Даудов Мохьмад: «Халкъан сийлахь воI Кадыров Ахьмад-Хьаьжа тIаьхьенийн иэсехь даима а ваха вуьсур ву»

Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада билгалдаьккхира Нохчийн Республикера тIеман кризис дIаяккхарехь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас лелийна долу Iаламат доккха маьIна.

Инстаграмерчу шен агIонехь Даудов Мохьмада дуьйцу: «Дуьненахь уггаре а цIеяхна болчу Iеламнаха чIагIдо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дахар АллахIан некъа тIехь дина бакъонца гIазот хилар».

– Вайн къоман баьчча, Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа тахана дерриге а дуьненахь вевзаш ву гоьваьлла политикин а, динан а гIуллакххо санна. Цо шен мах хадийна ца валлал йоккха хазна юкъайиллина Россин Федерацин цхьаалла Iалашъярна. Вайн республикера тIеман кризис дIаяккхарехь, машар барехь, къепе дIахIотторехь цо гайтинарш вуно даккхий хьуьнарш ду, шайн мах хадо. Цуьнан мах хадалур а бац, – яздина Даудов Мохьмада.

Нохчийчоьнан законаш дахаран органан Председатела дийцарехь, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа даима а вара тIамна дуьхьал. ТIом ца безара цунна. Хаьара, цо халкъана зенаш, эшамаш бохьий. Маьрша нах, цхьана а хIуманна гунахь боцу, белхабой, Iазапе лоций, цаьрга къелла, мацалла, бала хьоьгуьйтий.

– Цхьамма а къобалйина йоцучу Ичкерин «тхьамданаш» вайн бахархой Iинчу, бердах кхийса гIерташ, кара герзаш эца бохуш, кхайкхамаш беш болчу хенахь а, Ахьмад-Хьаьжа дика кхеташ вара цо стенна тIедалор ду. Цундела иза сацам боллуш дуьхьал велира тIамна, цIийIанорна. Ахьмад-Хьаьжа даима а шен халкъана юкъахь, цуьнца цхьаьна вара. Хаьара цунна тIемаш, цIийIенор, кегарий кIордийний.

Шен хьикмат, стогалла, доьналла бахьанехь, мел халачу зерех чекхвала а шегахь хьуьнар хилар бахьанехь, балехь долчу халкъана гIо дан боккха лаам хилар бахьанехь вайн къоман баьччин ницкъ кхечира политикин хьежамаша тайпанашка а, вирдашка а екъна йолу нохчийн юкъаралла цхьаьнатоха, цуьнан барт бан.

Цул тIаьхьа, 2003-чу шеран бекарг (март) беттан 23-чу дийнахь дерриге а халкъан Референдумехь историн маьIна долу харжам бира – дукха къаьмнех лаьтташ йолчу Россин Федераци юкъахь даха.

Цундела Кадыров Ахьмад-Хьаьжа шен халкъан сийлахь воI санна, даима а вехар ву тIаьхьенийн иэсехь. Шен дахар дIа а луш, оцу тIаьхьенашна ирсе, токхе кхане хилийтарна мел оьшург дина цо, – дерзадо Даудов Мохьмада.

Иза хьакъ ву вайн иэсехь виса, шех лаьцна дийца, яздан.

С.ХАМЗАТОВ

№60, пIераска, хьаьттан (август) беттан 4-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: