Сурабай гIалахь йолчу Индонезин технологийн институтехь (Sepuluh November Institute of Technology) шен болх дIаберзийна «Хьекъале гIала» а, «ГIаланашкахь а, ярташкахь а хинан тIаьхьалонаш кхиор а» теманашна леринчу дуьненаюкъарчу форумо.
Форум дIаяьхьира асаран (июль) беттан 12–25-чуй деношкахь. Цигахь дакъалоцуш вара 17 пачхьалкхан 45 векал.
Билгалдаккха догIу дакъалацархошна юкъахь Россин Федерацин цIарах дакъалоцуш Нохчийн пачхьалкхан университетан белхахо Шаванов Муса а хилла хилар.
Иза Нохчийн пачхьалкхан университетан Агротехникин институтан «Хасстоьмаш а, кемсаш а лелор» кафедрин ассистент ву. Цо дийцарехь, дIаяьхьначу форуман Iалашо яра карарчу хенахь Индонезин юкъараллина хьалха лаьтташ йолу проблемаш дIаяхарехь оьшург лахар а, тайп-тайпанчу пачхалкхашкарчу студенташца а, хьехархошца а и гIуллакх дийцаре дар а.
– Индонезехь оха ши кIира даьккхира. Со, олуш мухха делахь а, Россин Федерацин цIарах цхьаъ бен воцу векал вара цигахь. Форуман гурашкахь оха «горга стоьлаш» вовшахтоьхна ца Iаш, хица проблемаш йолчу кегийчу ярташка а, кIотаршка а дIаса а доьлхуш, меттигерчу бахархошна хетарг тидаме оьцуш, тхайн хетарг довзуьйтуш белхаш бира. Оцу нахана хица кхачояран агIо лахар яра тхан Iалашо. Ша и форум хIокху шарахь ворхIалгIа дIахьош яра. Ас заявка яхьийтича, со чекх а велира, цара соьга кхайкхаран кехат а даийтира, – дийцира Мусас.
Ша Великобританехь дешна хиларе терра, меттанаш тайп-тайпана хиларца йоьзна хало форумехь шена цахилар а билгалдаьккхира кIанта.
Дагадоуьйту Шавалов Мусас 2014-чу шарахь Ноттингеман (Великобритани) университетан юьртабахаман факультет чекхъяьккхина хилар. 2015-чу шарахь Харпер Адамсан университетехь Мусана «Дуьненаюкъара агробизнес а, кхачанийн сурсаташ латторна тIехь урхалла а» говзаллин магистр дарж делла.
И.АДАМОВ
№60, пIераска, хьаьттан (август) беттан 4-гIа де, 2017 шо