Дешаран декъана тIехь тидам латточу вайн республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанаца «Издательство «Просвещение» акционерни юкъараллин президента Узунов Владимира бинчу бартаца Соьлжа-ГIалахь «Абрис» дешаран туш схьайиллина. Цунна леринчу даздаршкахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель Ахмадов ШахIид, Дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал, иштта дуккха а кхиболу хьеший.
– Республикин хьехархой дуккха а шерашкахь «Просвещение» арахецаран туьшо кечъечу книгашца болх беш бу. Иштта, цо, хIора а шарахь «Рособрнадзоро» хIоттийначу стандартаца нийса а догIуш, бина хийцамаш юкъа а балош, ЕГЭ-на а, ОГЭ-на а кечам баран пособеш кечйо. «Абрис» туьшо аьтто бийр бу оьшуш йолу книгаш а, пособеш а сиха а, механа йорах а республикин дешаран муьлххачу а учреждене дIакхачо, – элира И.Байхановс.
Школаша дешаран керлачу шарна шен неIарш дIаелла йисинарг дукха хан яц. Дай-наной саготта бу механа йорах а, дика а книгаш, дешарна оьшуш болу гIирсаш шаьш мичахь оьцур бу ца хууш. Дукхахболчара, базарахь йорах хуьлу олий, цигахь оьцу.
Кхузахь билгалдаккха деза, йохк-эцархоша базарахь юхкуш ерш, дукха хьолахь, официальни йоцчу туьшаша дорахчу басаршца дехкина суьрташ а долуш, гIалаташца язйина хилар. Ма-дарра и хьал цахуурш дуккха а бу. Цхьана доьзалера шиъ-кхоъ, наггахь диъ-пхиъ бер школе дахийта кечдечу дас-нанас ойла а ца еш, механа йорах хилчахьана олий, схьаоьцу уьш. Берана цунах хуьлу зен тIаьхьуо бен гучу ца долу.
Дешаран шо доладелча, мичара, муьлхачу бахьаница хилла а ца хууш аллерги, зорхан отравленеш гучуюьйлу берашна. Ткъа «Абрис» дешаран туьшо бухкурш берийн а, хьехархойн а могашаллина зен дийр доцуш, шайн дикаллех дала жоп долуш официальни арахецархоша кечбина дешаран гIирсаш бу.
Цул сов, оцу туьшо арахецархоша хIоттийначу мехашца юхку книгаш а, кхиерш а доьзалехь масех бер долчу дай-наноша а я ерриге а классана оьцуш елахь.
ВЕГИЕВА Макка
№59, шинара, хьаьттан (август) беттан 1-ра де, 2017 шо