Халкъан турпалхочунна лерина суьйре

Вайн республикехь хIора шарахь Кадыров Ахьмад -Хьаьжа вина де билгалдаккхар ламаст хилла схьадогIу. ХIора кIоштахь тайп-тайпана гIуллакхаш вовшахтуху Ахьмад-Хьаьжин дахарх, политикин некъах лаьцна дуьйцуш.

Халкъалахь олуш ду: «Стаг вехаш ву иза нахана дагахь мел ву».

Иштта, А.Айдамировн цIарахчу республикин Къоман библиотекехь дIаяьхьира Кадыров Ахьмад-Хьаьжина лерина литературин суьйре.

Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин Яздархойн союзо Къоман библиотекин коллективаца цхьаьна. Суьйре дIахьош вара Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта.

Суьйренехь дакъа лоцуш вара Культурин министран заместитель Милькиев Рустам а, ткъа иштта Ахьмад-Хьаьжина лерина байташ язйина поэташ а.

Суьйре дIайолош къамел дира Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь культурин декъехула йолчу Кхеташонан председатела Усманов Iаьрбис. Ша похIме яздархо хиларе терра, I.Усмановс байташкахь дийцира Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентах лаьцна.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжа 2004-чу шарахь хIутосург (май) беттан 9-чу дийнахь ямартхойн кIело бахьанехь кхелхича, ша язйина байт яра цо ешнарг. Суьйренан кхечу дакъалацархоша а йийшира шайн байташ. Дуккха а бара халкъан турпалхочух дош ала лууш берш. Царах дукхахболчарна вевзина вара Ахьмад-Хьаьжа, цундела шайн дагалецамаш бовзуьйтура цара.

«Шен дахар халкъана дIаделларг» аьллачу темина байташ язйиначарах ву, масала, Саиев Iумар, Уциев Абу, Дакаев СаIид-Бек, Бухадиев Муса, Ганаев Iаьрби, Борхаджиев Хож-Бауди, Ясаев Леча. Оцу суьйренехь хила аьтто ца хиллачу Нохчийн Республикин халкъан поэтан Яричев Iумаран байт еша веанчу Мунаев ИсмаIила кхочушдира шен декхар.

Воронежера вайн республике еанчу хьешо, поэтессас Жукова Натальяс йийшира нохчийн халкъан турпалчу воIана лерина язйина байт. Н.Жукова тIом балале Нохчийчохь йина а, кхиъна а хилла. Кхеташ дара Соьлжа-ГIалин селхане а, кхане а цуьнан сих-дагах кхеташ хилар.

Суьйренехь К.Ибрагимовс билгалдаьккхира А.-Хь.Кадыровна лерина байташ Россин регионашкарчу литераторша язйина ца Iаш, дозанал арахьа бехачу поэташа а язъеш хилар.

«Шен халкъан сийлахь кIант», «Бакъволу къонах», «Толамца дIавахнарг» – иштта дешнаш дукха дара Кадыров Ахьмад-Хьаьжина лерина. Микрафон тIаьххьара караэцнарг библиотекин директор Исраилова Сацита яра.

Цо элира: «Иштта йолу литературин суьйре чекхйоккхийла дац Ахьмад-Хьаьжас шена язйина байташ ца йоьшуш. Иза Iеламстаг, пачхьалкхан гIуллакххо, политик хилла ца Iаш, поэт а вара. Кхузаманан нохчийн литературина шен хазна юкъа йиллина цо». Кадыров Ахьмад-Хьаьжин «Некъ» байт йийшира С.Исраиловас.

Суьйре ерзош К.Ибрагимовс хаам бира мел ешна байташ Яздархойн союзо леррина зорбане йоккхучу «Заманхо» журналан агIонаш тIехь зорбане йохург хиларан хьокъехь. Библиотекин мохкбовзаран литературин отдело вовшахтоьхначу книгийн «Халкъан дуьхьа ваьхнарг» гайтаме хьаьвсира суьйрене баьхкинарш.

З.ХИЗИРОВА

№61, шинара, хьаьттан (август) беттан 8-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: