Дукха хан йоццуш А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь авторийн Мамакаев Эдуардан а, Яхъяев Лечин а «Сира хьач» пьеса йовзийтира.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Парламентан депутат Ахмадов Сайд-Iабдул, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта, Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу культурехула йолчу экспертийн Советан председатель Усманов Iаьрби, иштта, кхоллараллин а, интеллигенцин а векалш.
Хьалхара дош олуш вистхилира Ахмадов Сайд-Iабдул.
– Вайна ма-хаъара, истори – иза цхьана хеначохь хилларг ду. Бакъду, и зама дIа а яьлла, кхин зама тIееъча, оцу заманахьлераниг хIокху заманахь хууш а, дуьйцуш а ца хилча, цунах истори хила йиш яц. Цундела, вайн турпалхой бийца а, царах яздан а дезара вай. Масала, вайн Iилманчаша язъярехь бен хуур ма яц вайн къоман истори кхечу къаьмнашна. «Сира хьач» пьеси тIехь вуьйцург вайн халкъан турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа ву. Оцу пьеси тIехь авторша бинарг боккха болх бу. Царна даггара баркалла ала лаьа суна, – элира цо.
– Тахана вайна массарна а хаза кхаъ бу, Россин Федерацин Турпалхо, Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа коьрта турпалхо а волуш, пьеса зорбане яьккхина хилар. Вайна масал а хилла лаьттина волчу цунах дика дош алар а, яздар а вайна тIехь ду. Цхьаболчарна-м хета тарло, литература ша-шаха хуьлуш ю. Иза иштта дац. Автора дуьйцуш дерг цхьана хиламан буха тIехь я шен сих чекхдаьлларг ду, – бохура Ибрагимов Кантас.
Шаьш бинчу балхах лаьцна дийцира пьесин авторша. Яхъяев Лечас билгалдаьккхира, оцу пьеси тIехь вуьйцу турпалхо шех лаьцна дийца а, дозалла дан а хьакъволу турпалхо хилар. Иштта, цо хаийтира, пьеса язйинарг ша велахь а, цуьнан сюжетан автор Мамакаев Эдуард хилар.
Ма-дарра аьлча, цушимма цхьаьна бина болх бу иза. Пьесах лаьцна шайна хетарг ала таро хилира кхолараллин а, интеллигенцин а векалийн.
З.ХАСИЕВА
№59, шинара, хьаьттан (август) беттан 1-ра де, 2017 шо