Россин премьер-лигин 4-чу турехь «Ахмат» клуб хьошалгIахь «Уфаца» ловзуш яра.

Бакъду, цигара очкош яр ца нисделла – жамI 3:2 долуш хIусамдай тоьлаш дирзира цхьаьнакхетар. Вайн командехь гол тохарца билгалвелира Жаба Лео а, Анхель Вилькер а.
Толамаш иэшамашца хийцалуш бен хуьлуш дац спортехь, цкъа тахана «Ахмат» клубан хьовсархой боьхна хила оьшуш хьал дац – хьалха а санна, турниран таблицехь кхоалгIачу меттехь ю вайн команда.
ТIейогIучу турехь хьаьттан беттан 10-чу дийнахь шен цIахь «Краснодараца» ловзур ю «Ахмат».
Хь.АБАЕВ
№61, шинара, хьаьттан (август) беттан 8-гIа де, 2017 шо