Кхоллараллин новкъахь

Бераллерчу сатийсамийн а, лаамийн а шен цхьа хан ю олий хета. Наггахь бен нислуш дац, ша жималлехь сатийсинчуьнга кхачар. Ткъа иза а, оцу адаман лаам а, тешам а тIех чIогIа хиларца доьзна ду аьлла хета. Дукха жима йолуш дуьйна актриса хила лууш йолу Масарова Зухра тахана Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн къоман театран къоначу актрисех цхьаъ ю.

Цхьана дийнахь, телевизоре хьожуш Iаш йолчу Зухрана спектаклана кечам бечу актерийн репетицех бIаьрг кхийтира. Ша жима а, хьекъал кхиъна далаза а хиларна сихха тIаьхьа ца кхиира иза шена гуш долчунна.

Цуьнга лерина хьажа йолаелча кхийтира цунах Зухра. Дуьххьара иштта марзъелира цунна актеран говзалла. Театран йоккхачу сцени тIехь ша ролаш ловзош суьрташ дуьхьалхIуьттура цунна кест-кеста. Амма, цкъа мацца а шех актриса хир ю бохург дагахь дацара цунна.

Соьлжан кIоштарчу Эха-Борзехь йина а, кхиъна а ю къона актриса. Школехь дика доьшура йоIа. Ингалсан меттан предмет къаьсттина хазахеташ яра иза. Кхиамца школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, ладуьгIуш Iара иза, актеран говзалла караерзо дешаран учреждени ю-те, яц-те бохуш.

Дукха хан ялале цунна хиира, Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультетехь актерийн отделени хилар. Иштта яхара иза цига деша а.

– Ас университетехь доьшучу хенахь дара иза, актерийн говзалла хьоьхуш вара тхуна Нохчийн Республикин халкъан артист Джамаев Iимран. Цо кхайкхира со театре балха. Вайн нохчийн театран актера, вевзаш волчу артиста театре балха кхайкхар, суна, хьалхарчу курсехь доьшучу студенткина боккха кхаъ бара. Цул хьалха мелла а шеконаш хиллехь а, баккъал а сайн хьуьнарх тийшира со, – хазахетарца а, шех лаьцна дийца ца хIуттуш дагалоьцу Зухрас.

Дахарехь тийна а, сов къамелаш доцуш а йолу Зухра сцени тIе яьллачул тIаьхьа, кхин адам а хуьлий дIахIутту. Цо ша сцени тIехьа юьту, тIаккха сцени тIе йолу гайта дезачу вастехь. Мусаев Iалавдин пьесин буха тIехь, режиссера Хакишев Руслана хIоттийначу спектаклехь дебют хилира цуьнан. Оцу спектаклехь ша ловзийна «Лайлаан» роль уггаре а хьоме хета цунна. Ца хоьтийла а дац. И роль ма ю дуьххьара Зухра кхоллараллин новкъа яьккхинарг.

Университетехь хьалхара курс чекх а яккхале театре балха еана къона а, хаарш гулдаза а ю бохуш юьстах ца яьккхира иза. Балха хIоьттина дукха хан а ялале ролаш тешайора цунах. Иза, цо шен хьуьнарш гайтарна хилла хир дара. Комедин а, драмин а спектаклашкахь цхьатерра дика ларайора иза.

Драмин спектаклашкахь ролаш ловзош къаьсттина хазахета къоначу актрисина. Дахар, вайна ма-хаъара, цхьанаэшшарахь ца хуьлу. Дахарехь велар а, велхар а нисло. Хьовсархошна иза гайтар дика нисло цуьнан. Вайн нохчийн артисташна юкъахь Зухрас масал оьцу Багалова Зулайх а, Ахмадова Хьавах а, Джамаев Iимранах а, кхечарах а.

Шена жимачохь телевизора чухула гуш хиллачу Багалова Зулайца цхьаьна ша сцени тIехь лаьттар ю бохург хIетахь дагахь а дацара цунна. Ткъа тахана, цуьнца цхьана спектаклехь роль ловзийна ца Iа иза. Зулайс йоккха меттиг дIалаьцна къоначу актрисин кхоллараллин новкъахь. Хийлазза, цунна оьшучохь хьехар а до, цахуург Iамош а гIо до.

2010-чу шарахь дуьйна театрехь болх беш ю Зухра. Къона елахь а, иза дика кхета, бакъйолу актриса хила дуккха а шерашкахь ша шена тIехь къахьега дезаш хиларх. Иза къахьоьгуш схьайогIуш а ю. Вай тешна ду хан-зама яьлча, цIеяхханчу артистийн могIаршкахь Масарова Зухра а хирг хиларх.

З.ЛОРСАНОВА

Суьрта тIехь: къона актриса Масарова Зухра

№60, пIераска, хьаьттан (август) беттан 4-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: