Хьаьттан беттан 1-ра де, 1926-гIа шо. ТIехьа-Мартан кIоштарчу Котар-Юьртахь вина Абдулаев Зияудди, нохчийн яздархо. Юьртара юьхьанцара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн рабфакехь доьшу, кхалхийначохь чекхйоху техникийн-гIишлошъярхойн курсаш. Юьхьанца Казахстанехь, Даймахка цIадирзинчул тIаьхьа ГIебартойн-Балкхаройчохь а, Краснодарски крайхь а, Нохч-ГIалгIайчохь а яккхий гIишлош ечохь прорабан белхаш бо.
Амма жимма а мукъа еана хан литературин кхоллараллина дIалора Зияуддис. Прозехь язйинчу еа книгин автор ву иза: «Iассин бердашкахь» (1975 шо), «Оранша» (1978 шо), «Iуьйкъехь серлонаш» (1988 шо), «ХIуьппIалгаш йохор» (1992 шо). Яздархочун къаьсттина боккха кхиам лара догIу «Iуьйкъехь серлонаш» («Всполохи») повесть а, «ХIуьппIалгаш йохор» («Сокрушение идолов») роман а. Исбаьхьаллин литературехь нохчий кхалхорах дуьххьара а, иштта дуьззина а аьлла дош дара иза.
З.Абдулаевн ерриге а произведенийн цхьа башхалла ю: уьш цхьа а шеггара кхоьллинчу сюжетаца язйина яц. Цо дуьйцург ду шена гинарг, ша лайнарг, вуочух лардан а, диканиг марздан а вайга шена ала луург.
Яздархочун кхалхар хилла 1994-чу шарахь.
Хьаьттан беттан 3-гIа де, 1950-гIа шо. Казахстанан Сары-Агачан кIоштан Сары-Агач юьртахь вина Хамзаев Iаднан, физикин-математикин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик.
Шен схьавалар ТIехьа-Мартан кIоштарчу Котар-Юьртара ду. Соьлжа-ГIалара №22 йолу юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, дешна Москварчу физико-техникин институтехь а, МГУ-н аспирантурехь а.
1979-чу шарахь чIагIйо физикин-математикин Iилманийн кандидатан диссертаци, ткъа 1991-чу шарахь МГУ хь чIагIйо физикин-математикин Iилманийн докторан диссертаци.
1974-чу шарахь дуьйна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь болх бо (лакхара хьехархо, доцент, кафедрин заведующи, 1995–1996-чуй, 2000–2006-чуй шерашкахь ректор волуш).
1992-чу шарахь Нохчийн Республикин Iилманийн академин бакъонца волу декъашхо (академик) хоржу (математикин а, механикин а отделенехула).
1993-чу шарахь оцу отделенин академик-секретарь хоржу. 1996–1999-чуй шерашкахь – пачхьалкхан йоцчу вузийн Ассоциацин Советан председателан заместитель. Iилманан 100 сов белхан автор.
Карарчу хенахь Москвахь Iилманан балхахь ву.
Хьаьттан беттан 7-гIа де, 1935-гIа шо. Соьлжа-ГIалахь вина Хасбулатов Ямлихан, поэт. Дешна Казахийн пачхьалкхан университетехь. Яздан волавелла ХХ-чу бIешеран 50-чу шерийн чаккхенехь.
1969-чу шарахь зорбане йолу поэтан «Сатийсам» цIе йолу стихийн дуьххьарлера гулар. ХIетахь дуьйна нохчийн, оьрсийн меттанашкахь поэта арахецна стихийн, поэмийн 10 сов гулар: «Лекха цIе» (1972 шо), «Кхокханан йиш» (1974 шо), «Шир ца ло мерзаш» (1977 шо), «Лаьттан йозалла» (1985 шо), «Песня голубя» (1977 шо), «Высокое имя» (1986 шо, оьрсийн маттахь), и.дI.кх.
Стихаш зорбане йийлина нохчийн поэтийн юкъарчу гуларшкахь а, ткъа иштта «Орга», «Вайнах» «Поэзия», «Молодая гвардия», «Аврора» журналашкахь а.
Ямлихан вевза говза, похIма долу журналист санна а, вуьшта аьлча, цуьнан къинхьегаман некъ журналистикица бозабелла бу. Оцу некъан юьхь хилира 1955-чу шарахь Алма-Атахь арадала доладеллачу «Къинхьегаман байракх» газетехь болх бан волавалар. Цул тIаьхьа цо болх бира Казрадиохь, «Ленинан некъ» газетехь, еххачу хенахь – Соьлжа-ГIаларчу телевиденехь.
Хьаьттан беттан 7-гIа де, 1937-гIа шо. Веданахь вина Кибиев Мусбек, поэт. Веданара юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа доьшу М.Горькийн цIарахчу литературни институтехь. Белхаш бина хьехархойн институтан «За педагогические кадры», Ведана кIоштан «Колхозан дахар» газеташкахь, «Орга» журналехь, кхечанхьа.
Поэтан стихийн хьалхара «Ши зама» цIе йолу гулар араелира 1962-чу шарахь. Цо яздо безамах, адамаллех, къонахаллех, даймахках, ненан маттах, «амма хьаннах яздахь а, стеннах ойлаяхь а, хIора дош шен семачу дагчухула чекхдаьккхина, экамчу сица литтина, кIорггерчу хьекъалца дуьстина ду Мусбекан.
Цундела дешархойн дагах кхета, уьш ойлане бохуш, адамалле кхойкхуш» (А Газиева). М.Кибиевс шен хьуьнарш зийна прозехь, драматургехь. Нохчийн, оьрсийн меттанашкахь арайилийнчу поэзин, прозин иттех книгин автор ву иза («Наьрташ», «Денойн чам», «Беттасин догIа», «Хьекъалан бохь», «Седарчийн чIара»…).
Поэтан кхалхар хилла 1996-чу шарахь.
№59, шинара, хьаьттан (август) беттан 1-ра де, 2017 шо