Къоман мукъамийн чам хаьара

Нохчийн къоман музыкальни культура кхиорехь дукха къахьегна ву Цугаев Супьян. КIорггера хаарш долуш а, лаккхара корматалла йолуш, похIме композитор хилла иза. Цо даьккхина муьлхха а илли халкъалахь даха дуьсура, ладогIархойн даг чу дуьжура.

Ша схьаваьллачу нохчийн къоман мукъамаш дика девзаш вара Супьян. Цаьрга бераллехь кхоллабелла безам бара цуьнан цIийх боьлла, дерриге а дахарехула цо хIайкал санна ларбеш дIакхехьнарг. Супьянан да Сапарбек хилла аз хаза долуш а, Iадхьокху-пондар а, дечиг-пондар а лакха хууш а. Дийца даьккхинчуьра аьлча, Советийн Iедал тIедале хьуьжарехь дешна, юьртан къеда хилла иза. Цунна дукха назманаш а, халкъан бартакхоллараллин иллеш хууш хилла.

Сапарбек юьртан къеда хилла ца Iаш, пхьар вара, цунна кор-неI дан а хаьара, цуьнан жимо пхаьлгIа а яра, юьртабахамехь оьшучунна латтош: марс-мангал тусуш, говран ленаш, цел, иштта дIа кхидолу кега-мерса дезарш эчигах деш. Цунах самукъадолуш даима а дена улле гIертара Супьян а. Заманан йохалла оцу уьйр-марзонах доккха беркат делира кIантана. Дегара дукхах йолу говзаллаш схьаэцна хиллера цо.

Дагахь доцуш, тIехIиттинчу чолхечу заманашкахь мацаллех хьалхавала а, къанделлачу дений-нанний гIортор хила а гIо дира Супьянна массо а тайпана пхьола дан хууш хиларо.

Бералла

Хьалха-Мартан кIоштан Таьнги-Чохь 1931-чу шеран хIутосург (май) беттан 20-чу дийнахь дуьнен чу ваьлла Супьян. Сапарбекан а, цуьнан хIусамненан Несиртан а дуьххьарлера доьзалхо вара иза. Цундела къаьсттина хьоме а вара. Дукхах болу нохчийн зударий санна, кIеда-мерза амал йолуш яра Несирт. Ненан аьхналлех дикка дакъа Супьяне а кхаьчнера. Бераллехь дуьйна девне вацара иза, божаберашца хуьлуш йолу аьрхалла яцара цуьнца.

Дукха жимачохь дуьйна ира хьекъал хиларца билгалвуьйлуш а вара. ВорхI шо кхачале Iадхьокху-пондар а, дечиг-пондар а лакха Iамийра цо шена. Дас цкъа дIаолуш хезначу назмин а, турпалаллин иллин а мукъам схьалоций, иза юха дIаала гIерташ къахьоьгура цо. Шен дерриге а дахарехула чекхбоккхур бу Цугаев Супьяна бераллехь мукъамашка кхоллабелла безам.

Бакъду, бералла къаьхьа чам бетталуш хилира, цуьнан. ХХ-чу бIешерийн 30-чу шерашкахь пачхьалкхехь мискачу адамашкахь къизалла латтайора. Къаьсттина луьра бара Iедалан векалш Iеламнахаца. Дукха молланаш, къеданаш, Iеламнах хIаллакбина Советийн Iедало оцу муьрехь.

Цкъа-шозза дIавигна, чехийнера Сапарбек а. Амма, цкъачунна, кхин зулам ца деш цIа ваийтинера. Делахь а, денна НКВД-с дIадуьгу бехк боцу адамаш гуш йолу Несирт саготта яра, кхиболу пекъарш санна, шен ши кIант тIехь да воцуш висарна кхоьруш. Цуьнан бIаьргаш чуьра Iанаоьху шийла гIайгIа гуш яра ненаца хьаькхана волчу Супьянна.

