Нохчийчоь кхиорна юкъадахка ахчанаш

165432

Нохчийн Республикин экономика, мохк кхиоран а,  махлелоран а министра Хучиев Муслима журналистаца Агаев Султанца хиллачу къамелехь «Кавказан политика» (Кавполит) сайта т1ехь  дийцира республикин кхиамех лаьцна.

Дукха хан йоццуш Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Instagramехь йолчу шен аг1он т1ехь дийцира ахчанаш юкъадахкаран барамашкахула Россехь Нохчийн Республико хьалхара меттиг яьккхина хиларан хьокъехь. Цо дийцарехь, регионехь хаддазчу талламехь латтош ду инвестицешна бег1ийла хьелаш кхолларан г1уллакхаш. НР-н экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министра дуьйцу дийнна схьалаьцча иза экономикина т1ехь муха хаало, республике инвесторша чудохьуш долчу ахчанийн барам алсамбаккхарна т1ехьажийна регионан Правительствос  деш х1ун г1уллакхаш ду.

 

– Шуьйрачу хаамийн г1ирсаша бечу хаамца 2014-чу шеран хьалхарчу эхашеран жам1ашкахула инрвестицийн барам кхиарца Нохчийн Республико Россехь хьалхара меттиг яьккхина. Оцу  хаамах лаьцна х1ун эр дара ахьа?

– Бакъду иза, 25-чу августехь Россин Федерацин регионаш кхиоран министерствос йовзийтира  х1окху шеран хьалхарчу эхашарахь Россин субъекташ социально-экономически кхиоран хьокъехь йолу доклад. Цуьнца нийса а дог1уш, хьалхарчу эхашеран жам1ашкахула Россин экономикина юкъаялийначу инвестицийн барам 4,8 трлн сом хилира, я д1адаханчу шарахьчул 2,8 процентана к1езиг. Оццу хенахь инвестицийн барам кхиар хааделира Россин Федерацин 48 субъектехь. Царна кхечира коьртачу капиталана юкъаехкинчу инвестицийн 55,7 процент.

Уггаре а  лакхара бу Нохчийн Республикехь юкъаехкинчу инвестицийн барам – 76,2 процент. Ахчане диллича, регионехь иза 10 миллиард соьмал алсамбаьлла. Билгалбинчу муьрехь коьртачу капиталана юкъаялийначу инвестицийн юкъарчу бараман коьрта хьоста хилира арахьара юкъадалийна ахчанаш. 2013-чу шарахь хаъал лахбелира бюджетан ахчанан чоьтах йолчу инвестицийн барам, 2012-чу шеран барамца дуьстича, 54,2 процент а хилира, я 14 миллиард 661 миллион сом. Оха дечу хьесапашца  2014-чу шарахь и гайтам, 2013-чу шарца дуьстича, 40,1 процентана лах а лур бу.

Россина дуьхьал санкцеш ялош йолчу х1окху чолхечу хенахь Нохчийчохь оцу кепара инвестицеш юкъаялош хиларо дуьйцийла йоццуш тоьшалла до инвесторша регионна т1ебохуьйтуш болу тидам т1етт1а алсамболуш хиларна.  Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана 1аламат боккха тидам т1ебохуьйту инвесторийн а, предпринимателийн а г1олацаран г1уллакхашна. Ткъа ишттачу политико шен беркате т1аьхьенаш ло.

 

– Дийнна схьаэцча муха хаало иза республикин  экономикехь?

– Карара шо доладелчхьана социально-экономически гайтам кхуьуш хилар билгалдаьлла. Д1адахьийтинчу тхаьш долчохь арахецначу товарийн, бинчу белхийн, тхешан ницкъашца  кхочушдинчу хьаштийн барам 2014-чу шеран январехь–июлехь 26 миллиард 687 миллион сом хилира, д1адаханчу шеран оццу муьраца дуьстича 10,5 процент алсам.

Вайна хууш ма-хиллара,  муьххачу а регионан экономика кхиоран юкъарчу бараман уггаре а мехала гайтам бу регионан ерриге а продуктан барам. СКФО-хь Нохчийн Республико 2012-чу шарахь 8 процентал алсам регионан ерриге а продукт арахецна (НР-н ВРП – 103 миллиард 677 миллион сом,  СКФО-н ВРП – 1 трлн 214 миллиард 729 миллион сом). Оцу гайтамехула тхан таро хилира СКФО-н субъекташна юкъахь 4-г1а меттиг д1алаца. Деш долчу хьесапашца, 2013-чу шарахь Нохчийн Республикин ВРП-н барам 113,8 млрд. сом хир ду. И гайтам кху шарахь 1230,4 млрд. соьме д1акхачо хьесапаш  а до.

img783670_9_Avtomobilnoe_predpriyatie

Республика дика кхуьуш хиларна тоьшалла деш болу кхин а цхьа гайтам а билгалбаккха бог1у: кху шеран 7 баттахь   регионехь г1уллакхна юкъаялийна 572,9 эзар квадратни метр чохь1ен х1усамаш. Иза д1адаханчу шеран оццу муьраца дуьстича 5-зза алсам хуьлу. И гайтам кхиарехь регион Россехь шолг1ачу меттехь ю.

