Журналан керла номер араяьлла

ХIокху деношкахь зорбане яьлла «Орга» журналан рогIера номер. Журнал шарахь доьазза бен арадолуш дацахь а, хIора керла номер ара моссаза йолу цунах боккха кхаъ хуьлу нохчийн маттаца а, литературица а гергарло мел долчунна. №2 йолчу номера тIера говзарш коьртачу декъана лерина ю Сийлахьчу Толаман а, нохчийн халкъан Иэсан а, лазаман а деношна.

Нохчийн халкъ махках даккхарх, хийрачу махкахь цо лайначу халонех лаьцна дуьйцу Гадаев Мохьмад-Селахьан, Яшуркаев Султанан, Махаева Жовжанан, Шайхиев Iалвадин, Яндарбиев Хьамзатан поэзехь а, прозехь а язйинчу говзаршкахь.

Иштта дика чулацам а, маьIна а долуш ю Эмбаев Хьамзатан «Ахьмад-Хьаьжа» цIе йолу байт. Толаман дийнах язйина ю Муталибов Зайндин «БIаьхочуьнга» байт а, Минкаилов Эльбрусан «Оганан аре йогура» дийцар а.

Нохчийн яздархойн Сулейманов Ахьмадан, Муталибов Зайндин, Джамалханов Зайндин хIокху шарахь 95 шо кхаьчна юбилейш билгалъяхарца доьзна язйина ю I.Кусаевн, Хь.Умхаевн, I.Арсанукаевн статьяш.

Сулейманов Ахьмадан тоьллачех йолчу масех байтана зорба а тоьхна журналан агIонаш тIехь.

ЧIогIа маьIне, ойла йойтуш ду Маргошвили Султана гочдина Думбадзе Нодаран «Нана» цIе йолу дийцар.

I.ТЕРЛОЕВ

№61, шинара, хьаьттан (август) беттан 8-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: