Хьаьттан (август) беттан 2–4-чуй деношкахь белхан гIуллакхашца Нохчийчохь хилира Санкт-Петербурган губернатор Полтавченко Георгий а, вице-губернатор Марков Олег а, оццу гIалин Законодательни гуламан председатель Макаров Вячеслав а, иштта, бизнес-юкъараллин векалш а.

Соьлжа-ГIалин аэропорте хьешашна дуьхьал вахара республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.
Цул тIаьхьа, губернатор Полтавченко Георгий а, Санкт-Петербурган Законодательни гуламан председатель Макаров Вячеслав а хилира Хоси-Юьртарчу кешнашкарчу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Федерацин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин коша тIехь а, Соьлжа-ГIаларчу Сийлаллин Аллей мемориальни комплексехь болчу (Кадыров Ахьмад-Хьаьжин) хIолламна хьалха зезагаш дохкуш а.
Шен къамелехь Россин Федерацин къилбаседерчу «пачхьенан» губернатора дийцира Кадыров Ахьмад-Хьаьжех петербургхойн йолчу ойланех лаьцна.
– Iаламат хазахета Россин Федерацин Турпалхойн сий а, цIе а иштта лакхарчу тIегIанехь ларъеш гича. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Росси даггара езаран а, цуьнан дуьхьа къахьегаран а бIаьрла масал ду. Иза патриот а, гуманист а хилар бахьана долуш, петербургхоша а лардо цуьнан сий. Изза сурт кхийолчу субъекташкахь а ду. Лаьа нохчийн халкъ ирсе а, машаре а дехийла. Вайн барт мел бу вай эшо ницкъ болуш цхьа а вац хIокху дуьненахь, – билгалдаьккхира Полтавченко Георгийс.
Цигара мероприяти дIайирзинчул тIаьхьа везачу хьешана Нохчийн Республикин Къоман музей а, Соьлжа-ГIалин коьрта «Нохчийчоьнан дог» маьждиг а гайтира.
Ткъа белхан визитан шолгIачу дийнахь, хьаьттан (август) беттан 3-чу дийнахь, Полтавченко Георгийс а, Кадыров Рамзана а дакъалецира Соьлжа-ГIалахь Санкт-Петербурган цIарах урам схьабелларехь.
И цIе хIинццалц «Интернациональни» хиллачу урамна тиллина. Амма оцу ураман цIе хийцина ца Iаш, цуьнан йистошца долу дукхапетарийн цIенойн куц-кеп а хийцина, некъан йистошца синтарш а доьгIна, некъа тIе силаман керла чкъор а диллина.
Цу тIе, машенийн а, гIашлойн а некъаш къасторан Iалашонца шинна а агIор бецан тача а «дуьллуш», бордюраш а хIиттийна. Иштта хийцина серлонан чиркхийн бIогIамаш а.
– Тахана Соьлжа-ГIалахь Санкт-Петербурган цIарах урам схьабилли. Ткъа Санкт-Петербургехь, массарна а хууш ма-хиллара, масех бутт хьалха цхьана тIайна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIе тиллина. Иштта, 2012-чу шарахь, Россин къилбаседерчу «пачхьенехь» долчу Пискаревскан кешнашкахь фашисташна дуьхьал бинчу тIамехь, Ленинград ларъеш кхелхинчу Нохчийн Республикин бахархошна лерина Сийлаллин у а хIоттийна, – элира Санкт-Петербурган губернатора.
Визитан тIаьхьарчу дийнахь Полтавченко Георгий а, цуьнца цхьаьна баьхкина болу кхиболу хьеший а Шуьйтан кIоштарчу спортан а, туризман а «Нихала» базе бигира.
Нохчийн пачхьенан цIеналлах цецбевлла болу хьеший, нохчийн лаьмнийн куц-кепо «Iадийнера».
– Ма хаза, ма цIена мохк бу хIара. Бахархошна шайн ярташ а, гIаланаш а езна ца Iаш, шайн лаьмнаш а дезаш хилар гучудолу кхузарчу цIеналле хьаьжча. Тхуна схьагинчу суьрто билгалдоккху Нохчийчоь кхиаран новкъа хIоьттина хилар. ХIокху республиках а, кхуьнан халкъах а дог лозуш Куьйгалхо мел ву, денна а кхуьуш, хазлуш дIагIур ю хIара, – билгалдаьккхира везачу хьешо.
Хьаьттан (август) беттан 4-чу дийнан делкъал тIаьхьа Санкт-Петербурган делегаци дIаяхара.
Дагадоуьйту ре спубликехь даьккхинчу шина дийнахь цигарчу бизнес-юкъараллин векалша нохчийн бизнес- юкъараллин а, республикин экономикин, мохк кхиоран а, махлелоран а министерствон а векалшца цхьамогIа цхьаьнакхетарш дIадаьхьна а, шина субъектана юкъахь 2017–2020-чуй шерашна лерина цхьаьнагIуллакхашдаран «некъан картин» бух хIоттийна а хилар.
И.ИСЛАМОВ
№61, шинара, хьаьттан (август) беттан 8-гIа де, 2017 шо