США-н Президент Д.Трамп Конгрессан лаамна тIетайна. ХIокху деношкахь цо куьг яздина Россина дуьхьал йолу санкцеш чIагIъяран хьокъехь долчу законна. И дарца цо кхоччуш галъяьхна Россиний США-ний юкъара юкъаметтигаш, меттиг ца йитина цхьана а декъехь цхьаьна гIуллакхаш дарна.
***
ФРГ-н Iедалан векалша чIогIа резадарца тIеэцна Россина дуьхьал йолу санкцеш чIагIъяран хьокъехь долчу законна Д.Трампа куьг яздина хиларца боьзна хаам. Царна хетарехь, Россиначул а чIогIа тIеIаткъам бийр боцу санкцеша Евросоюзана юкъайогIучу а, кхечу а пачхьалкхашна.
***
США-хь, рельсаш тIера охьа а иккхина, хаьрцина киралелон цIерпошт. ЦIерпоштана тIаьхьатесна хиллачу вагонех 32 тIекIалъяьлла. Вагонаш чохь хиллачу яйнаш чохь дIаьвше (токсични) хIуманаш хилла. Царах оцу сохьта цIе яьлла. Некъан бохам хиллачу меттера ханна дIакхалхийна 300–400 стаг.
***
ЦIеяйъархойн цкъачунна ницкъ ца кхочу Францин хьаннашкахь йолу цIерш дIаяйа. ЦIераша масех юьртарчу бахархойн цIенош дагийна. Ханна кхечу меттигашка дIакхалхийна лаххара а 10 эзар стаг. Уьш хьешацIеношкахь а, юкъарIойлашкахь а, приюташкахь а дIатарбина.
***
Цкъа а ца хиллачу кепара йовхо Iаьткъина Италехь. Йовхонан барам 50 градусе дIакхаьчна. Йовхонна тоха са доцуш хьийза италахой, къаьсттина къаной а, цомгашнаш а. Изза хьал ду Эрмалойчохь а. Цигахь а 49 градусе кхаччалц йовхо ю.
***
Стомара Шемин пачхьенехь йолчу Россин посольствон гIишлойн комплексана минометаш тоьхна. Цхьадика, вайн дипломатех цхьанна а зен-зулам ца хилла. Бакъду, гIишло кIеззиг йохийна. Шемин бакъонаш ларъяран органаша дIахьош ду зулам динарш лахаран гIуллакхаш.
***
Абхазехь йолчу Россин тIеман гIирсийн а, хIоъ-молханийн а складехь лелхарш хилла. Цигахь лаххара а 60 стагана чов йина. Царна юкъахь 30 сов Россин вахархо а ву. Селхана Iуьйранна чевнех елла карийна Россин кхин а ши яхархо. Россин Талламан Комитето цуьнца доьзна талламан гIуллакхаш дIадолийна.
***
Нагахь санна Донецкан а, Луганскан а областашкарчу бахархошна кхачанан сурсаташца а, кхечуьнца а гIо дар саца ца дахь, ша Беларусина дуьхьал санкцеш юкъаялор ю аьлла, кхерам тесна Украинин Iедало. ХIун санкцеш юкъаяло ницкъ болуш ю Украина? Иза хьехош дац.
***
Россин Президента В.Путина вайн махкара десантникаш декъалбира ХIаваан-десантан эскарийн денца. Хьаьттан (август) беттан 2-чу дийнахь 87 шо кхаьчна вайн махкахь десантан эскарш вовшахтоьхна. И де ерриге а Россехь билгалдаьккхира.
***
Россин Правительствон Председателан заместитель Д.Рогозин «Персона нон грата» ву аьлла дIакхайкхийна Молдовин Правительствехь. Иза Iовдал хIума ду аьлла дIахьедина оцу мехкан Президента И.Додона.
№60, пIераска, хьаьттан (август) беттан 4-гIа де, 2017 шо