Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана инстаграмерчу шен официальни агIонехь яздо йохийначу Мосулехь карийна нохчийн кIант Тагиров Билал цIавалийна хиларх лаьцна.
«Масех минот хьалха БагIдадерчу аэропортера Москва дан новкъа даьлла кема. Цу тIехь ву Тагиров Билал. Цуьнан ши шо дара дас Тагиров Хьасана, ненан карара а ваьккхина, иза Шема дIавуьгучу хенахь. Цигара Иракъе дехьавелира иза кIантаца цхьаьна. Оцу хеначохь бIе стеган дахарна тоъал дукха къиза денош гина, дукха баланаш, гIайгIанаш, Iазапаш лайна кIанта», – яздина Кадыров Рамзана.
Билал а, цуьнан да а валла воллуш карийна Мосул шахьаран саьлнашна юкъахь. КIант сихха гIо дан дезачу хьолехь вара, и ца дича вала тарлора иза.
«ТIаккха ас тIедиллира кIантана сихонца гIо дарна берриге а ницкъ тIебахийтар а, Билал Росси схьавалор а», – яздина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
Цо дийцира, ша тIедилларца, Россин Федеральни гуламан Федерацин Советан декъашхочо, Герггарчу Малхбалехь волчу векала Сабсаби Зияда масех бутт хьалха Шемахь а, Иракъехь а Россера дIадигна бераш лахарехьа болх дIаболийна хилла хиларх лаьцна.
«Шен башхалла йолуш бу и болх. Оцу белхан агIонаш а, кеп а йовзийта аьтто болуш яц, цигахь болх беш болчеран а, ткъа иштта берийн а дахарна кхерам ца хилийта. Оцу хеначохь билгалъевлла Нохчийчуьра а, Россин кхечу регионашкара а дIадигинчу берийн цIерш а, церан хьокъехь хаамаш вовшах а тоьхна. Дерриге а бохург санна берийн дай-наной белла. Массо а беран кхоллам къасто гIерташ гIуллакхаш ду оха деш. Бер цигара схьадалорхьама, Iедалан лаккхарчу тIегIанашкахь дуккха а болх бан безаш хуьлу, суьде сацамаш тIеэцийта безаш хуьлу, уьш тешо езаш хуьлу бер вайн махкара хиларх. Цунна оьшу делилаш, тоьшаллаш вовшахтоха дезаш хуьлу. Дукхах долу бераш хIумма а дийца хууш ца хуьлу, шайн цIе яккхар доцург», – билгалдаьккхина Кадыров Рамзана.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун тIедилларца Сабсаби Зияд цхьаьнакхийтира Иракъан вице-президентаца Нури Аль Маликца. Лакхарчу суьдан председательца Франк Зейданца, МИД-н куьйгалхочун заместительца Шорам Маидца, нуьцкъаллин структурийн куьйгалхошца. Иракъан Iедало лаккхара мах хадийра Россин тайп-тайпанчу регионашкара бераш йоццачу хенахь Росси цIадерзо лааран гIуллакхан а, цу тIехь гIо деш хиларан а.
«Ши сахьт даьлча Билал шен нанас маракъовлур ву, шуьца цхьаьна и кхаъ хезаш хир йолчу. КIантана хан оьшур ю тIом, бомбанаш, снарядаш, герзаш дийлар, мацалла, хьогалла… йицъян», – билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.
Цо кхин цкъа а дагадаийтира Iехийна болу СНГ-н мехкашкара бIеннаш, эзарнаш кегийрхой «Иблисан пачхьалкхан» могIаршна юкъа нисбелла хилар.
«Уьш, берриге а бохург санна, хIаллакьхилла Шемахь а, Иракъехь а. Бераш байлахь дисина, дакъазадаьккхина гергарчеран дахар. Дийна бисинчу террористашна оцу мехкашкахь 20–25 шо хенаш тухур ю набахтешкахь яккха, нагахь санна лаккхарчу тIегIанера таIзар ца дахь. Оцу ирсе кхойкхуш бу-кх тахана а кегийрхой», – дерзадо Нохчийчоьнан Куьйгалхочо оцу хьокъехь ша инстаграмерчу шен агIонехь яздеш дерг.
Д.АНАДЕВ
№61, шинара, хьаьттан (август) беттан 8-гIа де, 2017 шо