Дуьненахь а, махкахь а долчу хьолах

ООН-н Кхерамазаллин Советан декъашхоша хIокху деношкахь цхьабарт хуьлуш тIеэцна Къилбаседа Корейна (КНДР) дуьхьал йина санкцеш кхин а чIагIъяран хьокъехь йолу резолюци. Цуьнца доьзна КНДР-н куьйгалло дIахьедина санкцех ловзар регионна зуламе дала тарлуш хилар.
***
Великобританин куьйгалло дIахьедина Евросоюзана юкъара Ингалс пачхьалкх дIайолург ша 45 миллиард евро дIадала кийча хилар. Цуьнца цхьаьна шайн дозанашна тIехь терго латтош хIора шарахь а кхин а 1 миллиард еврона харжъян дезар ду Великобританин.
***
Россина дуьхьал санкцеш яр бахьанехь, Италина тIаьхьарчу кхаа шарахь 12 миллиард еврона зен хилла. Къаьсттина боккха иэшам хилла кхачанан сурсаташ кхиош болчарна. Шайн балхах ваьлла лаххара а 200 эзар стаг.
***
США коьртехь йолчу коалицин тIеман кеманаша масех де хьалха юха а бомбанаш, ракеташ тоьхна Ракки шахьара. И тохар дар бахьанехь лаххара а 30 маьрша стаг кхелхина. Цхьана а тайпа зен-зулам ца дина террористашна оцу тохаро.
***
Нигери пачхьалкхерчу католикийн цхьана килсехь террористаша герзаш диттина. Оцу бохамехь лаххара а 12 стаг кхелхина, чевнаш хилла 6 стагана. Нигерин нуьцкъаллин структурийн белхахой зуламхой лохуш бу.
***
Iамаркан кеманаша 1945-чу шеран хьаьттан (август) беттан 6-чу дийнахь Хиросима гIайри тIе атомни бомба тоьхна 77 шо кхачар билгалдаьккхира Японехь. ХIетахь, и бомба тоьхча, 100 эзар сов японхо хIаллакьхилира. Цул тIаьхьа, кхин а эзарнаш бахархой кхелхира бомба тохар бахьанехь.
***
Селхана а, тахана а ГIажарийчоьнан, Хонкаран, Россин Iедалан векалийн хиллачу цхьаьнакхетаршкахь дийцаре дира Шемахь машар баран хьокъехь долу гIуллакхаш. «Иблисан пачхьалкх», «Джебхат-ан-Нусра» террористийн организацешна дуьхьал дIахьош болу тIемаш лах а ца беш дIадахьа дезаш ду оцу махкахь машар бар. Иза билгалдаьккхира дийцаршкахь.
***
Россин Президента В.Путина цIерпоштнекъан белхахой декъалбира шайн корматаллин денца. Цо билгалдаьккхира мехкан экономика кхиорна цIерпоштнекъахоша шайн къинхьегаман йоккха хазна юкъаюьллуш хилар а, вайн махкахь цIерпоштнекъан транспорт кхуьуш хилар а.
***
Россин дуьненаюкъарчу волютин фонд тIаьхьарчу цхьана кIиранчохь 4,2 процентана алсамъяьлла. ТIаьхьарчу цхьана баттахь хаддаза алсамболуш бу цуьнан барам. Иза чIагIдо мехкан финансийн министерствон говзанчаша.
***
Якутерчу алмазаш дахаран «Мир» шахтехь бохам хилла кхо-диъ де даьллехь а, шахти чохь висина 8 шахтер лахаран белхаш совцийна бац. Хууш ма-хиллара, бохам хуьлучу хенахь рудникехь 151 шахтер хилла, царах 143 сихха хьалаваккха аьтто баьлла. Селхана дуьйна «Мир» шахте схьабаьхкина Iаш бу лаьтта бухахь бисинчу шахтерийн гергарнаш.

№61, шинара, хьаьттан (август) беттан 8-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: