2017-чу шарахь «Росси – тахана» дуьненаюкъарчу хаамийн агентствос пачхьалкхан Iедалан а, меттигехь шаьш урхалла даран а органашна юкъахь доьазлагIа дIахьур ю социальни рекламин «Импульс» цIе йолу конкурс.
Конкурсан Iалашо ю социальни жоьпалла кхолладалийтаран эвсаре гIирс болу социальни реклама Россехь кхиорна гIолацар.
Конкурсан жюрина юкъабахана рекламин, телевиденин дакъошкахула гоьбевлла болу эксперташ, пачхьалкхан урхаллин, корматаллин цхьаьнакхетараллийн, федеральни Iедалан органийн, экспертийн профилан юкъарлонан векалш.
Царна юкъахь ву Россин Федеральни антимонопольни службин куьйгалхочун заместитель А.Б.Кашеваров, Россин Рекламин академин президент В.В.Филиппов, Россин коммуникацийн агенствийн цхьаьнакхетаран президент А.И.Ковылов, кхиберш.
2017-чу шарахь конкурсан географи шоръелла. Россин Федерацин пачхьалкхехь бехачаьрга кхайкхина ца Iаш, оха дакъалацаре кхойкху Абхазерчу, Азербайджанерчу, Эрмалойчуьрчу, Беларусерчу, Гуьржийчуьрчу, Казахстанерчу, ГIиргIизойчуьрчу, Латверчу, Литварчу, Молдаверчу, Таджикистанерчу, Туркменистанерчу, Узбекистанерчу, Украинерчу, Эстонерчу, Къилба ХIирийчуьрчу тхайн накъосташка.
Дакъалацаран заявкаш схьаоьцур ю 2017-чу шеран асаран (июнь) беттан 14-чу дийнахь дуьйна товбецан (сентябрь) 18-чу дийне кхаччалц (konkurs-impulse.ru сайтехула).
Конкурсан номинацеш: тоьлла видеореклама, тоьлла аудиореклама, тоьлла арахьара реклама, тоьлла интернет – реклама, тоьлла плакат, тоьлла букет, тоьлла рекламин компани, тоьллачу рекламин активаци (жигаралла).
Конкурсан леррина номинацеш: конкурсан гран-при, шеран трендсеттер, интернето къобалдар, «Вайн амал», «Могаш хила», «Бераш – вайн дерриге а», «Кхерамаза некъ».
Дерриге а хаттарш дала йиш ю хIокху +7(495)-645-66-01(7147) телефонехула а, иштта, impulse@rian.ru электронни адрес тIе кехат яздарца а.
Вай еххачу хенахь а, эвсара а цхьаьна болх бийриг хиларх тешна ду тхо.
Д.К.КИСИЛЕВ
Коьрта директор
№59, шинара, хьаьттан (август) беттан 1-ра де, 2017 шо