ДIадаханчу бIешеран 1955-чу шарахь Казахстанерчу Алма-Ата гIалахь нохчийн маттахь арахеца долийра «Къинхьегаман байракх» газет. Со а нисвелира цига балха. И бахьана долуш сан таро хилира нохчийн тоьлла журналисташ а, яздархой а, къоман интеллигенцин кхиболу векалш а бовза. Царна юкъахь бара: Гайрбеков Муслим, республика меттахIоттийначул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн АССР-н Министрийн Советан Председатель хилла волу, гIараваьлла вевзаш волу хелхарча Эсамбаев Махьмуд, республикин культурин министр хилла волу Татаев Ваха, Хасмагомадов Хьамид, Чалаев Билал, Габисов Бийсолта, Арсанов СаьIид-Бей, Мамакаев Мохьмад, Мамакаев Iаьрби, Хамидов Iабдул-Хьамид, Музаев Нурди, дуккха а кхиберш а.
Царна юкъахь вара Эдилов Хасмохьмад а. Тхойшиъ цхьаьна болх беш хилла ца Iаш, амма Алма-Ата–1 олучу меттехь цхьана юьртахь вехаш а вара.
Хасмохьмад редакцин культурин отделан куьйгалхо вара. Газет кIиранах цкъа бен арадолуш ца хиллехь а, цу тIехь алссам материалаш хуьлура нохчийн литературех а, исторех а, ненан маттах а, къоман бартакхоллараллех а лаьцна.
1957-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн Республика меттахIоттийначул тIаьхьа юха а арахеца долийра республикин «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газет. Кхузахь а дуккха а шерашкахь цхьаьна болх бира охашимма. Цундела Хасмохьмад юххера вевзара суна.
Х.Эдилов вина 1922-чу шарахь ТIехьа-Мартан кIоштарчу ВаларгтIе юьртахь. Цо чекхъяьккхира юьртара школа, дийшира хьехархойн училищехь а, республикин халкъан дешаран комиссариатан политикин серлонан школехь а.
Чекхъяьккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан институтан историн-филологин факультетан оьрсийн меттан, литературин, нохчийн меттан, литературин отделени. Белхаш бира Халкъан дешаран комиссариатехь инспекторан, республикин халкъан кхоллараллин ЦIийнехь инструкторан, ТIехьа-Мартан кIоштахь суьдан исполнителан даржашкахь.
Казахстанехь юккъерчу школин хьехархочун а, тайп-тайпана кхин белхаш а бина. Алма-Атахь нохчийн маттахь «Къинхьегаман байракх» газет арахеца долийча, цигахь а, ткъа 1957-чу шарахь республика меттахIоттийна, юха а арадала доладелча «Ленинан некъ» газетехь а культурин отделан куьйгалхочун белхаш бира Хасмохьмада.
Х.Эдиловна дика евзара нохчийн литература, культура, истори, къоман гIиллакхаш. Цо гул а йора, зорбатоьхна, ара а йохура къоман бартакхоллараллин произведенеш. Цундела газетехь кхачам боллуш хуьлура оцу темашна лерина материалаш. Амма кIезиг ца хуьлура цуьнан шен кхоллараллин произведенеш а. Уьш къаьсташ яра ненан мотт кIорггера хаарца а, тематика тайп-тайпана хиларца а. Хасмохьмада поэзехь хьалхара гIулчаш ехира 1937-чу шарахь. Цуьнан байташ дуьххьара зорбатоьхна, араевлла 1939-чу шарахь.
1941-чу шарахь Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелча, республикин яздархоша арахийцира «Фашисташна дуьхьал стихаш» книга. Цуьнан цIаро ша дуьйцура фашисташа ямартлонца болийна тIом Нохч-ГIалгIайн яздархоша чIогIа бехкебеш а, иза сацорна шаьш шайн са а дIадала кийча а хилар. Оцу книги юкъаяхара Хасмохьмадан масех стиховорени а: «ТIемало – хьоьга!», «БIаьрзе стаг», «Кавказан аьрзу», «Суьрте».
Шен чулацамца а, язъяран кепаца а, иштта, шена тIе боккха тидам бохуьйтуш ю «Сий делахь, Латта!» стихотворени а. Хасмохьмад «Къинхьегаман байракх» газетехь болх беш хиллачу хенахь язйина ю цуьнан «Даймехкан байракх», «Ненан ирс», «Билгало», «Буьйса», «Машаран урам», дуккха а кхийолу а стихотворенеш а, дуьххьарлера «Сийлаха» поэма а.
1958-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн книгийн издательствехь араелира цуьнан дуьххьарлера «Октябран серло» цIе йолу гулар. Цунна юкъаяхара Хасмохьмадан 45 стихотворени а, шиъ поэма а. Цул тIаьхьа кест-кеста арайийлина поэтан книгаш: «Лаьттан цинц», «Ненан безам», «Дуьненан юкъ», «Кханенга воьду», «ДоттагIийн дош», дуккха а кхиерш а.
КIезиг яц Хасмохьмада прозехь язйина произведенеш а: «Кхиэл» повесть, «Акхаройн лорах» дийцарийн гулар.
Дукха ю Хасмохьмада нохчийн матте гочйина йолу оьрсийн классикийн а, кхечу къаьмнийн а произведенеш: М.Ю.Лермонтовн «Измаил-Бей» а, цуьнан кхийолу произведенеш а. Ала деза Эдилов Хасмохьмада шен башхачу кхоллараллица нохчийн журналистикина а, литературина а йоккха хазна юкъайиллина хилар.
Эдилов Хасмохьмад кхелхина 1991-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 11-чу дийнахь.
С.МАГОМАЕВ
№59, шинара, хьаьттан (август) беттан 1-ра де, 2017 шо