Хьаьжас.
Кхеташонехь дакъалоцуш болчеран сацам хилира нохчийн доьзалш ларбаран декъехь массара а цхьаьна, вовшах дага довлуш, зеделларг вовшашна довза а довзуьйтуш болх бан. Иза цхьана дийнан я цхьаьна шеран
болх бац. Хаддаза дIабахьа безаш болх бу, хIора доьзалехь, куьпахь, юьртахь, шахьарахь, шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь – массанхьа а. Нохчийн ерриге а юкъараллин гIуллакх ду массо а доьзал бертахь хилийтар, массо а бер шен деца, ненаца цхьаьна ирсе кхиийтар, иза дахарх доккхадейтар.
С.ХАСАНОВ
№59, шинара, хьаьттан (август) беттан 1-ра де, 2017 шо