Дукха хан йоццуш, Соьлжа-ГIаларчу Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон актови залехь регионерчу кегийрхойн къамел хилира Нохчийн Республикин Прокурораца Абдул-Кадыров Шарпуддица.
И гIуллакх вовшахтоьхнера Ерригроссин «Прокурораца къамел» проектан гурашкахь Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос Нохчийн Республикин Прокуратурица цхьаьна.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис, республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу мининстра Ибрагимов Iийсас, Россин Федерацин Юкъараллин палатин декъашхочо, Олимпийски ловзарийн совгIатхочо Носов Дмитрийс, иштта Россин Федерацин Юкъараллин палатин а, пачхьалкхан урхаллин органийн а, шуьйрачу хаамийн гIирсийн а векалша, кегийрхоша.
Цигахь коьртачу декъана дийцира наркотикех долучу зуламех а, кегийрхойн могашалла талхочу маларех а, иштта экстремизмах а, терроризмах а лаьцна.
Ш.Абдул-Кадыровс шен докладехь довзийтира наркоманин декъехь республикехь долу хьал. Цо билгалдаьккхира Россерчу ерриге а субъекташна юкъахь вайн регионехь наркоманин а, зуламаш даран а декъехь долу хьал уггаре а дика хилар.
– Таханлера наркоманих лаьцна йолу вайн тема Iаламат ладаме ю. Дерриге а дуьнен тIехь а лаккхарчу тIегIанехь терго ю цунна еш, кегийрхошка шайн могашалла талха ца яйта, уьш кхетош-кхиорна лерина тайп-тайпана дуккха а гIуллакхаш ду дIахьош. Ткъа вайн ирс хилла Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан бахьана долуш. Цо республикехь оцу декъехь дIахьош Iаламат дукха гIуллакхаш ду, цундела цIена бу вайн мохк, – дийцира цо.
Носов Дмитрийс дийцира Нохчийн Республикехь наркоманина а, кхечу зуламашна а дуьхьало яран гIуллакхаш лаккхарчу тIегIанехь дIахьош хиларх а, кхечу регионашкахь вайн махкара хьал масална далош хиларх а лаьцна.
– Иштта долу цхьаьнакхетарша чIогIа гIо до кегийрхошна юкъахь профилактика ярна. Церан таро хуьлу шайн довза луучун хьокъехь хаттарш дан а, говзанчийн хьехаршка ладогIа а. Цундела таханлера вайн цхьаьнакхетар, цхьа а шеко а йоцуш шун дахаран некъа тIехь гал а ца довлуш дIадаха гIо дийр долуш, мехала ду. Дикка дIалацалаш шайна хьехнарш, – элира Д.Носовс.
Дуккха а дара кегийрхойн хаттарш, дукха хьолахь цара хоьттура тайп-тайпанчу зуламаш динчарна хIун тайпа таIзарш хуьлу. Республикин прокурора хIора а хаттарна дуьззина жоп делира.
Хь.БАХТАЕВА
№60, пIераска, хьаьттан (август) беттан 4-гIа де, 2017 шо