Къилбаседа Кавказан федеральни округерчу субъекташкахь яьржина йолчу «аптекашкарчу» наркоманин гIуллакх дийцаре дира хIокху деношкахь Ставрополан крайрерчу Пятигорскехь.
Цунна лерина «Лирико Кавказ хIаллакйо. Аптекашкара наркомани: проблемаш, цуьнца къийсам латторан некъаш» цIе а йолуш, доккха цхьаьнакхетар дIадаьхьира Россин Федерацин Юкъараллин палато.
Цигахь дакъалецира федеральни округерчу субъекташкарчу кхочушдаран а, законодательни а органийн, кегийрхойн боламийн а, юкъараллийн а векалша.
Нохчийн Республикин цIарах дакъалоцуш республикин Юкъараллин палатин декъашхо Дунаев Муса а, оццу Палатин говзанча Гайраханов Мовла а, Республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Наркотикаш яржорна тIехь терго латторан урхаллин хьаькаман заместитель Бачаев Асламбек а вара.
Форум дIахьош вара Россин Федерацин Юкъараллин палатин декъашхо, антинаркоманин «Антидилер» боламан куьйгалхо Носов Дмитрий. Цо билгалдаьккхира «аптекашкара» наркомани Къилбаседа Кавказан федеральни округехь Iаламат чIогIа яьржина хилар а, цунах «пайдаоьцуш» дуккха а кегийрхой хилар а, оцу наркоманин «бух» Ставрополан крайрерчу Пятигорскехь а, Дагестанерчу Хасавюьртахь а хилар.
– Меттигерчу Iедалша а, наркоманица къийсам латторан органаша а оцу зуламца дийнахь а, буьйсанна а къийсам латтош боллушехь, и зулам лахлуш дац. Кегийрхоша наркотик санна лелош долу молханийн буьртигаш хIинццалц шаьш кегийрхоша дIасакхехьнехь а, хIинца и «болх» таксисташка дIабелла. Хасавюьрта а, Пятигорске а мел богIуш болу таксисташ сецийна Iедал дер доций а хууш дина хIума ду иза, – элира цо.
Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Наркотикаш яржорна тIехь терго латторан урхаллин хьаькаман заместитела Бачаев Асламбека дийцира наркотикашца къийсам латторна леринчу федеральни законодательствехь кхачамбацарш хиларца доьзна «аптекашкарчу» наркотикех пайдаоьцурш жоьпе озо чIогIа хала хиларх а, цу декъехь Нохчийчохь бечу балхах а лаьцна.
Нохчийчоьнан Юкъараллин палатин декъашхочо Дунаев Мусас билгалдаьккхира наркотикашца къийсам латторна леринчу федеральни законодательствехь долу кхачамбацарш хилла ца Iаш, оцу декъехь кхин а цхьа проблема хилар.
– Дешархошца а, студенташца а, кхечу кегийрхошца а болх беш болу говзанчаш корматалла лахара йолуш бу. Вай цхьаъ дуьйцу кегийрхошка а, студенташка а, дешархошка а, ткъа оцу говзанчаша, шайн корматалла лахара хиларх эхь а ца хеташ, бIостанехьа дерг я кхидерг дуьйцу. ТIаккха вай дийцинарг а, вай мел динарг а дов. Дукха хьолахь цундела бац вайга кегийрхой «ладугIуш», – боху Дунаев Мусас.
Гайраханов Мовлас оцу зуламца къийсам латторан декъехь шена хетарг довзийтира. Цо билгалдаккхарехь, кегийрхой оцу молханашца «хIаллакбечара» миллионаш соьмашкахь пайда беш хилар цхьа а къайле яц.
Цундела и тешна ву дуьйцуш долчу зуламна тIехь толам баккхархьама законодательствера кхачамбацарш дIадаьхна ца Iаш, хIора а молха «юкъадоьдуш» йолу пачхьалкхан тIегIанан спискаш кечъян езаш хиларх.
Цунна хетарехь, и «гIуллакх» иштта хила дезаш ду:
1. «Наркотикаш санна лелош долу молханаш» (ОЛПИКН) термин юкъаяккхар.
2. ОЛПИКН-а юкъадахна долу молханаш арахецар цхьана къепе дерзор а, лахдар а.
3. Наркотикаш санна лелош долу молханаш дарна а, даржорна а дуьхьал Россин Федерацин Уголовни кодексан буха тIехь жоьпалла юкъадаладар.
4. Наркотикаш санна лелош долу молханаш дохкар чIогIа Iаткъам беш йолу (СДВ) молханийн препараташ йохкаран тIегIане даккхар.
Цхьаьнакхетаран чаккхенехь Нохчийн Республикин векалийн хьежамаш хьесапе а оьцуш, сацам тIеэийцира.
И.ВАХАБОВ
№60, пIераска, хьаьттан (август) беттан 4-гIа де, 2017 шо