КIант, луларчу юьртахь ю хьан нана

– КIант, охьахаахь. Сан кийра къуьйлуш, 25 шарахь сайн даг чохь латтош цхьа къайле ю сан, иза хьуна дIайовзийта воллу со.

– Дада, хIун къайле ю-те ахь, оццул хьайна ницкъ беш, дагахь латтошъерг. Схьайийцахьа иза суна, паргIат валахь.

– 25 шо хьалха, хьан кхо бутт кхаьчначу хенахь, барт ийгIина, хьекъал цахиларна хьан нана, йитина, дIаяхийтинера ас…

– Дада, ахь хIун дуьйцу? Сан нана ма ю дехьа чохь ерг…

– Яц. Иза яц хьан нана. Хьан нана Макка дIаяхийтинчул тIаьхьа еана Хьава хIокху керта. Бакъду, цхьана а дийнахь, цхьана а хIуманна тIехь суна хьо шен вац боху хIума дага ца даийтина цо. Шен волуш санна Iалашвина, ларвина, хьистина, кхиийна. Хьан йижаршна а, вежаршна а ца хаьа цунах дерг цхьа а хIума. Тахана хьуна дуьххьара схьайостуш ю ас сайн даг чохь латтийна къайле.

Вало, луларчу юьртарчу Абун йоI ю хьуна хьан нана, и йолчу а гIой, хьо а вовзийта, хьайн нана а йовзийта…

ТIаккха, соцунгIа а хилла, шен бехкана къера хилар хоуьйтуш санна, гIелделлачу озаца тIетуьйхира: «Суна къинтIера яла а ала цуьнга. Кхана, Маьхьшаран ара дIагулдинчу хенахь, со сайн безачарах хьегор волуш, со царах къастор волуш къа ду ас сайх хьарчийнарг. Делан а, Пайхамаран а, эвлаяийн а дуьхьа суна къинтIера яла ала цуьнга!»

Кхин вист ца хуьлуш, лаьттан бIаьра а хьоьжуш, вехха Iийра да. Цо стенан ойла йора и воцчунна хаа йиш яцара…

Оццу дийнахь луларчу юьрта ваха новкъавелира кIант. Шен нана йолчу воьдура иза дуьххьара. ГIаш. Ойланаша са карзахдаьккхинера: «Нана, хьо муха евзар ю суна? Хьох къастош кхо бутт бен ма ца хилла сан. Муха ду те хьан бIаьргаш, юьхь? Муха ду те хьан аз? Нана, хьо муха Iаелла со ца гуш? Со… воцуш. Муха?» Дукха дара ойланашкахь кхоллалуш хилла хаттарш. Царах цхьанна а жоп ца карадора.

Муха кхочу а ца хууш, дIакхечира нана Iаш йолчу юьрта. Иза ехачу урамехула меллаша, цхьацца ког боккхуш схьавогIура хIара. Цхьана цIенна герга кхаьчча, шега леррина схьахьоьжучу безамехьчу зудчух бIаьрг кхийтира кIентан. Цхьана бевзаш боцчу ницкъо хIара сацийра. Кхуьнга кхин ког ца баккхалора. Зудчунна тIебогIабеллачохь бисинера бIаьргаш.

Зуда меллаша кхунна тIейолаелира, болар тIаьхь-тIаьхьа сихдеш. Юха «Ахьмад!» – аьлла мохь хьокхуш, кIантана тIехьаьдира, бIаьргех хи Iана оьхуш. И шиъ мар-мара хьаьрчира, делха а доьлхуш. Цу шиннан догIмаш, синош цхьаьнаийнера.

25 шарахь шен кIант хьаста, маракъовла сатуьйсуш леллачу ненан самалделира. Иза маракъуьйлучу кIентан бIаьргех хи лиэшара. ХIокху доккхачу дуьненахь цаьршинна гуш хIума дацара. Дуьне а маракъевлинера нанассий, кIантий…

«Нана», – элира эххар а Ахьмада.

– «ХIан», – элира Маккас. Вовшийн марахьаьрчинчуьра дIа а ца долуш. «Нана, хьайга хьажийтахьа со», – дийхира кIанта…

Цхьацца-шишша тIевогIуш дийнна урамера, куьпара нах гулбелира наний, кIантий вовшахкхеттачу.

Оцу сохьта пондарча, вотанча валийра. Юьртахь той хIоттийра. Кхаа дийнахь-бусий лаьттира той, наний, кIантий вовшахкхетар даздеш. Цул тIаьхьа цхьаьна а дийнахь вовшех хьоьгуш ца Iийра Макка а, Ахьмад а. И шиъ массарна а къинтIера даьллера. Массарна а.

С.ХАСАНОВ

№61, шинара, хьаьттан (август) беттан 8-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: