Жимчохь дуьйна больницехь «кхиийна» ала мегар ду Орцуева Эльза. Нана медицинин белхахо йолуш, даима цо шеца балха йигарх, бераллехь дуьйна тайнера жимачу йоIана лоьран говзалла. Лабораторехь болх бечу нанна оьшург схьайохьуш, дIахьош цхьацца накъосталла дора Эльзас. Школехь доьшучу хенахь а, урокаш чекхъевллачул тIаьхьа, нана йолчу больнице йоьдура иза. Дукха жимчохь дуьйна лор хила ойла кхоллаелира цуьнан. Ша кхечу говзаллехь ган а ца гора.
Школехь даима биологин, химин урокашкахь самукъадолура Эльзин. Оцу предметашкахула а, медицинин декъехула а йолчу конкурсашкахь дакъалоцура, толамаш бохура цо. Кхин тIе дешаран программица медицинин курсашка а оьхура иза хIетахь. 1992-чу шарахь Соьлжа-ГIалин № 18 йолу школа чекхъяьккхина, Нохчийн пачхьалкхан университетан медицинин факультете деша яхара Орцуева Эльза. 1994-чу шарахь тIамо дешар юкъахдаьккхича, шен доьзалца цхьаьна Нальчике дIаяха дийзира йоьIан. Цигахь ГIебартойн-Балкхаройн пачхьалкхан универститетехь чекхъяьккхира цо медицинин факультет. 1999-чу шарахь интернатуре яхара Э.Орцуева.
2000-2002-чуй шерашкахь Нальчикехь оццу университетан ординатурехь «МогашаллаIалашъяр а, социальни гигиена а вовшахтохар» Iилман дакъа Iамийра Эльзас. Ординатурехь доьшуш а йолуш, университетан мед. факультетан студенташна хьийхира цо. 2005-чу шарахь циггахь (ГIебартойн-Балкхаройн пачхьалкхан университетехь) чекхъяьккхира Э.Орцуевас аспирантура а.
2003-чу шарахь кхолламо нисдира Эльзина шен доьзал кхоллар а, тIаьхьуо, Нохчийчу цIаяр а. ХIетахь дуьйна Шелан районан юккъерчу больницехь куьпан лоьран-терапевтан болх беш ю иза. Лаккхара говзалла йолуш хиларе терра, белхан декхаршца дика ларош а, догцIена адам хиларна белхан накъосташна, дархошна дукхаезаш а ю Эльза.
Лоьран говзаллехь коьртаниг хIун ду аьлча, шеко йоцуш жоп ло цо: «Коьртаниг – дархочух дог лазар. Цуьнан лазам хьайн болуш санна, цунна ахь са а гатдахь, дог оьцуш, хаза дош олуш, цо цуьнца кIеда-мерза а хилахь, тIаккха бен ца хуьлу хьоьх бакъволу лор». Цу тайпа дархошна сагатдеш, царех дог лозуш лоьраш вайн мел бу, республикин могашаллаIалашъяр а дикачу тIегIанехь хир ду, нахана юкъахь адамалла (къинхетам, дог-дикалла) а яьржар ю.
БИБУЛАТОВА Тоита