Ненан гIайгIанах кхета жима велахь а, цуьнан кхоьлина хиларо садуура кIентан. Кхеран сингаттамашна юккъехула тIом болабелира 1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь. Ирча де дара иза. Цул доьхна деара 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-гIа де. Цхьана дийнахь лаххьийна махках бехира нохчий а, гIалгIай а. Къаной, зударий, бераш лаьхкина шалонна тIе хьалабехира, дуьхьало ян гIоьртинарг, кхин цкъа а ца гIатта, лайлахь Iилла а вуьтуш.

Ткъех дийнахь некъ биначул тIаьхьа, хийрачу махкахь шалонна тIера охьабиссийра. ТIаьхьуо, хуур ду Супьянна шаьш совцийна меттиг, Семипалатинск хиллий. Хаттар-алар доцуш, лайла охьакхийсира уьш, цIийзаш, шок етташ шийла мох а болуш. Дуьнен чохь ша яьккхинчу хенахь цкъа а дагара ца йолура Супьянна
эрна арахь яьккхина буьйса. Бераш шелдаларна кхоьруш нана царна тIехьерчара. Ша мелла а воккха хилла аьлла хеташ волу Супьян ненан дола дан гIертара. Йиш йоьхна да царна массарна а гуонаха хьийзара.

ШолгIачу дийнахь цхьана баракехь дIатарбира ЦугаевгIар, комендантан омрица дIасабовла бакъо йоьхкуш. И бакъо царна йихкина Iаш а бацара Iедалан векалш. Иза дерриге а нохчийн халкъе кховдина харцо яра, 13 шарахь вайнах дай баьхначу махках хьегош такхийтина Iазап дара. Массарна, массо а маьIIехь олалла деш мацалла, гIело, ямартло яра. Мацалло а, махкала даро а мозий санна хIаллакдеш дара адамаш.

Кхузахь ийшира Цугаев Супьянна пхьола дар. Лула-кулахь бехачу казахийн кор, неI тойой а даа бепиган цуьрг, шурин така доккхура. Амма цкъа а, юьстахваьлла, мел жима велахь а, цхьа цуьрг шена кхаьллина вацара кIант. Цо иза цIа хьора, ткъа нанас цунах массарна а дакъа дора. 13 шо кхаьчна вара Супьян доьзалан деза дукъ тIелоцуш, дена, нанна, жимах волчу вешина напха латтош.

1945-чу шарахь Семипалатинскехь йолчу жижигах сурсаташ кечдечу комбинате балха воьду иза. Цигахь дика аьтто а хуьлу. Къайлах-къулах даьIахк, неIаран цуьрг йохьий а, чорпин яй баккха бахьана долура. 1948-чу шарахь Семипалатинскерчу метизно-фурнитурин заводе балха вахара иза. Цкъа делахь, луш долу алапа мелла а алсам дара заводехь, шолгIа делахь, белхалошна лерина суьйренан школа яра уллехь. Балхана новкъарло ца йора суьйренан школехь доьшуш хиларо. Масех станока тIехь болх беш, тоьлла белхало ларалуш вара иза. Хаддаза Сийлаллин у тIехь хуьлура цуьнан сурт. Цул сов, кехат-пондар лакха Iемаш а вара иза. Мел яккхий халонаш тIехIиттарх, мукъамашка болу безам гIел ца беллера. Цунна хаьара, мел бодане буьйса цкъа мацца а чекхйолий, маьлхан зIаьнаршца сирлачу Iуьйренна некъ бостуш. Иштта, дегайовхо кхобура жимачу стага цкъа мацца а дай баьхначу лаьтта тIе вайнах цIабоьрзург хиларх а, мукъамийн исбаьхьчу хьаьрме ша кхочург хиларх а.

Балхара ваьлча, суьйренан школе воьдура, цигара цIавеъча, баян дIасаийзош, нотийн хьаьркаш Iамош вехха Iара. Юьхьанца, мах луш, лаьцна шена музыкин баххаш Iамадойтуш хьехархо вара Супьянан. ТIаьхьуо, 1955-чу шарахь, цуьнан ирсана санна, музыкальни училище схьайиллира Семипалатинскехь. Дегара пурба даьккхина цига деша вахара иза, халкъан музыкин гIирсийн отделене.

Иттех шарахь сов, доза доцчу гIайгIанан йийсарехь хилла кIант хаъал серлаваьллера. Иза ког лаьттах ца кхеташ лелара. Цуьнан Iаламат самукъадолура ша Iамийначу хIора керлачу аккордах, керлачу мукъамах, иллех. Цуьнца цхьаьна ша мукъам баккха йолчу ойланца цхьацца йозанаш дора, цкъачунна уьш хьуламехь латтадахь а. Оцу муьрехь Супьяна нохчийн мукъамийн буха тIехь кхоьллина «Кегийрхойн вальс», «Забаре йиш» кехат-пондарца цо, тIаьхьуо, дIалокхуш а, ладогIархоша хазахетарца тIеоьцуш а яра.

Кхоллараллехь хьалхара гIулчаш

Музыкальни училищехь доьшуш волуш Семипалатинскерчу Халкъан кхоллараллин цIийне балха дIаийцира кIант. Iедало вайнахана тIехь латтош хилла таIзар мелла а дайделла мур бара иза. Хрущев Никита Алма-Ата веанчул тIаьхьа, Iедалан векалша билгалдоккхура нохчий а, гIалгIай а кхидолу Советийн къаьмнаш санна, бакъонаш йолуш, адамаш хилар. Вайнахана мерза кхаъ хилла даьржинчу оцу къамелашна тIетевжина, Семипалатинскехь бехаш алссам вайнах хилар тидаме а эцна, ша болх бан волавеллачу Халкъан кхоллараллин цIийнехь, вайн къоман хелхарийн а, эшарийн а ансамбль вовшахтуьйхира Супьяна, шен жимахволу ваша Салман юкъа а озош.

Супьянаца йохьеваьлла, дикка пондар караберзийнера цо а. ТIаьхьуо, вайн махкахь дика вевзаш композитор хир ву Салманах а. Амма цкъачунна, шина вашас берриге а ницкъ тIехьажийнера вайнехан халкъан хелхарийн а, эшарийн а ансамбль вовшахтохарна. Цу тIехь церан дика аьтто белира. Областехь дика цIе йоккхуш ансамбль хилира цунах. Амма цунах тоам ца бира Супьяна. Хьалххе дуьйна Семипалатинскерчу радиоца гергарло лелош, цуьнан штатехь воцу корреспондент хиллачу жимачу стагана дагадеара нохчийн маттахь передачаш эфире яха.

Алма-Атахь иштта радиопередачаш яр дIадолийначу Хамидов Iабдуллех масал эцна хила там бара цо. Еккъа цхьа хаамийн передачаш йина Iаш вацара иза. Говза кечдой вайнехан мукъамаш дохура цо кест-кеста радион эфире. Цара доккха хазахетар дора вайнахана. Цундела, вайн тIечIагIдойла ю Цугаев Супьяна кхоллараллехь яьхна хьалхара гIулчаш журналистикица йоьзна хилар.

1957-чу шарахь, кхиболу вайнах санна, цIабоьрзу ЦугаевгIар а: да-нана, жимах волу ваша Салман а. Балха аравала сих ца ло къона композитор. Сталинан хьадалчаша цIера дахаро къоман культурина дина зен а хууш, иза халкъан бартакхолларалла гулъян а, дIаязъян а волало.

ТIаьхьуо, билгалдер ду Супьяна нохчийн 125 шира мукъам дIаязбина, ноташка берзийна хилар. Царна юкъахь вайн къоман ладугIу эшарш а, хелхаран эшарш а ю. «Нохч-ГIалгIайн фольклор» гуларан шолгIачу томана юкъаяхна цо хIетахь гулйина говзарш.

