«Къилбехьара доза» автопробеган дакъалацархой – Соьлжа-ГIалахь

ХIокху деношкахь «Къилбехьара доза» автопробеган дакъалацархой Соьлжа-ГIалахь хилира. Лерса доцуш а, иза ледара долуш а бу оцу автопробеган дакъалацархой. Оцу гIуллакхехь дакъалоцуш верриге а 13 стаг ву. Санкт-Петербургера а, Москвара а, Мурманскера а, Великий Новгородера а бу уьш.

Шаьш Кавказехула дIасабоьлхучу хенахь Пятигорскехь а, Къилбаседа ХIирийчохь а, ГIебартойн-Балкхаройчохь а, Дагестанехь а, иштта Хонкарахь а, Гуьржийчохь а, Азербайджанехь а севцира уьш.

Автопробег вовшахтоьхначу Полоскин Павла дийцарехь, Соьлжа-ГIалина тIехбовлалур бацара уьш, кхузарчу меттигех бIаьрг ца тухуш. Шайн Iалашонех лаьцна иштта дийцира цо.

– Оха вовшахтоьхначу автопробеган коьрта Iалашо ю лерса доцучарна а, иза ледара долучарна а Кавказан уггаре а хаза, евзаш йолу меттигаш гайтар. Нохчийчоьнна тIехдевлла дIадахалур дацара тхо, тхуна чIогIа лиира Соьлжа-ГIалахь совца а, кхузарчу меттигех бIаьрг тоха а. Тхаьш новкъа девллачул тIаьхьа, тхо уггаре а хьалха севца меттиг Пятигорск яра. Соьлжа-ГIала кхачале, кхин а масех гIалахь хилира автопробеган дакъалацархой. Тхо кхаьчна йолу хIора а меттиг шен башхалла йолуш хилар хиира тхуна. ХIора а меттиг тхан иэсехь а юьсур ю юйла.

Нохчийчоьнан лерса доцучеран а, иза ледара долучеран а юкъараллин организацин председатела Исмаилов Бахос билгалдаьккхира лерса доцурш а, иза ледара дерш а хьуьнарш долуш хилар.

– Цхьаболчарна хета, лерса ца хилча, цуьнга цхьа а хIума далур дац аьлла. Амма иза иштта дац. Лерса цахилар, иза ледара хилар бен кхин цхьа а сакхт доцуш, дахарехь шайн некъ дIакхоьхьуш бу уьш. Тахана, «Къилбехьара доза» автопробеган дакъалацархой Соьлжа-ГIалахь тIеэцар тхуна боккха кхаъ бу. ХIокху цхьаьнакхетарх тхуна а, царна а доккха хазахетар а хилла, – бохура Исмаилов Бахос.

З.ЛОРСАНОВА

№61, шинара, хьаьттан (август) беттан 8-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: