Дукха хан йоццуш, Соьлжа-ГIаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигана хьалхарчу майданахь «Доьзалан дуьне» цIе йолу акции дIаяьхьира.
Россехь дай-нанойн шайн доьзалшна хьалха долу жоьпалла чIагIдарна лерина яра иза.
Соьлжа-ГIалин бахархоша а, хьешаша а кхайкхамаш бира берийн дахар хаздар а, Iалашдар а доьхуш. Дахаран халачу хьелашкахь нисделлачу берашна гIодаран фондо вовшахтоьхна ду и тайпа гIуллакхаш. (Уьш Вологдехь, Тюменехь, Новосибирскехь, Муромехь дIадаьхьна фондо).
Оцу гIуллакхехь дакъалецира республикин къинхьегаман а, белхан меттигаш нисъяран а, социальни кхиоран а министра Ахмадов Мохьмада, Ерригроссин «Шеран доьзал – 2016» конкурсехь толам баьккхинчу АслахановгIеран доьзало а, «Шеран доьзал – 2017» конкурсехь Нохчийчоьнан цIарах дакъалоцуш болчу ЭльдаровгIеран доьзало а, гIараваьлла вевзачу артиста Гогунский Виталийс а, кхечара а.
Леррина шен йоIаца Миланица веана волчу Гогунский Виталийс элира: «Доьзал» бохург вайна хIоранна мехала ду. ХIунда аьлча доьзал вайн тIаьхье ю. Суна даггара баркалла ала лаьа «Дахаран халачу хьелашкахь дисинчу берашна гIодаран фондана» хIокху башхачу гIуллакхе со сан доьзалца кхайкхарна, хIара дика гIуллакх вовшахтухуш къахьегначарна. Шун массеран аьтто хуьлда, шайн доьзалан вуон ца гуш, бертахь, дуккха а дехийла шу!
Акцин гурашкахь дай-наношка а, берашка а цхьаьна болх бойтуш мастер-классаш а, анимацин программаш а, берашна лерина театран инсценировкаш а, роботийн шоу а, спортан къийсадаларш а дIадаьхьира акци вовшахтоьхначара.
И тайпа гIуллакх вовшахтохар Iаламат мехала хилар билгалдаьккхира Нохчийн Республикин къинхьегаман а, белхан меттигаш нисъяран а, социальни кхиоран а министра Ахмадов Мохьмада. Акци ерзийра концертаца.
АСЛАХАНОВА Хеда
№59, шинара, хьаьттан (август) беттан 1-ра де, 2017 шо