«Даймохк» («Серло», «Ленинан некъ») газет нохчийн дуккха а яздархошна а, поэташна а литературин кхолларалла йовзарна а, езаяларна а, цуьнан зIийдигаш шайгахь кхиорна а мехала школа хилла дIахIоьттина.

Вайн цIеяххана бевзаш болу литературин векалш Ошаев Халид, Бадуев СаьIид, Мамакаев Мохьмад, Мамакаев Iаьрби, Музаев Нурди, дуккха а кхиберш а яздархой, поэташ хилира къоман газетехь болх беш болчу хенахь. Яздархо, поэт, публицист хиларе терра, иштта газетехь кхиъна ву Шайхиев Iалвади а. Кхузахь шарйина цо шен журналистан а, литературин кхоллараллин а корматалла.
Шайхиев Iалвади вина 1947-чу шеран оханан (апрель) беттан 12-чу дийнахь ГIиргIизойн ССР-н Омскан областерчу Мирза-Акинан кIоштан Октябрьски юьртахь. Цигахь чекхъяьккхира цо гIиргIизойн маттахь хьоьхуш хиллачу школехь кхо класс. Ткъа республика меттахIоттийначул тIаьхьа, Нажи-Юьртарчу Замай-Юьрта цIадаьхкича, 4-чу классе деша вахара.
«Школехь нохчийн меттан хьехархо вара Гойтемиров Висарсолта, – дагалоьцу поэта. – Цо Iамийра суна нохчийн маттахь деша а, яздан а». ШайхиевгIар бехачу юьртахь юьхьанцара школа бен ца хиларна ГIалайтIахь а, Мескитахь а дийшира. Цул тIаьхьа чекхъяьккхира Нажи-Юьртара юккъера школа-интернат.
1964-чу шарахь Замай-Юьртарчу школехь хьехархочун болх бира. Цигахь цхьана шарахь дешархошна хьоьхуш Iийначул тIаьхьа партин Нажи-Юьртан райкомо кIоштан «Коммунизман маяк» газетан къинхьегамхойн кехатийн отделан заведующи хIоттийра.
1965-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн хьехархойн институтан нохчийн меттан, литературин, а оьрсийн меттан, литературин а отделене деша вахара Iалвади.
1970-чу шарахь «Ленинан некъ» хIинца «Даймохк» газете балха кхайкхира Iалвади. Кхузахь дика хьехамчаш карийра цунна. Уьш бара редакцехь дуккха а шерашкахь белхаш бина, журналистан корматалла кхоччуш караерзийна, зеделларг долу перон говзанчаш Хасмагомадов Хьамид, Чалаев Билал, Магомаев Леча, дуккха а кхиберш а.
Редакцехь дика караерзийра Iалвадис журналистан корматалла. Муьлххачу а жанрехь цо язйина статьяш а, очеркаш а, зарисовкаш а дика нислора цуьнан, къаьсттина литературин а, культурин а, нохчийн меттан а, къоман гIиллакхийн а темашна ерш. Цул сов, редакцехь болх бечу хенахь кхиира литературин кхолларалле йолу цуьнан ойла. Газетехь кест-кеста арайовлура Iалвадин стихаш а, дийцарш а.
1973-чу шарахь эскаре гIуллакх дан кхайкхира цуьнга. Цигахь, Iалвади редакцехь болх бина а, литературин кхоллараллин корматалла йолуш а вуйла хиъча, цунна тIедиллира оцу эскаран декъан истори язъяр. И болх, ала хIума доцуш, дика кхочушбира Iалвадис. Эскаран декъан куьйгалхой чIогIа резахилира цо кхочушбинчу балхана.
1975-чу шарахь «БIаьхаллин гIаролехь 50» аьлла цIе а йолуш, Москвахь араелира ша гIуллакх диначу эскаран декъах лаьцна Iалвадис язйина книга. Ткъа ша и болх хьанал кхочушбарна, хенал хьалха эскарера мукъаваьккхина, цIаваийтира.
