«Жималлера аьзнаш»

Хаза кхаъ бу берашна лерина дийцарийн я туьйранийн керла книга араялар. Нохчийн Республикин Яздархойн союзо зорбане яьккхина Исмаилов Абун «Жималлера аьзнаш» книга.

Тайп-тайпанчу басаршца кечйинчу книги тIехь ши дийцар а, цхьа байт а ю.

Хууш ма-хиллара берийн собар ца хуьлу яккхий книгаш еша. Ткъа Абун книга берашна еша кIордор доцуш, дийцарш кегий долуш ю. Жималлера аьзнаш вайх хIораннан а иэсехь шен-шен дисина. Дукхахьолахь юьртахь кхуьуш долчу берашна гергара, хьоме хуьлу дийнаташ: говраш, бежанаш, уьстагIий, зIакардаьхни, Iуьйренан а, суьйренан а шен аматаш, билгалонаш хуьлу, цаьрца аьзнаш а.

Иштта, книгин хьалхарчу «Жималлера шира аьзнаш» дийцар воккхачу стеган шайн юьртах болчу дагалецамашна тIера долалуш ду. Цунна хетарг тахана дукха нехан дог лозуш хIуманаш а ду. Адам юьртабахамах, лаьттах дIахердаларх лаьцна дуьйцу Абус. «Тахана юьртан урам-некъаш дуьззина дIасахоьхкуш ю машенаш. ГIашло наггахь бен ца хаало». «Ткъа хIинца и аренаш екъна, наха шайн долайохуш, дIалецна бажа бажо меттиг ца йисина».

Дийцар берашна лерина делахь а, амма цу тIера дагалецамаш шен махках, халкъах дог лозучу хIора а воккхачун дагах кхетар болуш бу.

Берашна товр ду «МIайстойн кхиэл» туьйра. Вежаршна юкъахь нийса кхиэл ярх лаьцна ду и туьйра. Берийн хьекъал кхиадо ишттачу туьйранаша. Вайн республикин хIора кIоштан берийн библиотекашка а, книгийн туьканашка а дIакхача луур ду и тайпа книга.

Цуьнан тираж 1 эзар экземпляр бен яц. Вайн санна долчу халкъана йоккха яц и тираж. И тайпа книгаш оьшуш ю, кхин а алсам зорбане яьхча дика а хир дара.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№60, пIераска, хьаьттан (август) беттан 4-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: