Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон кегийрхой патриотически ойланехь кхетош-кхиоран отдело семинар вовшахтоьхнера Шелковски кIоштарчу «Кхиазхойн могашалла меттахIотторан а, социальни реабилитаци яран а туьшан» аьхкенан «Радуга» лагерехь.
Семинар кхузаманан юкъараллехь нохчийн халкъан мехаллаш Iалашъярна лерина яра.
Оцу мехалчу темина леринчу семинарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан говзанча, Iеламстаг Зауров Мохьмад, Шелковски кIоштарчу школийн ийманехь кхетош-кхиоран декъехула болчу хьехархойн советан председатель Джамалдиев Мовлади, лакхахь хьахийначу министерствон кегийрхой патриотически ойланехь кхетош-кхиоран отделан хьаькам Цацаев Апти, «Даймохк» газетан культурин отделан редактор Эльдерханова Зайнап.
«Радуга» лагеран хьехархошна а, тайп-тайпанарчу кIошташкара садоIуш долчу берашна а дийцира нохчийн халкъан хазачу гIиллакхех лаьцна. Царех уггаре а хаза долчу гIиллакхех: да-нана, воккханиг ларарх, жимачун доладарх, гIийлачух къахетарх лаьцна дийцира Зауров Мохьмада а, Джамалдаев Мовладис а.
«Башха а дац воккханиг керста велахь а, бусалба велахь а. Вай гIиллакх – иза лардар ду», – элира М.Джамалдаевс.
Зауров Мохьмада дагадаийтира нохчийн халкъан ширачу гIиллакхех цхьадерш.
«Къуръан чу-ара доккхуш хевшинчуьра хьалагIовттуш хилла вай. Цхьаболчу наха тахханалц сийдеш лардеш схьадохьуш ду и гIиллакх. Цхьаболчарна иштта хуьлий а ца хаьа. Амма вайн гIиллакхаш оьзда, хаза ду. Масал далош дийца лаьа хилларг. Шемахь (маьршачу шерашкахь) доьшуш хилла вайн махкахо. Цхьана дийнахь ша автобуса тIехь вогIучу хенахь цу чохь воккха Iеламстаг гина хилла цунна. Иза меттигера Iаьрби хилла. Нохчийн кIанта шех а, цунах а некъана мах дIабелла хилла. Иза хиъначу Iаьрбичо аьлла хиллера: «Велахь а нохчи хилла хир ву сох ахча делларг. ЦIе мукъане хIун ю техьа цуьнан?».
Иштта, хаза гIиллакх лаьцна меттиг хилча мел генара а некъ хадабой цIакхочу хабар. Диканиг бен ма хезийла вайн нохчийн кIентан, йоьIан хьокъехь цкъа а». Чулацаме, цкъа а дагара дер доцуш, хаза дара цхьаьнакхетар.
Ишттачу цхьаьнакхетарша кегийрхойн патриотически ойланехь кхетош-кхиорна дикачу агIор тIеIаткъам бо, махках а, халкъах а дозалла дарна само йойту.
З.ХИЗИРОВА
№60, пIераска, хьаьттан (август) беттан 4-гIа де, 2017 шо