1959-чу шарахь дуьйна Нохч-ГIалгIайн хелхарийн а, эшарийн а ансамблехь пондарчин-солистан болх беш вара иза. Амма цхьана белхан меттехь къахьегарх сатуьйш-м вацара. Хаддаза кхоллараллин лехамашкахь волчу пондарчина массо а маьIIе кхача а, хьаналчу къинхьегамца ша гулдина хаарш халкъана, махкана дIадовзийта лаьара. Къоман мукъамийн жовхIарех лепа хазалла дуьненна дIайовзийта хьаьгна вара иза.

Цуьнан сатийсамашна жоп луш санна, 1960-чу шеран хIутосург (май) беттан 15-чу дийнахь болх бан йолаелира Нохч-ГIалгIайн телевидени. Юьхьанца дуьйна цигахь болх биначарах цхьаъ ву Супьян. Иза музыкальни редакцин корреспондент вара. Цо кечйина передачаш ган ирс хиллачеран иэсехь йисина «Нохч-ГIалгIайн иллийн, эшарийн, пондарийн Iилманан кIоргалла», «Нохч-ГIалгIайн музыкальни культурах лаьцна», «Нохч-ГIалгIайн музыкальни культура кхиор», иштта дIа кхин а рубрикаш. Даймахка цIаверзар бахьанехь Семипалатинскера музыкальни училище чекхйоккхийла ца хилира цуьнан.

1962-чу шарахь 31 шо кхаьчна Цугаев Супьян Соьлжа-ГIаларчу музыкальни училище деша вахара, ансамблера дIаваьлла. КIорггера хаарш, балха тIехь зеделларг долуш, дозаллица йоккхуш шен цIе а йолуш, пондарча вара Супьян деша воьдуш. Цул сов, хIусамнана ялийна, доьзал болийна, царна напха латтор коьрта декхар долуш а вара. Делахь а, Iилмане кховда лаам боккха хиларна, дешар чекхдаккха лиира цунна.

Ансамблера дIаваларх махкахь а тоьллачу пондарчашна юкъахь цIе йоккхуш волу иза, болх боцуш ца висира. Нохч-ГIалгIайн Республикин корматаллин дешаран Урхаллехь карийра цунна болх. Кегийрхойн исбаьхьаллин самодеятельность вовшахтохар тIедиллира цуна. Шена тIедехкина декхарш цо тIехдика кхочуш а дира. Дукха хан ялале корматаллин дешаран Урхаллехь вовшахтуьйхира ламанхойн мехкарийн хор, халкъан музыкин гIирсийн оркестр, хелхарийн ансамбль. Цугаев Супьянан похIмин беркат дара Нохч-ГIалгIайн Республикин корматаллин дешаран урхаллехь вовшахтоьхначу исбаьхьаллин самодеятельностан тобанашка толаман ирхенаш яхийтинарг а, мехкан дозанал генна арахьа и тобанаш йовзийтинарг а.

Кхиамийн лакхенашка

Соьлжа-ГIалара музыкальни училище кхиамца чекхъяьккхина ваьлла, хоран дирижеран говзалла караерзийна, Нохч-ГIалгIайн Республикин пачхьалкхан хелхарийн а, эшарийн ансамбле балха юхавеара С.Цугаев. Балха вогIуш могIарера пондарча хиллехь а, дукха хан ялале ансамблан хормейстеран дарж кховдийра цуьнга, тIаьхьуо, цунах ансамблан коьрта музыкальни куьйгалхо а хилира. ХХ-чу бIешеран 60-70-чу шерашкахь халачу хьелашкахь болх беш бара вайнехан ансамблера артисташ.

Нохч-ГIалгIайн Республикин массо а маьIIе кхача дезара церан концерташ луш. Шарахь шозза-кхузза Нохч-ГIалгIайн Республикин дозанал арахьа бахар а хуьлура гастролашца. Муьлххачу а гастролашна, де-буьйса ца лоьруш, кечам бан беза, садаIар а, шен рожехь вижар-гIаттар а дицдина. Делахь а, Супьян ларавора артисташца репетицеш ян а, керла мукъамаш баха а.

Тайп-тайпанчу жанрашкахь болх бина цо керла мукъамаш бохуш. Дукха ду халкъан музыкин гIирсийн оркестрана баьхна мукъамаш а. Кхин а алсам ю вокальни говзарш. Цунна дика евзара къоман литература, вайн махкарчу яздархошца, поэташца уллера гергарло лелош вара иза. Иштта кхолладелла ду Окуев Шимин дешнаш тIехь Супьяна даьккхина «Рабу» цIе йолу илли а.

Окуев Шимас яздинчу дешнаш тIехь цхьана иллина мукъам баьккхина Iаш вац Супьян. КIорггера нохчийн мотт, къоман истори хууш, культура, литература евзаш журналист, поэт, яздархо хилла Ш.Окуев. Супьяна мерза доттагIалла а, кхоллараллин гергарло а леладора цуьнца. Цундела вайна тамашийна ца хета «Сан Шуьйта» иллина мукъам баьккхинарг а иза хилар.

Иштта оцу поэтан дешнаш тIехь Супьяна мукъам баьккхина ду «Ламанан кIант» илли а. Цхьаьна Ш.Окуевн дешнаш тIехь мукъамаш баьхна Iийна а вац иза. Цуьнан кхоллараллин гергарлонаш хилла Ахматова Раисица, Эдилов Хас-Мохьмадца, Гацаев СаьIидца, Сулейманов Ахьмадца, иштта дуккха а кхечаьрца. ХХ-чу бIешеран 60–70-чу шерашкахь композитора даьхна иллеш кест-кеста декара радиоэфирехь.

Уьш Даймахках, Iаламах, ненах, безамах, доттагIаллех дара. С.Цугаевс мел даьккхина илли шен хатI, амал йолуш дара. Оцу иллийн хIора хьаьркаца нохчийн къоман хIуо дара, исбаьхьа башхалла яра. Цунна къеггина тоьшалла ду Супьяна А.Сулеймановн дешнаш тIехь даьккхина «Шовда шех схьаийча…» илли.

Бераш дукхадезаш вара вайн турпалхо. Цуьнан чIогIа самукъадолура Нохч-ГIалгIайн Республикин Тайнигийн театрехь берашна лерина нохчийн пьеса хIоттош. Дукха хьолахь, вайнехан авторийн пьесаш Тайнигийн театрехь хIиттош хилча, мукъам язбар Супьянна тIедуьллура. Спектаклан чулацам къагош, берийн даг чу кхочурболуш зевне а, сирла а нислора иза. Цуьнан музыкица «чам тобина» спектакль даима а кхиамца чекхйолура, къоначу хьовсархойн дегнашка дIакхочура. Иштта, похIмечу композитора Цугаев Супьяна Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарахчу театраца а бина болх.

1976-чу шарахь режиссера Хакишев Руслана хIоттийра «Яхь йолу кIентий» спектакль. Нохчийн халкъан бартакхолларалла яра спектаклан бухе йиллинарг. Нохчийн турпалаллин иллеш а, узамаш а дара спектаклехь. РСФСР-н пачхьалкхан совгIат дира иза хIоттийначу режиссерана а, ролаш ловзийначу актерашна а. Къоман театран боккха кхиам бара иза. Цундела билгалдаккха лаьа, спектаклан хормейстер Цугаев Супьян хилла хилар.

Иштта хьуьнаре стаг вара иза. Ша мел гIелвелла, кIадвелла хиларх гIо-накъосталла оьшуш тIевеанчуьнга цкъа а «хIан-хIа» ца олура цо. ГIо оьшучохь, де-буьйса ца лоьруш, шен ницкъкхочург дан кийча вара. Цундела массарна дукхавезара. Цугаев Супьянан дахарехь чолхе мур бара вайна массарна а вевзачу режиссера Татаев Илеса «Вайнахи» фильм йоккху хан. Илесана лиира ша йоккхучу фильмехь цуьнан мукъам бекийта. Мел хала воллуш ша хиллехь а, шен гIуллакх юьстахтеттина, Татаев Илесан дехар жоп доцуш ца дитира цо.

Дахаран шогаллаш

Муьлххачу стеган дахарехь санна, йочане денош кхочура композиторан дог иэшош, бIаьрг белхош. Амма цкъа а шега кхаьчна дегаIийжам цхьанна а базбеш Iедал дацара цуьнан. Шегахь худа собар, доьналла карадора. Цхьа ирс хиллера композиторан: цкъа мацах езаш ялийна хIусамнана Зойбалла муьтIахь а, хIусамден догъэца хууш а яра. Пхи бер дара церан доьзалехь: ши кIант, кхо йоI. Ийманехь хьалакхуьуш дара бераш дешарх а, къинхьегамах а къехкаш дацара. Вовшах самукъадолуш, бертахь доьзал бара иза. Амма цIеххьана беанчу бохамо къизачу иэшаман гIура хьарчийра ЦугаевгIеран кхерчах. Ларамза цхьана девнна юкъа нисвелла кхалхар хилира Супьянан воккхах волчу кIентан Султанан.

1980-чушеран кхолламан (январь) беттан 8-чу дийнахь хилира и бохам. Даима а санна кIант Iуьйранна шен гIуллакхна араваьллачуьра айъина веара церан керта. Цунна зуда ялийча ловзар дан кечъеш хиллачу уьйтIа тезет хIоттийра. Вахьийча санна лаьттара Супьян тезетахь. Цуьнан кийра богура. Ойланаш йоьхна, яьржина дуьненан массо а маьIIехула дIасаяхнера. Ирчачу бохамо Iовжийнера экаме са. Хала лайра цо къизачу Iожалло хеназа катоьхна, дIаваьхьна шен воккхах волу кIант. И шийла кхаъ схьахезча басадаьлла дуьне къегинчу басаршца композиторна кхин серла ца долуш, дуккха а шераш дIаихира. 50 шо бен доцу Супьян кIентан тезет лаьттачу масех дийнахь хийцавелла, 100 шо кхаьчначу къаночух тарвеллера. Иза дика кхетара лелларг Делан кхиэл хиларх.

Делахь а, шел хьалхаваьлла доьзалхо лахьтин кийра верзар дазделлера дена, дуьйцила а йоцуш. Амма висинарг дIалела везаш дуьне ду-кх хIара. Иштта хьаналчу къинхьегамехь сатедан гIоьртира Нохч-ГIалгIайн искусствийн хьакъволу гIуллакххо Цугаев Супьян. Наб йоцуш дIаоьхучу буьйсанашкахь книга язъян волавелира иза. Язйина велира, вайн махкахь буьрса кхихкина тIемаш бахьанехь зорбане яккха ца кхиънехь а.

«Самоучитель игры на дечиг-пондуре» цIе тилла дагахь хиллера Супьян цунна. Амма цIеххьана хиллачу некъахьовзамехь дIавалар хилира. 1999-чу шеран чиллин (февраль) беттан 7-чу дийнахь хилира вайн халкъана, махкана и иэшам. Цугаев Супьян санна волу композитор дIакхалхар, цо 50 шарахь гергга къахьегначу къоман культурина хилла Iаш ма бац. Иза къоман дуьхьа хьанал къахьегна, вайн культурехь йоккха, сирла лар йитина ву. Дика ду цуьнан музыкин башха говзарш вайца йисина. Цара кест-кеста карладоккху халкъан иэсехь похIмечу композиторан сирла васт.

А.ГАЗИЕВА

№60, пIераска, хьаьттан (август) беттан 4-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: