Дукха хан йоццуш Малка юьртахь (ГIебартойн-Балкхаройчоь) дIаяьхьира Махатлов Хазратлина лерина йолу греко-римски кепара охьатохархлатарехула йолу Ерригроссин турнир.
Цигахь дакъалоцуш бара Россин тайп-тайпанчу субъекташкара къона спортсменаш. Вайн республикин цIарах оцу турнирехь дакъалоцуш вара 11 спортсмен.
Къийсадаларш дIадаьхьира пхеа дийнахь. Финалехь шайн-шайн йозаллин категорешкахь хьалхара меттигаш ехира Ташаев Хасболата (35 кг.) – Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштан ДЮСШ, Газиев ИсмаьIала (38 кг.) – Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштан ДЮСШ. КхоолгIа меттигаш ехира: Татаев Умалта (46 кг.) – Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштан ДЮСШ, Исаев Сайд-Мохьмада (50 кг.) – ДЮСШ №3.
Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу, уьш Iамийна церан тренерш: Б.Тулаев, С.Исаев, А.Магомадов.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№59, шинара, хьаьттан (август) беттан 1-ра де, 2017 шо