 

– Нохчийн Республикин Правительствос х1ун до инвестицеш юкъаялор алсамдаккхарна т1ехьажийна?

– 2014-чу шеран 30-чу июнехь Нохчийн Республикин Правительствос арахецначу сацамца нийса а дог1уш, 172,033 млрд. соьмана инвестицийн 55 проект шена юкъайог1уш йолу инвестицийн хьалхарчу рог1ан проекташ билгалъяьхна. Цаьрца билгало йолуш ерш юхатояр, лаккхарчу технологийн кхузаманахьлера керла производствош яр. И проекташ кхочушъяро таро хуьлуьйтур ю 20630 белхан меттиг кхолла, цу юкъахь дакъошкахула:

– промышленностехь а, энергетикехь а – 22,753 млрд. соьмана 25 проект (10423 белхан меттиг);

– агропромышленни комплексехь – 22,977 млрд соьмана 24 проект (6081 белхан меттиг);

– туризм а, хьашташ кхочушдаран дакъа а – 49,303 млрд. соьмана 6 проект

( 4146 белхан меттиг).

Республикехь иштта кхочушйина «Грозный-Сити», «Гудермес-Сити», «Аргун-Сити», «Гранд-Парк» комплексаш санна йолу инвестпроекташ. Кхочушъян  йолийна а, йолош а ю «Грозненское море», «Кезеной-Ам», «Шали-Сити», «Ведучи» санна йолу 1аламат яккхий проекташ.

Нохчийн Республикин Правительствон 2013-чу шеран 3-чу декабрехьлерчу сацамца ч1аг1дина регионехь инвестицешна бег1ийла хьелаш кхолларехула Россин субъектан кхочушдаран 1едалан органийн белхан цхьабосса йолу кепаш юкъаялоран «некъан карта».  15 г1уллакхах лаьтташ ду иза, кхочушдаран хенаш а, кхочушдарх жоьпаллехь берш а  билгал а бохуш. И кепаш юкъаялор республикехь коьртачу декъана чекхдаьккхина.

Россин финансийн министерствоца барт а бина, НР-н Правительствос кхоьллина коммерчески йоцу «Нохчийн Республикин леррина йолу тешаман фонд» организаци. Цо шена т1елоцур ду  республикина хьалхарчу рог1ан йолу инвестпроекташ кхочушъярна юхалург ахча доккхуш болчу инвесторийн т1елацамашкаху долу жоьпалла. Карарчу хенахь фондо сацам бина 1,7 млрд. соьмана йолчу пхеа проектах долу жоьпалла шена т1елаца.

Къилбаседа Кавказан федеральни округана юкъайоьлхуш йолчу субъекташна лерина йолчу Россин Федерацин пачхьалкхан тешаман программехь дакъалацархьама регионан Правительствос чуелла 33 млрд. 192 миллион соьман юкъара мах болу инвестицийн 8 проект.

Республикин куьйгалло д1ахьош бу д1адаханчу шарахь Итум-Кхаьллан районехь кхоьллина «Ведучи» аьлла йолу туристско-рекреационни къаьсттина экономически зона шоръярна т1ехьажийна болу болх.

Кху шарахь билгалдеш ду кхин а кхоъ ОЭЗ кхоллар:

– Аргун г1алахь промышленно-производственни тайпана (автомобилийн кластер);

– НР-н Соьлжан районехь туристско-рекреационни тайпана;

– Соьлжа-Г1алахь «Грозный» (Къилбаседа) аэропортехь портовой ОЭЗ;

 

– Шен ахча Нохчийн Республикехь юкъадилла лаам гайтина волчу инвесторан мичхьа хаа йиш ю регионан таронех дерг?

– Оцу 1алашонца тхан министерствехь кечйина Инвестицийн портал а, Нохчийн Республикин  Инвестицийн карта а. Уьш каро йиш ю Интернетан сетехь х1окху адресца: http://investchechnya.ru и http://investmap95.ru/.

Нохчийн Республикин инвестицийн карта – иза Нохчийн Республикехь инвестицийн, инфраструктурийн, социальни объектийн а, инвестицийн прлоектийн а хьокъехь болу хаамаш шена чулоцуш йолу интержигара система ю.

Оха иштта кечйина «Нохчийчохь юкъадахка ахчанаш» аьлла йолу мобильни приложени. Иза схьаэца йиш ю  PlayMarket а, AppStore а сеташкара. Вайн махкана мехала т1аьхьало ю иза, регионан инвестицеш юкъаяхка йолу ерриге а таронаш а гойтуш. Иза шен телефона чуяьккхичхьана лаам болчун таро хир ю Нохчийн Республикин экономикин дерриге а дакъошкахь долу хьал, инвестицех лаьцна долу НР-н законодательство, налогийн г1оленаш, предпринимателийн г1олацаран кепаш, социально-экономически коьрта гайтамаш, инвестицийн проекташ, х1ора муниципальни район социально-экономически кхиар довза. Оцу мобильни приложенин г1оьнца инвестор хила лууш волчун иштта йиш ю шен инвестпроекте хьажийта заявка чуяла а, республикин куьйгаллица а, инвесторшца бечу балхах жоп луш болчаьрца а з1е латторан  хаамаш схьаэца.

Къамел зорбане кечдинарг–

Л.МАГОМАЕВ

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: