Лулахойн кхиамех лаьцна

Регионан юбилей

МАГАС. Боккхачу айаман хьолехь дIадахара ГIалгIайн Республикин 25 шо кхачарца доьзна долу даздарш. Доккха деза де хилла дIахIоьттира иза хIора кIоштахь, хIора юьртахь. Чекхбаьллачу муьрехь хиллачу кхиамашца цхьаьна адамаша гойтура тIейогIучу ханна йолу шайн Iалашонаш, довзуьйтура дахаран хьал кхидIа а тодан леринарш, билгалдина дозанаш. Цунах лаьцна дара регионан пачхьенехь дIадаьхьначу даздаршкахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека дина къамел а. Цхьанаэшшара санехь кхуьуш ду экономикин а, социальни а дерриге дакъош.

Евзар йоцуш хийцаелла республика, цуьнан дахар. Амма оцу дозанех тоам ца бо. Цо дIахаийтира республикехь адамийн социальни а, дахаран а хьашташ буьззинчу барамехь кхочушдар меттигерчу куьйгаллин коьрта Iалашо хилла хиларан а, хилла юьсуш хиларан а хьокъехь. Аьлларг билггалчу бакъдолчаьрца тIе а чIагIдира. ТIаьххьарчу масех шарахь регионехь гIуллакхана юкъаялийна цхьамогIа яккхий промышленни предприятеш, могашалла Iалашъяран а, спортан а объекташ: больницаш, шена чохь кхузаманан дерриге а хьелаш долу перинатальни туш, шайна чохь ерриге а бегIийлаш йолу хIусамаш.

ДуьххьалдIа дIадаханчу цхьана шарахь республикехь йира керла 22 школа, ялх берийн беш, цхьамогIа социальни Iалашонан объекташ. Iаламат мехала лору регионехь инвестицеш юкъаяхкаран гIуллакхаш. Оцу Iалашонца мехкан тоьллачу ВУЗашца барт бина меттигерчу кегийрхойн дешаран барам лакхабаккхарна тIехьажийна йолчу проекташна тIехь цхьаьний болх бийриг хиларан хьокъехь. Даздаршкахь дIакхайкхийра ГIалгIайчоьнан тоьллачу векалшна пачхьалкхан лаккхара совгIаташ даран хьокъехь долу Путин Владимиран Указ.

СовгIаташ дIаделира Къилбаседа Кавказан федеральни округехь волчу цуьнан векала Белавенцев Олега. Республикина диканиг хуьлийла шена лууш хилар дIахаийтира Россин парламентан лакхарчу палатин спикера Матвиенко Валентинас, Правительствон Председатела Медведев Анатолийс, мехкан регионийн куьйгалхоша.

Ши миллион тонна ялта

СТАВРОПОЛЬ. Чолхечу хьелашкахь дIахьош ду кху шарахь регионехь гуьйренан буьртиган ялташ чуэцар. Iаламан хьелаша йоккха новкъарло йо оцу балхана. Делахь а, цуьнга хьаьжна доцуш, крайн латталелорхойн хIинцале а таро хилла ши миллион тонна ялта чуэца. ХIинцале а 26 кIоштахь ерригенах 23 процент майданаш тIера ялташ хьакха а, ара а кхиъна. Нагахь цкъачунна хIора гектара тIера гулдеш дерг юккъерчу барамехь 41,2 центнер ялта делахь, Кочубеевскан кIоштахь и гайтам 61 центнере кхаьчна, Новоалександровскан кIоштахь – 52,6 центнере.

Цхьа бIе эзар тоннал сов буьртиган ялта чуэцна Ипатовскан, Апанасенковскан, Красногвардейскан, Буденновскан кIошташкахь. Дийнна схьаэцча регионехь гулбина 500 эзар тонна мукх а, 49 эзар тонна горох а. Ялташ чудерзорца цхьаьна дIахьош ду даьхнилелоран предприятешна докъарш кечдар. Гулйина 140 эзар тонн йол, дIайиллина 150 эзар тонн сенаж, цхьа эзар тонна бецан дама, 3 эзар тонна силос. 20 эзар гектара тIехь охана дина (планах 4 процент)

Керлачу хIусамашка кхалхийна

МАЙКОП. Тишачу хIусамашкара адамаш дIакхалхоран программа кхочушъяр чекхдолуш ду Адыгейхь. Пачхьалкхан Iедалан кхочушдаран органашкахь бечу хаамца и декхар дуьззина кхочушдина хир ду Тахтамукайскин кIоштарчу Яблоновски поселкехь ши цIа дина даьлча. Чаккхене бирзина лара мегар ду цигара белхаш. 90 хIусам йолчу цIенош чохь хьахаран белхаш бу дIахьош. Ткъа шолгIачунна чохь 90 процентана чекхдаьккхина дан дезарг дерриге а. Царна чу дIакхелхар бу тишъеллачу хIусамашкара 120 доьзал.

Журналисташна гIоьнна

ХIИНЖА-ГIАЛА. ХIокху деношкахь кхузахь Дагестанан зорбанан а, хаамийн а министерствос дIайолийна Интернет-журналистикехь гIуллакх деш болчу говзанчашна лерина йолу семинараш. Министран заместитела Снегирев Сергейс чIагIдарехь, уьш дIахьур ю шо чекхдаллалц. Хьалхара лекци йийшира аналитикин «Спутник» система кхоллархойх цхьаъ волчу Гордеев Сергейс. ЛадогIархошна цо бовзийтира системо беш болу болх а, иза кхиорна лерина йолу планаш а.

Цо дийцарехь, тIейогIучу хенахь
«Спутнико» ден долчу хьесапаша редакцешна гIо дийр ду зорба тухуш йолчу материалийн дикалла лакхаяккха, церан йовзар хаъал шордан. ШолгIачу лектора, Дагестанан координационни хаамийн культурин туьшан куьйгалхочо Гасанова Дилярас дийцира сеташкахь хаамаш лахаран кепех, газеташна, социальни сеташна хьесапаш дан таро хуьлуьйтуш йолчу сервисех лаьцна.

ТIехдика дешарна…

БУРУ-ГIАЛА. ТIехдика доьшуш кху шарахь К.Л.Хетагуровн цIарах йолу Къилбаседа ХIирийн пачхьалкхан университет чекхъяьккхинчеран йоккхачу тобанна цIен дипломаш а, мидалш а дIаелира регионан Парламентан председатела Мачнев Алексейс. Даздаран хьолехь дIадаьхьира иза. Искусствийн факультетан студенташа башха театральни программа кечйинера леррина оцу гIуллакхана. Парламентан спикера тидам тIебахийтира и де кегийрхойн дахарехь шен къаьсттина меттиг дIалоцуш хирг хиларна.

Цо иштта билгалдаьккхира башхачу гуманистан Коста Хетагуровн цIе лелош йолу ВУЗ чекхъяккхаро дахаран новкъа хIуьттуш болчарна доккха жоьпалла тIедожош хилар: цу чохь царна хаарш делла ца Iаш, амма иштта Iамийна шайн республикин, берриге а мехкан хьакъ боллу патриоташ хила. Оцу сийлахьчу цIарна уьш тешаме хирг хиларх ша тешна хилар дIахаийтира Мачнев Алексейс.

Университет чекхъяьккхинчеран цIарах иштта довха дош элира вице-премьера Фадзаев Ахсарбека, регионан дешаран а. Iилманан министра Азимова Иринас, суьдан пурстоьпийн службин Къилбаседа ХIирийн урхаллин куьйгалхочо Гацоева Светланас.

«Инвестицеш юкъаяхка Кавказана»

НАЛЬЧИК. Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула йолчу Россин министерствос, ГIебартойн-Балкхаройн Республикин Правительствос гIо а лоцуш кхузахь дIаяьхьира «Инвестицеш юкъаяхка Кавказана» аьлла йолу кхоалгIа бизнес-сесси. Цигахь дакъалоцуш бара регионан кхочушдаран Iедалан органийн, муниципалитетийн векалш, бизнесменаш.

Тахана республикехь кхочушъеш а, кхочушъян билгалъеш ю 50 инвестпроект. Къилбаседа Кавказан федеральни округехь ишттачу бизнес-сессийн юьхь дIайолийра ГIалгIайчохь дIабаханчу баттахь. Цул тIаьхьа уьш вовшахтуьйхира Ставрополан крайхь.

Асаран а (июль), хьаьттан (август) беттанашкахь СКФО-н кхин а еа регионехь хир ю уьш. Ткъа кху шеран гIуран (декабрь) баттахь «Инвестицеш юкъаяхка Кавказана!» аьлла бизнес-форум вовшахтухур ю. Цигахь дийцаре дан билгалдина Къилбаседа Кавказан федеральни округан экономика кхиоран мехала гIуллакхаш, йовзуьйтур ю регионийн инвестицийн проекташ.

АККОР-н керла куьйгалхо

ЧЕРКЕССК. Юьртан бахамо мехала меттиг дIалоцу Кхарачойн-Чергазийн Республикин экономикехь. Латталелорхоша шайн хьакъ йоллу хазна юьллу мехкан кхачанан сурсатийн кхерамазаллина, регион кхиорна юкъа. Юьртан бахаман министерствос бечу хаамашца, тахана кхузахь гIуллакх деш бу кхо эзар гергга ахархойн-фермерийн бахам.

95 эзар стага гIуллакх до шайн гIоьналлин бахамашкахь. Царна гIо дарехь къаьсттина йолу меттиг кхочу АККОР-на – ахархойн (фермерийн) бахамийн а, кооперативийн а ассоциацина. Цуьнан жигараллех, лаьтта тIехь, дохнаца гIуллакх деш волчунна сихха гIоьнна кхачарх боьзна хуьлу фермерийн а, шайн доларчу гIоьналлин бахамашкахь гIуллакх деш болчеран а кхиам, хуьлда иза ялтин барам алсамбаккхар я дохнан сурсаталла лакхаяккхар.

Аьлча а, цхьана Iалашонна тIехьажийна ю ахархочун юкъараллин организацин ойла – тайп-тайпанчу сурсатийн шорто кхоллар. Оцу мехалчу декхарца уьш кхиамца ларош хиларна тоьшалла ду тахана оцу декъехь болу регионан гайтамаш. АККОР-н меттигерчу организацин керла куьйгалхо хоржуш кху деношкахь дIаяьхьначу съездан делегаташа дIахаийтира керла дозанаш карадерзорехь керлачу куьйгаллера шайна кхин а алсам гIо хирг хиларх шаьш тешна хилар.

Хаамаш кечбинарг – Д.ХАНУКАЕВА

№59, шинара, хьаьттан (август) беттан 1-ра де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: