Шен цамгар совъяьлла, дагар хьаладаьлла, лазар чIагIделча, Элчано (I.с.в.с.) аьллера: «Тайп-тайпанчу гIунаш чуьра эций, ворхI кит (Кит – цIоканах йина чу хи дутту хIума) хи дотта суна тIе, нах болчу ара а ваьлла, цаьрга весет дан воллу со». Цуьнан омра кхочушдеш, тIе хи доьттира цунна, цо тоьар ду аллалц.
Элчанан (I.с.в.с.) лазар чIагIделла хан яра иза. Шен цамгар а, лазар а чIагIделла доллушехь, ара а ваьлла, минбар тIе охьа а хиъна, элира цо: «Баккъал а, Делан лайх цхьана лайна харжам белла Дала: дуьненна а, шена гергахь долчунна а юкъахь. ТIаккха цо Далла гергахь дерг хаьржина».
Абу-Бакар кхийтира Делера солават, салам хиларо вуьйцург ша хиларх. ТIаккха вилхира иза. Цо элира: «Тхан синош а, доьзалш а дIалур бар-кха оха хьан метта».
Элчано (I.с.в.с.) элира тIаккха: «Собарде, хIай, Абу-Бакар, ма велха».
Цул тIаьхьа элира цо: «Хьовсал маьждиг чу воьдучу хIокху неIаршка, дIакъовла уьш, Абу-Бакаран цIийнан неI йоцург. Баккъал, сайна Абу-Бакарал беркате накъост цхьа а ца хаавелла суна. Адамех дукхавезарг хоржуш хилча, Абу-Бакар хоржур ма вара ас. ХIетте а, доттагIалла а, ийманан вежаралла а ду-кха, Дала вай шена гергахь цхьаьнатохаре догдохуш долу».
ТIаккха маьждиг чу воьду неIарш ерриге а дIакъевлира, Абу-Бакаран (Дела реза хуьлда цунна) цIийнан неI йоцург. Элчано (I.с.в.с.) шел тIаьхьа нахе ламаз дайта имам хилла хьалхавала, уггаре а хьакъверг Абу-Бакар ву бохург дара иза. Цул тIаьхьа асхьабаша, Элчано (I.с.в.с.) динан гIуллакхехь имам винарг, вайна дуьненан гIуллакхехь имам хIунда ца мега аьлла, Халиф (паччахь) хоржур ву иза.
ТIехдика волчу Элчанна (I.с.в.с.) лиънера Исламан Iаламна, нийсаллин (демократин) дарс дала (кхетам бала). Хьарисатан кIант Зайд, лай волчуьра маьршаваьккхинчул тIаьхьа, эскаран куьйгалхо хIоттийра цо. ТIаккха цуьнан кIант Усамат, цуьнан ткъа шо кхаьчна, шен ден метта Филастинехь эскаран куьйгалхо хIоттийра. МухIажаршна юккъехь баккхийнах боллушехь, ансарашна юккъехь цIеяххана нах боллушехь. Царна дика стаг шен йогIучу метте хIотторан дарс луш. Жима велахь а, цуьнан гIараваьлла хьуьнар долу дела. Цуьнан хене а, иза схьаваьллачу нахе а ца хьоьжуш.
Минбар тIера ша охьавоьссича, цо аьлла: «ХIай, мухIажарийн тоба, ансарашна дика хилалаш. Баккъал а, нах алсамбовлуш бу, ансараш алсамбовлуш бац. Уьш, баккъал а, суна кхерамах кIелхьарволийла карийна долу сан цIа санна, сан къайленна тешаме хилла. Царех дикачунна дика хилалаш, царех вуон хIума диначунна – къинтIера довлалаш».
Цул тIаьхьа, вист ца хуьлуш, сецира иза, нах дIасевцира, шайн кортош тIехь олхазарш долуш санна.
Шегахь чIогIа лазар доллушехь, нахана хьехам бина цо. ХатIе хиларх Дала ша ларвина воллушехь, шен дашехь а, гIиллакхехь а, гIуллакхехь а ша цIена хиллашехь, нахе, ша бахьана долуш зен хилла цхьаъ велахь, лууш волчуьнга шена бекхам бе аьлла, дIахIоьттина иза. Цуьнан хьехамех а, весетех а бусалбанаш кхийтира, Элчанна (I.с.в.с.) Iожалла гергакхаьчний, цо Пайхамаралла кхочушдинчул тIаьхьа, кхачаме дин дIахIоттийначул тIаьхьа, Дала цунна тIаьхьа шен ниIмат кхочушдинчул тIаьхьа.
Веза-Сийлахь волчу Дала ма аьлла: «Тахана чекхдаьккхина ас шуна шун дин (хьанал а, хьарам а къастош долу шариIат), кхочушдина шуна сайн ниIмат (шу нийсачу новкъа дахарца), Ислам хаьржина Ас шуна» (Къуръан, 5 сурат, 3 аят). Элчанан (I.с.в.с.) лазар чIагIделча, асхьабаш а, берриге а бусалба нах а кхерабелира. Синтем байра церан, дегнаш гIайгIане дара. Шена цамгар тIехьаьвзича а, МустIафа (I.с.в.с.) бусалбанийн хьолан ойлаеш вара, дерриге а Исламан умматан а, Усаматан эскаран а ойла еш вара, ша кхелхинчул тIаьхьа хиндолчу ансарийн гIуллакхна саготта вара.
Элчане (I.с.в.с.) хабар кхаьчнера, Византийн эскар Мединатана тIелата кечлуш ду аьлла. Бусалбанаш мостагIашна дуьхьал тIамна кечбелира. Усамат шен эскарца араваьлла Мединатана гергахь лаьтташ вара. Эскар меттах ца долуш лаьтташ дара. ТIедогIучу мостагIийн эскарел боккха бара цаьргара сингаттам – Элчанан (I.с.в.с.) цамгар яра иза. Цуьнан лазар тIаьхь-тIаьхьа чIагIлуш дара. Дала шен Элчанна (I.с.в.с.) хIун къастам бо хьоьжуш Iаш бара уьш.
…Элча шен дахарехь чIогIа халонаш лайна ву. Буобер долуш дуьнен чу ваьлла иза. Буобер долуш кхиъна иза. ХIетте а, Дела вара даима цуьнан терго еш. Лекхаволчу Дала шега Пайхамаралла деллачул тIаьхьа ткъе кхаа шарахь адамашка цхьаъ волчу АллахIана Iибадат де бохуш, ислам-дин даржош, седарчашна, шаьш шайн куьйга динчу суьрташна Iамал ма е бохуш къийсам латтош къахьоьгуш лийлира иза. Цо санна чIогIа къахьегна цхьа а пайхамар вац. Къурайшийн нах а, ТIаиферчу нах а, Делах ца тешаш берш, массо меттехь хиллачу жуьгтий бахьанехьа, тайп-тайпана Iазапаш лайна цо. ХIетте а, собарца, чIогIачу шен ийманца, ойла керчар доцуш, кхечаьргахь хиллачул доккхачу шен доьналлица, гуш-хезаш Делан дине нах кхойкхуш лелла иза. Дала шена гуш болу толам а белла, нах тобанашкахь массо а меттера цунна тIеоьхуш, шех тера цхьа а хIума доцуш, Цхьаъ волчу Деле а, Цо хаьржина волчу тIехдикачу Цуьнан Элчане а, шаьш ийман диллар хоуьйтуш, Исламе берззалц…
Къастаран хутIба дешначул тIаьхьа, шолгIачу дийнахь, шен Iедал ма-хиллара, хьалхаваьлла, нахе ламаз дайта лууш вара Мухьаммад (I.с.в.с.). Цамгаран чIагIалла ницкъ ца кхечира Цуьнан. ТIаккха цо Абу-Бакаре элира, нахе ламаз дайта, аьлла.
Элчанан лазар чIагIделча, Абу-Бакар вара хьалхаваьлла нахе ламаз дойтуш.
Цомгаш хилале хьалха ворхI динар ахча хилла Элчанехь (I.с.в.с.). Догвохиллачуьра меттавеача, Iайшате хаьттина цо: «Царех хIун дира аш?». Цо жоп делла: «Шегахь ду уьш», – аьлла. Уьш схьа а даийтина аьлла цо: «ХIара ахча долахь долуш Далла дуьхьал вахча, Далла хIун хетар дара Мухьаммадах?» (Вуьшта аьлча, хIара ахча долахь долуш Далла дуьхьал водар-кха со). Ша валале къен-миска нахана дIадекъийтина цо и ахча.
Элчано (I.с.в.с.) ша Далла дуьхьал вахар хаьржинчу дийнахь, Дала иза шена герга вига къастам бинчу дийнахь, Делан Элча (I.с.в.с.) нах болчу аравелира. Уьш Iуьйра ламаз деш бара. Иза корта бихкина вара. Абу-Бакар, нахана хьалхаваьлла, ламаз дойтуш воллура. Шайна Элча (I.с.в.с.) гича, цунна гIоли хилла моьттуш, чIогIа хазахетта, бусалбанийн кортош дIадахнера. Церан сингаттам дIабаьллера. Абу-Бакарна хиира, Делан Элча (I.с.в.с.) гича бен, цара иза дийр доций. ТIаккха ша ламаз дечу меттера юхавелира иза. «Ламаз дайта ахь нахе», – аьлла, цунна улле охьахиира МустIафа. Абу-Бакарна аьтту агIор волуш, ламаз дира цо. Ламаз дина ваьлча, нахе вистхилира иза. Цара хазачу суьртехь ламаз деш шена гича, хазахетта, велакъежира иза. Нахана иза цамгарх товелла моьттира.
Абу-Бакара элира цуьнга: «ХIай, Делан Пайхамар, Делан къинхетамца хьуна гIоли хилла го суна».
Валале цхьа-кIеззиг хьалха самавалар хуьлу: берриге а бусалбанаш чIогIа самукъадаьлла бара, МустIафана (I.с.в.с.) дикка гIоли хилла аьлла.
Иза дара кхалха гергавахча хуьлуш долу самавалар.
Делан Элча (I.с.в.с.) маьждигера юхавирзича, Iайшат йолчу веана, дIатевжира. Цунна хааделира МустIафа (I.с.в.с.) чIагIлуш хилар. Iайшат цуьнан юьхь тIе хьаьжча, Элча (I.с.в.с.) бIаьргаш биллина а волуш, вистхила гIерташ гира цунна.
Цуьнгара хезна тIаьххьара дешнаш дара: «Ламаз, ламаз… Зударшна дика хилалаш»… тIаккха шен тIаьххьара дош аьлла цо: «Балиф-рафикъал-аIла» («Ас АллахI хаьржина» – бохург ду иза).
Iайшата аьлла: «Дала хьайна харжам белча, Цунна гергахь дерг (ялсамане) хаьржи-кха ахь». Делан Элча (I.с.в.с.) иза йолчохь кхелхира. ЧIогIа довха де дара иза. Цо хIижрат дина итт шо дуьзначул тIаьхьа, РаббиIул-аввал беттан шийтталгIа де а, оршотан де а дара (Милад терахьашца лерича – 632-чу шеран 8-гIа июнь).
Элча (I.с.в.с.) кхелхина аьлла хезча, бусалбанаша бакъ ца дира, шайна иза Iуьйранна могаш волуш гина дела. Маьждиг чохь шайна цо аз айдеш хьехам беш хезна дела. Iумара а бакъ ца дира Делан Элча (I.с.в.с.) кхелхина бохург. Бусалбанаш боьхна, синтем боцуш, Iумарна гуонах гулбеллера. Уьш тешна бара Мухьаммад (I.с.в.с.) кхелхина цахиларх. Иза дукха хан йоццуш шайна юккъехь ламаз деш, хутIба доьшуш хилла дела: ансарашна дика хила бохуш, весет деш, бусалбанашна хьехам беш, царна доIанаш деш, шегара зен хилла цхьаъ велахь, шегара чIир эца бохуш.
Абу-Бакар Делан Элча (I.с.в.с.) волчу шен йоьIан Iайшатан хIусаме веара. Делан Элча (I.с.в.с.) тIе хIума тесна вара. Цунна оба а яьккхина, элира цо: «Сайн дел-ненал а веза ву-кха хьо суна. Ма дика а, цIена а, дукхавезаш а ву-кха хьо, дийна волуш а, велча а!». Цул тIаьхьа, МустIафана (I.с.в.с.) тIетесна хIума, ша ма-хиллара дIа а нисйина, чуьра аравелира иза. Цигахь Iумар вара воьхна: «Мухьаммад ца велла», – бохуш. Абу-Бакара элира: «Собар де, хIай, Iумар», – аьлла. ТIаккха хьехам бира цо. – Ас тоьшалла до, Шеца накъост воцуш, ша цхьаъ волу АллахI воцург, кхин Дела цахиларх. Иштта ас тоьшалла до, Мухьаммад цуьнан лай а, Элча а хиларх…ХIай, нах, Мухьаммадана Iибадат деш хилларш, баккъал а Мухьаммад кхелхина шуна. АллахIана Iибадат деш хилларш, баккъал а АллахI леш вац шуна». Цул тIаьхьа хIара аят дийшира цо: «Мухьаммад ма вац Элча бен, шел хьалха а элчанаш дIабахана (волу). Иза велча я вийча – шаьш хиллачу (цатешаре) юхадоьрзур дара шу? Юхаваьлларг милла велахь а, цхьана а хIуманца Далла зен ца до цо (шена Делан оьгIазло а, Iазап а хир ду цунна). Дала мел лур бу (гал ца бовлуш, шен ниIматашна) шукру деш (баркалле) болчарна» (Къуръан, 3 сурат, 144 аят).
Бусалба нахана хиира тIаккха, Элча (I.с.в.с.) лекхаволчу Деле дIавирзиний, даима а латта дезаш долчу Iаламе. Шен Пайхамаралла кхочушдина а ваьлла, нахана пайден уггаре а дика уммат кхоьллина. Цкъа а дIайовр яц цуьнан лар, цуьнан айаме Iалашонаш, цуьнан еза Iамалш, цуьнан сийлахь хьадисаш. Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна.
С.-М.МУРТАЗАЕВ,
Iелам стаг