«СтелаIад» журналан керла номер

Журналан дешархошка кхаъ баккха лаьа рогIера номер араяларца, шеко яц, уьш цуьнга сатуьйсуш хилла хиларан. Бераш лардаран дуьненаюкъарчу денна лерина ю цуьнан хьалхара агIонаш. Кхузахь ялийна Оспанов Къосуман «Бералла» стихотворени а, берийн суьрташ а. Ма самукъа дер ду церан шайн ирсе яххьаш журналан агIонаш тIехь гича.

«Серло» рубрикехь зорбане баьккхина Муртазаев Сайд-Мохьмадан марханаш кхабаран дозаллех дуьйцуш болу хьехам. Берашна-кхиазхошна хилла ца Iаш, церан дай-наношна а пайдехь хир бу иза. Школазхошна деша тамехь ду оццу темина лерина долу Бурчаев Хьалиман «Марханаш лоцучу буса» дийцар а.

Дешархошна диканиг довзуьйтуш, хьехаман маьIнехь говзарш кхин а ю хIокху номерехь. Масала, ненан матто вайн дахарехь дIалоцучу меттигах дуьйцуш ду Джукалаева Майнатан «Нохчийн мотт боцуш цхьа де» дийцар. БIаьргаш а хьаббина, ойланехь нохчийн мотт боцуш деанчу дийнан сурт хIотто йоьлча, дукха ирча суьрташ хIуьтту дийцаран турпалхочунна хьалха. Оцу суьрташа Iадийна йоI кхета, ненан маттал деза хIума стеган дахарехь цахиларх.

Доьзал ден аьллар тIехь хила безарх дуьйцу «Берзан дош» халкъан туьйрано, ткъа «Зезагийн ницкъ» туьйрано хьоьху дай-нанойн доладар, церан догъоьцуш хилар. Цуьнан автор ву Макалов Шамсудди.

Цхьогалан мекарлонах дуьйцуш долу «Цхьогаллий, къоркхокхий» туьйра-хьехам иштта дерзадо цуьнан автора Шамсудинов Маккхала: «Ткъа ас, бераш, шуна хьехам бо: цкъа а ма тешалаш хIилладолчух. Цхьогало, къоркхокха санна, Iехавой, чIагIо йохайой, тешнабехк бо. Диц ма де кица: «Матта буьххьехь – моз, даг чохь – дIовш».

Берийн тидамза юьсур яц Гацаев СаьIидан, Абубакарова ПетIаматан, Мадагов Увайсан стихаш а, ткъа иштта «Дийнатийн дуьне», «Бераша олу», «Берийн ловзарш» рубрикашкара материалаш а, «СтелаIодан дошам» а, тIаьххьарчу агIон тIера «Хаар-зер» а.

Дешархошна шайн сатийсам эрна ца хиллийла хуур долуш, чулацаме нисбелла «СтелаIодан» рогIерчу номеран чулацам.

Хь.АБАЕВ

№60, пIераска, хьаьттан (август) беттан 4-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: