Ламасте дирзина ма-хиллара, хIора шеран аьхкенан чаккхенехь дIахьо Къилбаседа Кавказан кегийрхойн «Машук» форум. ХIокху шарахь иза схьаелларехь дакъалецира Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу векала Белавенцев Олега, Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу федеральни агентствон куьйгалхочо Бугаев Александра, округан регионийн куьйгалхоша, гIарабевллачу юкъараллин гIуллакххоша.

Форуман майданашкахула экскурси ечу хьешийн къаьсттина тидам тIеозош яра «Проектийн ярмарка». ДIадаханчу шерашкахь грантийн конкурсашкахь толамаш баьхначу кегийрхойн проекташ яра цигахь гайтаме яьхна. Царна юкъахь уггаре а мехалниг лара мегар ду «Кхане йоцуш ма вита хьуо» («Не отнимай у себя завтра») цIе йолу кегийрхошна юкъахь наркоманица къийсам дIабахьарна тIехьажийна проект. Иштта, маьIне ю кегийрхой медицинин гIо дан Iаморна лерина «Кавказ – кхерам боцуш» цIе йолу проект а.
Форуман официальни дакъа дIадолош, Россин Президентан Путин Владимиран Маршаллин кехат дешначул тIаьхьа, гулбелла кегийрхой форум схьаелларца декъалбеш, вистхилира О.Белавенцев.
«Шу къона ду, жигара а, похIме а ду. Тахана шуна дIаелларг Машукан басехь йолу хIара аре ю, ткъа кхана шуна кхочур ю уггаре а коьрта мехалла – вайн сийлахьчу Даймехкан кхоллам. Со тешна ву, вайн сийлахьчу дайша халачу заманахь санна, аш вайн мохк кхиамца чIагIбийриг а, кхиориг а хиларх. Аьтто хуьлда шун, дика мел дерг хуьлда шуна», – элира цо.
Ставрополан кIайн губернатора Владимиров Владимира, кхул хьалхарчу шерашкахь а санна, сцени тIера схьа хIора а регионе къаьсттина маршалла хаьттира.
«Шу дерриге а тахана шайн меттиг хьакъ ма-дду гайта даьхкина. Суна цхьа хIума ала лаьа шуьга: шун хаарийн, амалийн, сирлачу Iаткъамийн ерриге тайп-тайпаналла вайн мехкан а, цуьнан хIора регионан а доккхачу хиндолчун закъалт хуьлийла», – элира губернатора.
Цул тIаьхьа, дерриге а дуьненахь а машар хуьлийла лаарна а, хьешашна тIера йолчу Машукан аренгахь мел хиллачеран дикачу нийятийн билгалонна а стигала кхокхарчий хийцира форуман хьешаша.
Россин гIараяьллачу «Градусы» тобанан концертаца дерзийра форуман программин хьалхара де.
А.СУЛИМАНОВА
№61, шинара, хьаьттан (август) беттан 8-гIа де, 2017 шо