«Ахмат» клубан толаман болар

Премьер-лигин командашна юкъахь Россин чемпионатан 3-гIа тур чекхъяьлла. Оцу турехь Соьлжа-ГIалара «Ахмат» шен цIахь левзира Москварчу «Динамо» командица. Футболан лаккхарчу лиге хIинцца юхайирзинчу «Динамона» чIогIа оьшура толам, амма шен цIахь эзарнаш хьовсархошна хьалха эшшане а эша йиш яцара вайн футболистийн. Уьш эша а ца ийшира.

Шайн ловзарца «Ахматан» футболисташ мелла бIаьрла гуш хиллехь а, хьалхара тайм табло тIера 0:0 терахьаш хийца ца луш, чекхъелира. ШолгIачу таймехь цхьацца хийцамаш бира «Ахматан» коьртачу тренера Кононов Олега, цо шен беркате тIаьхье елира. Иштта, Садаев Заур хуьйцуш юкъаваьллачу Митришев Мохьмада матч чекхъяла итт минот йисинчу хенахь схьайиллира толаман чот – 1:0.

Оццу Митришевн цIарца нисделира шолгIа гол тохар а. ГIуданан майданахь иза охьатохар бахьана долуш, соьлжагIалахошна бакъо елира пенальти тоха. И тохарца дика ларийра Родолфо. Иштта, жамI 2:0 долуш, хьалхарчу шина турехь а санна, шен кевнаш «декъа» а дуьсуш, толаман болар дIадаьхьира «Ахмат» клубо. И болар цо лагI ца даре сатуьйсуш цуьнан хьовсархой а бу.

Турниран таблицехь, шел хьалха йолчу «Зенит», «Локомотив» клубашца цхьатерра очкош йолуш, кхоалгIачу меттехь ю хIинца «Ахмат».

ТIейогIучу турехь хьаьттан (август) беттан 5-чу дийнахь «Уфаца» хьошалгIахь ловзур бу вайн футболисташ.

Хь.ДОВКАЕВ

№60, пIераска, хьаьттан (август) беттан 4-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: