Литературин гӀуллакхашца доьзна, массийтаза Аштаркханехь хилла со тӀаьхьарчу хенахь. Дуьххьара иза ши шо хьалха дара, Каспи хӀордана гуонаха Ӏохкучу мехкашкара яздархой цига Дуьненаюкъарчу форуме гулбелча. Цхьа бутт хьалха а хилира со цигахь – Аштаркханерчу Яздархойн союзан председателан Щербаков Юрийн керла книгаш йовзуьйтучохь.
Ала дашна, шениг язйина ца Ӏаш, воккха гочдархо а ву Щербаков. Дуккха а меттанашкара поэзи оьрсийн матте йоккхуш, яздархошна юкъара уьйраш шоръеш, литературехула къаьмнашна юкъа маша бузуш ву иза.
Шена чохь дуккха а къаьмнийн векалш бехаш гӀала ю Аштаркхане. Цундела ларамаза дац, Щербаковс вовшахтухучу цхьаьнакхетаршкахь, беккъа яздархой хилла ца Ӏаш, и яздархой схьабевллачу къаьмнийн кхиболу векалш а хуьлуш хилар – кхечу мехкийн посольствошкара а, меттигерчу Ӏедалера а, гӀуллакхера а, юкъараллин организацешкара а нах.
Байначу беттан 4-чу дийнахь Н.К.Крупскаян цӀарахчу цигарчу библиотекехь хиллачу цхьаьнакхетарехь а бара иштта хьеший, шайца цхьаьна Аштаркханерчу «Вайнах» цӀе йолчу региональни нохчийн юкъараллин председатель Байсангуров Ӏадланний, цуьнан заместитель Акаев Хасамбеккий а волуш (оьрсийн маттахь юьззина цӀе – «Астраханская региональная общественная организация содействия развитию чеченской культуры «Вайнах»; йоцца йоккху цӀе – «Чеченское общество «Вайнах»).
Ӏаламат мехала кхетош-кхиоран болх бу «Вайнах» юкъаралло Аштаркханехь а, областехь а беш берг. И болх тидамехь а бу, дика жамӀаш долуш а бу. Дуккха а Сийлаллин грамоташца, Баркаллин кехаташца билгалбаьхна иза областан губернатора а, Правительствос а, тайп-тайпанчу министерствоша а, ведомствоша а.
Бахьана даьл-даьллачохь дикачу масална йохуш ю «Вайнахан» болх дӀахӀоттийначу цуьнан хьалхалерчу председателан Абдулкадиров Салавдин цӀе а, хӀинцалерчу куьйгалхойн Байсангуров Ӏадланан, Акаев Хасамбекан цӀерш а. Дуккха а шерашкахь цигахь Ӏийна – тарлуш Ӏийна – нах бу уьш, шайх лаьцна дийца диканиг долуш а, тӀекхуьучу чкъурашка дӀакховдо зеделларг гулделла а.
Ӏедалан службаша бечу балха тӀехь доккха гӀо хуьлу цара а, уьш санна болчу кхечу къаьмнийн векалша а лелочу юкъарлонах. Вайнехан кегийрхой, мехкарий доьшуш болчу заведенешкахь а сих-сиха цхьаьнакхетарш хуьлу церан. Масала, ламаст хилла дӀахӀоьттина хӀора шарахь и цхьаьнакхетарш медицинин колледжехь а, академехь а вовшахтохар.
Вайн республикерчу Ӏедалан векалшца а зӀе латтайо «Вайнахо». Масала, Нохчийн Республикин Парламентан депутатийн тоба а хилла цигахь хӀокху шеран юьххьехь. Кхечу къаьмнийн юкъараллашца а уьйраш ю «Вайнахан», церан мероприятешкахь дакъалоцу цо. Цаьрца цхьаьна юкъара дезденош а билгалдоху, масала, «Навруз», «Байракхан де».
Россин къаьмнийн юкъарчуй, дуьненаюкъарчуй тайп-тайпанчу гуламашкахь а хуьлу. Масала, дукха хан йоццуш «Росси – вайн юкъара цӀа» аьллачу дуьненаюкъарчу форумехь а жигара дакъалаьцна.
«Вайнах» юкъаралла литературин гӀуллакхашна а юьстахлаьтташ цахиларан кхин масалш а билгалдевлира библиотекера официальни цхьаьнакхетар хилале хьалхарчу дийнахь а, иза дӀадирзинчул тӀаьхьа а тхо-тхаьш – цигара вайнах а, вайн цӀера тӀевахана со а – вовшахкхеттачохь. Масала, гочдаран гӀуллакхашна чу садиллина волчу Щербаков Юрийн дӀадолорца цигарчу Яздархойн союзо хӀора шарахь кхайкхош ю тайп-тайпана конкурсаш, гочдархошна юкъара къийсадаларш а тӀехь.
Стохка ишттачу къовсамна юкъадиллинера Къилбаседа Кавказерчу иттех поэтан цхьацца стихотворени оьрсийн матте яккхар. Царна юкъахь сан стихотворенин подстрочник а яра. Тоьлла лерина гочдарш кхайкхош а, уьш диначарна совгӀаташ луш а юкъахь хилла «Вайнах» юкъаралла а, цуьнан куьйгаллера вайн махкахой а. ХӀокху шарахьлера гочдархойн конкурс лакхахь хьахийначу тхан цхьаьнакхетарехь – Крупскаян цӀарахчу библиотекехь – дӀакхайкхийра.
ХӀинца оцу къовсамна юкъаехкинчу подстрочникашца ю, шу марша, дукха хьалха дӀакхелхинчу нохчийн поэтан Юсупов ИбрахӀиман стихийн подстрочникаш. Шеко йоццуш, шайна дика гочдархо нисвала хьакъдолуш ю ИбрахӀиман поэзи. Иза иштта нисдаларе сатуьйсуш а, цунах хинболчу юьхькӀомана юкъа шайгара дакъа дуьллур долуш а бу Аштаркханерчу «Вайнах» юкъараллин жигархой Байсангуров Ӏадлан а, Акаев Хасамбек а, Абдулкадиров Салавди а, Юнусов Ваха а, кхин а дуккха а цигара вайн махкахой а.
АХМАТУКАЕВ Адам, яздархо
№61, шинара, хьаьттан (август) беттан 8-гIа де, 2017 шо