Нохчийн Республикера оперативни хьал

Вахархочунна тIедожийра отделе вар

ХIокху деношкахь, Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Соьлжа-ГIалехула йолчу урхаллин полицин №1 йолчу отделан белхахоша шаьш гIарол дар дIахьочу заманчохь сацийна 1990-чу шарахь вина волу гIалин вахархо. Цунах лаьцна хаам бо Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон пресс-службо.

Полицин белхахоша таллам дIахьочу хенахь жимачу стагехь кара а йина схьаяьккхина кехата юкъахь 12 грамм хиллал таьIна баьццарчу басахь ораматийн схьаялар долу кIомалан шатайпа хьожа йолу хIума.

Магийна йоцу хIума мухIар а таIийна, Нохчийн Республикин йолчу чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон экспертийн-криминалистикин туьше таллам бан дIаяхьийтина.

Полицин белхахоша отделе вар тIедожийна республикин вахархочунна.

Оцу гIуллакхан хьокъехь дIахьош таллам бу.

Новкъахь лазийнарг больнице вигира

Мангалан (июль) беттан 29-чу дийнахь Соьлжа-ГIалин Старопромысловскан кIоштахь некъан-транспортан бохам хилла.

Соьлжа-ГIаларчу Иваново городок йолчу агIор «Лада-Веста» машенахь вогIучу 1991-чу шарахь вина волчу водитела юкъараллин транcпортан социйла йолчу меттехь машен тIе тоьхна гIашлошна дехьабовла магийна йоцчу меттехь некъал дехьаволучу 1961-чу шарахь вина волчу гIалин вахархочунна. Лазийна волу стаг Соьлжа-ГIаларчу сихачу медицинин гIоьнан республикин клиникин больнице дIавигна.

Машенан водительна тIевар тIедожийна бакъонаш ларъяран органийн белхахоша.

Таллам дIахьош бу.

I.МУРТАЗОВ

№61, шинара, хьаьттан (август) беттан 8-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: