Дукха хан йоццуш, берийн республикин библиотекехь «Тхуна еза тхайн гIала» берийн суьртийн конкурсан жамIаш дира. Соьлжа-ГIалин 200 шо кхочуш хиларца доьзна дIаяьхьнера билгалъяьккхина конкурс. Соьлжа-ГIалин школашкарчу 1–8-чуй классийн дешархоша дакъалецира цигахь.

Конкурсе даийтинарг дерриге а 125 сурт дара. Жюрин декъашхоша жамIаш динчул тIаьхьа, берийн библиотекехь даздаран хьолехь билгалбехира толамхой.
Конкурсан дакъалацархошка вистхилира Нохчийн Республикин хьакъволу суртдиллархо Закриев Мохьмад.
– Вайна ма-хаъара, суртдиллар – иза кхоллараллин болх бу. Ткъа кхоллараллехь къахьега атта дац. Суна хазахета, кегийчарна юкъахь суртдилла лаам берш а, оцу декъехь къахьега лууш берш а хилар. Жюрин декъашхошна юкъахь суо хилар бахьана долуш хIора а балхе лерина хьаьжира со. Гуш ду, кегийчарна юкъахь суртдилларан къайленаш евзаш, оцу декъехь долу шайн хаарш кхин а совдаха лууш берш хилар. Со воккхаве царах. Конкурсе деллачу суьрташна юкъахь диканиш алссам дара, делахь а, оха уггаре а тоьлларш билгалдаьхна, – элира цо.
Закриев Мохьмада Сийлаллин Грамоташца а, совгIаташца а билгалбехира берийн суьртийн конкурсан толамхой. «Тхуна еза тхайн гIала» конкурсан тоьллачу суьртийн гайтам вовшахтоьхнера циггахь. Конкурсан дакъалацархойн а, хьешийн а таро хилира цаьрга хьовса. Шайн бIаьргашна ма-гарра яра бераша оцу суьрташкахь гайтина Соьлжа-ГIала.
Цул тIаьхьа, библиотекин жигарчу ешархоша байташ а йоьшуш дIадаьхьира цхьаьнакхетар.
Библиотекин директора Сайдумова Зулайс билгалдаьккхира, Соьлжа-ГIалин 200 шо кхочуш хиларца доьзна дIаяьхьна берийн суьртийн конкурс мехала хилар. Оцу конкурсехь дакъа мел лаьцначарна баркалла элира цо.
З.ХАСИЕВА
№61, шинара, хьаьттан (август) беттан 8-гIа де, 2017 шо