Дуьнен чохь масане адамаш девза вайна. Цхьаверг адамашца ийна хуьлу, ткъа кхиверг ша-шена хуьлу. Цхьадолу адам довза цхьа къамел а тоьа, ткъа кхиверг вовза а, цуьнан ойланна а, сатийсамашна а тIаьхьакхиа дийнна дахар а ца тоьа. Оццул шатайпа ду-кх хIора а адам, цхьаъ кхечух тера а доцуш. Тийна а, кест-кеста ойланашка а дуьйлу адам гича, цкъацкъа хетало, иза кхечу дуьненахь дехаш санна. Дуьххьара Ваха вевзинчу хенахь суна иза а хийтира иштта.

Докаев Ваха яздархо ву, республикин берийн библиотекехь болх беш ву иза. ХIокху заманахь дуьненан бахам а ца лоьхуш, сапаргIат а, кIеззигчу хIуманах самукъадолу а адам гича тамашийна хета. Царах ву Ваха а. «Заманан сихаллехь, дахаран киртигаша хьовзийна стаг Ваха волчу, цуьнца къамел дан ваха везар-кха», олий дагадогIу цуьнан къамеле ладугIучу хенахь. Оццул цIеначу а, сирлачу а дог-ойланца вехарг кхечу кепара хуьлийла а дац. ТIаккха ларамаза дагадогIу «Цкъа а хало тIехIоьттиний-те цунна?!», – олий. Дера хIоьттина…
1999-чу шарахь вайн махкахь тIом болчу муьрехь коьртана чов хилира цунна. Атта дацара цунна иза лан. Иэс а дIадаьллера цхьанаханна. Кхоллараллин стагана уггаре а оьшург дара цунах къаста гIерташ. Делахь а, олуш ма-хиллара, муьлххачу а вуочу хIуманна тIаьхьа диканиг догIу. Иштта, гIоле а хилла дIахIоьттира Ваха. Шена тIехIоьттинчу киртигех чекхваьллачул тIаьхьа, юха а шен ерриге а ойла кхоллараллина тIеяхийтира цо.
Шена гучух а, шен ойланех а лаьцна дийцарш а, байташ а язъяр иза цуьнга цхьана дийнахь доьссина похIма дац. Жимачохь дуьйна а вара Ваха литературин дуьненахь вехаш. Кхечу бераша машенаш ловзочу хенахь, кIентан карахь даима а книга гуора. Иза ларамаза а дацара. Цуьнан да хьехархо хилла ву, ткъа нана – библиотекарь. Кхиа волавелча, книгаш ешаре болу безам кхин а чIагIбелира кIентан.
Хьалха-Мартан кIоштан Iалхан-Юьртахь 1968-чу шеран хьаьттан (август) беттан 10-чу дийнахь дуьнен чу ваьлла Докаев Ваха. Шайн юьртарчу №2 йолчу школехь дийшира цо. Цигахь дешна ваьллачул тIаьхьа Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн а, юкъарчу а филологин институт чекхъяьккхира. Тайп тайпана белхаш бира.
Ткъа тахана, жимачохь дуьйна шена гуонаха хиллачу книгашна юкъахь ву иза. Оьрсийн маттахь ю цуьнан говзарш. Цуьнан произведенеш дукха хьолахь интернета чохь хуьлу. Цу чохь дуккха а ешархой а бу цуьнан. Уггаре а йоьшучарах ю «Таинственный Коран» «Книга размышлений» произведенеш.
Вахин къамел а ду дахаран маьIнех кхетта вогIучу воккхачу стеган санна. Жимачуьнца а, воккхачуьнца а бийца мотт карабо цунна. Цундела, воьду иза балха. Бераш а хуьлу, цунах шайн доттагI а вой, цуьнца кест-кеста цхьаьнакхета лууш. Ша кхоллараллин стаг хиларе терра, дуккха а Iалашонаш а, сатийсамаш а бу цуьнан, амма уьш кхочушхилале ца бовзуьйту цо…
З.ЛОРСАНОВА
№59, шинара, хьаьттан (август) беттан 1-ра де, 2017 шо