ХIокху деношкахь шина дийнан визитаца Нохчийн Республикехь хилира СаIудийн Аравин Россин Федерацехь волу векал Iабдулрахьман ИбрахIим Iали Аль-Расси. Цуьнца цхьаьна Соьлжа-ГIала еанера цуьнан хIусамнана Шарифа Фахад IабдуллахI Аль-Овайда а, векалан гIоьнча Атраш Мохьаммад Юсеф а.
Соьлжа-ГIалин аэропорте хьешашна дуьхьал вахара Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, Нохчийн Республикин транспортан а, зIенан а министр Черхигов Рамзан, кхиберш а.
Iабдулрахьман ИбрахIим Iали Аль-Расси цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца. СаIудийн Аравин тIаьхьенийн элигара маршаллин кост дIаделира векала Кадыров Рамзане а, нохчийн халкъе а.
– ХIоразза а, Нохчийн Республика хьахийча, даима а дикачу агIор дуьйцу цо шу, Ахьмадан Рамзан. Тхан пачхьалкхан куьйгаллина а кхочу шун махкахь дикачу агIор хуьлуш болчу хийцамийн хазахетар, – элира цо.
Иштта, векала Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна баркалла элира СаIудийн Аравин а, Россин а юкъаметтигаш тоярехь дакъалацарна.
– Тхо даккхийдедо, шу тхан вежарий хиларх а, аш СаIудийн Аравина а, Россина а юкъахь доттагIаллин юкъаметтигаш тоярехь а, кхиорехь а, чIагIъярехь а жигара дакъалацарх а, – билгалдаьккхира цо.
Кадыров Рамзана хаийтира СаIудийн Аравин куьйгалло дIахьош йолу политика бахьанехь дуьнен чохь Ислам дине болу хьежам дикачу агIор хийцалург хиларх ша тешна хилар. Цо билгалдаьккхира СаIудийн Арави терроризмана дуьхьал къийсам муха латто беза гойтуш долу масал хилар а, ткъа шен коьртехь паччахь Салман ибн Iабдул-Iазиз а, тIаьхьенийн эла Мухьаммад ибн Салман а волу цуьнан куьйгалла дуьненан политикашна юкъахь боккха сий-ларам болуш хилар а.
Iабдулрахьман ИбрахIим Iали Аль-Рассис баркалла элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна СаIудийн Аравин куьйгалло дIахьош йолчу политикин лаккхара мах хадорна. Хьешо билгалдаьккхира шайн пачхьалкх Нохчийн Республикехь маьрша дахар хилийтарна тIехь гIо дан Iалашо йолуш хилар.
– Иракъехь эшна «ДаIиш» олу террористийн тоба (Россин Федерацехь магийна йоцу организаци). Оха Иракъана гIо до, оха тхайн эскарш ца дохуьйту цига. СаIудийн Аравин Iалашо лулара пачхьалкхаш йохор яц, мелхуо а, уьш кхиорна гIо дар ю. Оха кхачанан сурсаташца гIо до Иракъана, тхо тешна ду оцу пачхьалкхехь долу хьал дикачу агIор хийцалург хиларх. Иштта, тхо чIогIа тешна ду Шемахь йолу террористийн тобанаш оьшург хиларх а, цигахь маьрша дахар дIахIуттург хиларх а, цигарчу бахархойн маьрша баха а, болх бан а, шайн пачхьалкх кхио а аьтто хирг хиларх а, – элира цо.
СаIудийн Аравин векала. Iабдулрахьман ИбрахIим Iали Аль-Расси Нохчийн Республикин муфтица Межиев Салахь-Хьаьжица а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамчица Шахидов Адамца а цхьаьна, Соьлжа-ГIалин «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь хилира, цигахь ламаз а дира.
Цул тIаьхьа делегаци шайхан, эвлаяан Кишин Кунта-Хьаьжин (Дала къайле цIинйойла цуьнан) ненан цIарах йолчу хьафизийн школе яхара. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас, Нохчийн Республикин хьафизийн школин директора Кадырова Хьасейна хьешашна дийцира школех лаьцна, ткъа дешархоша Сийлахьчу Къуръана тIера сураташ дийшира.
Иштта, оцу визитан гурашкахь делегацин декъашхой республикерчу туристийн объекташкахь а хилира.
I.МУРТАЗОВ
№60, пIераска, хьаьттан (август) беттан 4-гIа де, 2017 шо