1979-чу шарахь Москвахь М.Горькийн цIарах йолчу литературин институтехь цо чекхъехира лаккхар литературин курсаш. Цул тIаьхьа Iалвадис белхаш бира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь нохчийн литературин хьехархо, республикин Яздархойн союзехь консультант, «Орга» журналан редактор волуш. «Литературин Нохч-ГIалгIайчоь» журналан редактор а, Хасавюьртахь нохчийн маттахь арадолуш долчу «Халкъан аз» газетан отделан редактор а хилла.
2007-чу шарахь дуьйна «Вайнах» журналан поэзин отделан редактор Iийра Iалвади, «Орга» журналехь болх а бира. Iалвади кхиазхо волуш язъян волавелла стихотворенеш.
1962-чу шарахь «Ленинан некъ» газетехь дуьххьара зорбатуьйхира «Накъост, хаалахь!» цIе йолу цуьнан стих. Цул тIаьхьа «Ленинан некъ» газетахь а, журналашкахь а араевлира цуьнан «Лаьттан дай», «Даймахке маршалла», «Заманан мохехь» цIераш йолу стихотворенеш.
1969-чу шарахь зорбатоьхна, араелира цуьнан хьалхара книга, «Синхаам» аьлла цIе а йолуш. Цунна юкъаяхара «Поэзи», «Нана ю хьоьжуш», «Синхаам», «КIац», кхийолу а стихаш.
1971-чу шарахь зорбатуьйхира цуьнан шолгIа книга, «Безаман алу» цIе а йолуш. Iалвадин «Яьссин къоналла» рогIера книга юьртабахаман белхалойх а, церан къинхьегаман гIуллакхех а лаьцна дуьйцуш йолу очеркаш яра: «Лаьтто Iамийна вайн мотт», «Деза де деана юьрта», «Тхо кханенга хьуьйсу», кхиерш а.
1978-чу шарахь араелира «ГIа-буц» цIе йолу книга. Цунна юкъаяхара Iалвадин шовзткъа сов стихотворени а, «ГIа-буц» цIе йолу поэма а.
1980-чу шарахь зорбатуьйхира «Синпха» цIе йолу стихийн гулар.
2014-чу шарахь зорбатоьхна йолу «Безаман декхар» цIе йолу книга поэтан уггаре а баккхийчу балхех цхьаъ ларалуш бу. Цуьнан ерриге а араяьлла вуьрхIитта книга, газеташкахь а, журналашкахь а зорба тоьхна, араевлла йолу цуьнан кхийолу произведенеш ца йийцича а.
Ала деза, Iалвадис нохчийн маттахь яздина ца Iаш, оьрсийн маттахь а говза яздеш хилар. Иштта, цо оьрсийн маттахь язйина лакхахь вай йийцина «БIаьхаллин гIаролехь – 50 шо» цIе йолу книга, ткъа иштта, «Кхерчахь цIе», «Сийлаллин бIаьнаш», «Таьллан цIен гIа», «Буьйсанан олхазарш», кхиерш а.
Шайхиев Iалвади а, цуьнан кхолларалла а вайн республикехь евзина ца Iаш, цуьнан дозанал арахьа а дика евзаш а, шен лаккхара мах хадош а ю. Уьш ингалсан, французхойн, немцойн, японин, Iаьрбийн, кхечу а меттанашка гочйина, зорба тоьхна ю. Литература езачара билгалдоккху Iалвадин поэзи говза язйина а, шеца дуккха а керла кепаш йолуш а хилар.
Цуьнан лаккхара мах хадийна республикин куьйгалло а. Цунна тоьшалла деш ду Нохчийчоьнан куьйгалло иза шен декъашхо волчу СССР-н, Россин Яздархойн союзаша а Iалвадина тайп-тайпанчу лаккхара а, ахчанан а совгIаташ дина хилар.
Билгалдаккха лаьа Шайхиев Iалвадис нохчийн литература кхиорна шен башхачу кхоллараллица йоккха хазна юкъайиллина хилар.
С.МАГОМАЕВ
№60, пIераска, хьаьттан (август) беттан 4-гIа де, 2017 шо