Хьаьттан (август) беттан 2-чу дийнахь республикин финансийн министерствехь йоккха кхеташо дIаяьхьира. Иза лерина яра энергетикин комплексан а, газаца кхачояран декъан а проблемийн гIуллакхаш дийцаре дарна.

Цигахь дакъалецира республикин Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара, Правительствон вице-премьера – финансийн министра Тагаев Султана, Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима, «Газпром Межрегионгаз» компанин коьртачу директоран заместитела Исаков Николайс, иштта, тайп-тайпанчу министерствийн а, учрежденийн а векалша.
Кхеташонехь дийцаре дира кхо гIуллакх: Нохчийн Республикин энергетикин комплексан хьал а, проблемаш а; бюджетах пайдаоьцучара коммунальни хьаштех ахча дIадалар; Соьлжа-ГIалин «Теплоснабжени» предприятин энерготIаьхьалонех пайдаэцар а, ахча дIадалар а.
Эдельгериев Абубакара дийцира кхеташо дIаяхьаран Iалашонах лаьцна. Ткъа Исаков Николайс довзийтира газаца кхачояран декъехь Нохчийн Республикехь ма-дарра долу хьал а, цуьнан ши проблема а – газах пайдаоьцучара ахча кхачам боллуш а, шен хеннахь а схьалуш цахилар а, дIахьажийначу а, пайдаэцархошка дIакхаьчначу а газана юкъахь хуьлуш йолу башхалла (разбаланс) йоккха хилар а.
Дагадоуьйту оццу гIуллакхна лерина кхеташо мангалан (июль) беттан 6-чу дийнахь, республикин Правительствон вице-премьер Хакимов Хьасан куьйгаллехь а волуш, дIаяьхьна хилар.
Хууш ма-хиллара, асаран (июнь) беттан 9-чу дийнахь Нохчийн Республикин Правительствон Председатела республикин бюджетан ведомствошна а, учрежденешна а тIедиллира коммунальни хьаштех пайдаэцарна догIуш долу ахчанаш дIадалар.
Оццу кхеташонехь республикин финансийн министерствос, асаран (июнь) беттан 9-чу дийнахь Нохчийн
Республикин Правительствон Председатела республикин бюджетан ведомствошна а, учрежденешна а коммунальни хьаштех пайдаэцарна догIуш долу ахчанаш дIадалар тIедилларан гурашкахь, 2017-чу шеран хьалхарчу эхашарна бюджетан ведомствошна къастийна долу ахча кхачам боллуш дIакхачийна хиларан а, цул тIаьхьа, оцу гIуллакхна шаьш жоьпе цахиларан а хьокъехь хаам бира.
Циггахь докладаш йиначу «Газпром Межрегионгаз Грозный» а, «Чеченэнерго» а компанийн векалша билгалдаьккхира бюджетан ведомствоша шаьш пайдаэцначу коммунальни хьаштех жим-жима ахча схьадала долийна хилар а, цуьнан ма-дарра долу хьал бутт чекхболуш бен хуург цахилар а.
Гарехь, оцу гIуллакхан кхачам боллуш кхин йист а ца яьлла, республикин Правительствон Председателан юха а шен тергоне эца дезна и гIуллакх.
И.ИСЛАМОВ
№60, пIераска, хьаьттан (август) беттан 4-гIа де, 2017 шо