Берийн дуьхьа къахьоьгу Къоначу хьажархочун театран артисташа

Вайна ма-хаъара, Нохчийн Республикин Къоначу хьажархочун театро керла-керла постановкаш хIитторца а, шайн хьовсархойн – берийн самукъадаккхархьама жигара къахьоьгу. Ткъа аьхкенан муьрехь, хууш ма-хиллара, берийн мукъа хан алссам хуьлу. Цуьнца доьзна, шайн болх кхин а жигарбоккху театран артисташа.

Цу хьокъехь тхоьца къамел хилира оцу театран режиссеран Шахгиреев Рустаман.

– Кегий бераш чIогIа экаме хуьлу. Цуьнца цхьаьна шатайпа хьовсархой а бу уьш. Цундела, тхаьш царна гойтург церан кхетамо а, хьекъало а дика схьалоцур долчу а, оцу постановкехь «дика» а, «вуон» а цаьрга къасталур долчу а кепара гайта хьовсу тхо. Аьхкенан муьрехь болх кхин а жигарбоккху театран артисташа. Цул сов, вайн республикин кIошташка спектаклашца артистийн тоба дIасаяхар а кест-кеста хуьлу, – бохура цо.

Къоначу хьажархочун театран хаза ламаст ду Нохчийн Республикин тайп-тайпанчу кIошташкахь спектаклаш гайтар. Хьалха-Мартанан а, Шелан а, Соьлжан а, Нажи-Юьртан а, иштта кхийолчу а кIошташка кхаьчна артистийн тоба. ХIокху шарахь цара керла хIоттийначу спектаклех ю «Солдат и Ведьма» (Я.Х.Андерсон).

Иза а, хазахеташ тIеийцира кегийчу хьовсархоша. Тайнигийн театран актерашна хиира, хьовсархоша шайн белхан лаккхара мах хадийнийла а, шайн къинхьегам эрна ца байнийла а. ХIокху шеран аьхка Нохчийн Республикехула «Тайна пещеры», «Веселые медвежата» спектаклашца гастролаш еш ю артистийн тоба.

Кхаарийн а, шоьтан а деношкахь Къоначу хьажархочун театрехь «Кот в сапогах» а, «Полторы горсти» а спектаклаш гойту кегийчу хьовсархошна.

З.ЛОРСАНОВА

№61, шинара, хьаьттан (август) беттан 8-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: